[1] Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгӀазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цӀе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цӀеро.
[2] Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доӀа а дина, цӀе дӀаяйра.
[3] Цу меттигах ТабӀера элира (иза «цӀе латар» бохучух тера ду), хӀунда аьлча Везачу Элан цӀе летира халкъана юкъахь цигахь.
[4] Исраилхошца болу тӀебаьхкина нах шайн лаамаш гучубаха хӀиттира. Цаьрца цхьаьна исраилхой а, резабоцуш, къамелаш дан буьйлабелира: «Тхуна жижиг хьан лур ду?
[5] Мисар-махкахь маьхза тхаьш биина чӀара дагабогӀу тхуна, цигахь наьрсаш а, пастанаш а, сийна хох а, саьрамсекх а боура оха.
[6] ХӀинца тхо холчохь ду, „ман“ цӀе йолчу цхьана кхачанан буьртигаш доцурш, оха юуш хӀума яц».
[7] (Ораматан хӀу санна а йолуш, тӀехьаьжна сегӀазах тера яра и «ман».
[8] Наха, арахула дӀабоьлхий, гулйора иза, кохьарца ахьа а охьура (я махка чохь ата а отура), кхехка а йора, хьокхамаш а дора цунах. Зайтдаьтта тоьхначу хьокхамах тера бара цуьнан чам.
[9] Меттамотт болчохь тхи диллинчу буса юьллура лаьтта тӀе «ман».)
[10] Мусана хезара нах четаршна хьалха шайн доьзалшкахь боьлхуш. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазваханера, и бахьана долуш дог доьхна Муса а вара.
[11] ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Хьайн лай хӀунда хьийзаво те Ахьа? Хьо суна реза хӀунда вац те? ХӀокху халкъан берриг а бала суна тӀе хӀунда билли Ахьа?
[12] Ас кийрахь лелийна хӀара халкъ, я ас дуьнен чу даьккхина иза, Ахь соьга ала: „Нанас лело бер санна, дӀахьо и халкъ Ас цуьнан дайшна лур ду аьллачу лаьтта тӀе“?
[13] Ас мичара лур ду дерриг а кху халкъана жижиг? Суна хьалха белха а боьлхуш, шайна жижиг ло ма боху цу наха.
[14] Соьга цхьаьнга дӀа ца кхехьало хӀара халкъ, дукха беза мохь бу иза суна.
[15] ХӀара гӀуллакх Ахь суна тӀедуьллуш хилча, вей, дӀаваккха со, Хьо суна реза велахь. ТӀаккха бала хьега дезар дац сан».
[16] Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара, хьайна бевзаш а болуш, халкъана тӀехь куьйгалла деш болчу баккхийчу нахах кхузткъе итт стаг, къаста а вай, Делан четарна тӀе схьавалаве. Хьайца цигахь дӀахӀиттабе уьш.
[17] Чу а воьссина, цигахь Ас хьоьца къамел дийр ду, хьоьца долчу Дезачу Синах, схьаэцна, цхьа дакъа тхьамданашна а кхочуьйтур ду Ас, халкъан баланаш хьоьца цхьаьна цаьрга а дӀакхехьийта.
[18] Халкъе дӀаала: „Шаьш Суна лерина хилийта цӀена хила, хӀунда аьлча кханалерчу дийнахь аша жижиг дуур ду. Везачу Элана хезна шу доьлхуш: ‘Тхуна жижиг хьан лур ду? Мисарахь тхо дика Ӏаш дара’, – бохуш, цундела Цо лур ду шуна даа жижиг.
[19] Аш иза цхьана дийнахь а, шина дийнахь а, кхаа а, итт а, ткъа дийнахь а диъна Ӏийр дац,
[20] амма цхьана баттахь дуур ду, иза сов а даьлла, мерӀуьргашкахула схьадоладаллалц. Иза шуна хир ду шайна юкъахь волу Веза Эла аша ца ларарна а, шу Цунна: ‘Тхо Мисарара ара хӀунда даьхна?’ – бохуш, делхарна а“».
[21] Мусас элира: «Ялх бӀе эзар гӀашло ву цу халкъана юкъахь, ткъа Ахь боху: „Ас царна жижиг лур ду цхьана баттахь даъал!“
[22] Дерриг а уьстагӀий а, стерчий а дайича, тоьур дарий те уьш халкъана? Я хӀорда чуьра берриг а чӀара схьабаьккхича, цунах нахана кхачо хир ярий те?»
[23] Везачу Эло Мусага элира: «Везачу Элан ницкъ ца кхочуш хӀун ду? Хьуна гур ду, Аса хьоьга аьлларг кхочушхуьлу я ца хуьлу».
[24] Мусас, ара а ваьлла, халкъе дӀахаийтира Везачу Элан къамел. Нахана юкъара кхузткъе итт тхьамда а гулвина, уьш Делан четарна хьалха дӀахӀиттийра цо.
[25] Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тӀе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хӀиттира нахана, амма юха а севцира.
[26] Цу тхьамданашна юкъахь хаьржина Элдад а, Майдад а цӀераш йолу ши стаг вара. Амма четарна хьалха ца вогӀуш, меттамотт болчохь сецнера и шиъ. Царна тӀе а доьссинера Деза Са. ТӀаккха и шиъ Делера болу хаам бан волавелира нахана юкъахь.
[27] Схьахьаьдда веанчу жимачу стага Мусага элира: «Элдад а, Майдад а меттамотт болчохь Делера болу хаам беш ву».
[28] И хезча, Мусас хаьржина а волуш, цунна гӀо деш волчу Нунин кӀанта ЮшаӀа элира: «Сан эла Муса, дехкахьа царна иза!»
[29] Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дӀадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тӀе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш».
[30] Исраилхойн тхьамданаш а эцна, меттаматте дӀавахара Муса.
[31] Везачу Эло хьакхийтинчу мохо хӀорд болчу агӀорхьара лекъарчий деара. Лаьтта тӀехула локхаллина шина даларан барамехь догӀу уьш исраилхойн меттамотт болчу а, цхьана дийнахь некъ бал цунна гонах йолчу аренга а охьахевшира.
[32] Арабевллачу наха цу дийнахь а, буса а, шолгӀачу дийнахь а гулдира лекъарчий. Уггар кӀезиг гулдинчо а кхузткъа тускар гулдира. Шайн меттамотт болчу гонах йолчу аренгахь охьадехкира наха уьш.
[33] Нехан багахь долу лекъарчийн жижиг диъна а далале, Везачу Элан оьгӀазалла йоьссира халкъана тӀе. Цо хала ун кхетийтира нахана.
[34] Цу меттиган цӀе Кхиброт-ХӀатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хӀунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь.
[35] Кхиброт-ХӀатаъвуера Хьацерут олучу метте дӀабахара исраилхой. Цигахь севцира уьш.