Skip to content
Opens in a new window

[1] БалиӀамна гора, Исраилан халкъ декъалдар Везачу Элана тамехь хилар, цундела цо, ша хьалха шозза деш ма-хиллара, пал а ца тосуш, шен юьхь яьссачу аренгахьа ерзийра.

[2] Яьссачу аренга дӀахьаьжча, БалиӀамна дерриг а Исраилан халкъ гира, шен тайпанашца, меттамотт а хӀоттийна, лаьтташ. Делан Са доьссира БалиӀамна тӀе.

[3] БалиӀама хӀара дешнаш элира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.

[4] Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а вужий, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.

[5] Якъубан халкъ! Мел хаза ду-кх хьан четарш! Исраилан халкъ! Ма хаза ю-кх хьан хӀусамаш!

[6] ТогӀеш санна, дӀасаяьржина уьш, хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш! Везачу Эло дӀадоьгӀна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш! Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш!

[7] Церан чийлакаш чуьра хи лаьтта тӀехъоьхур ду, церан хӀух схьабевллачарна алссам хи хир ду. АгӀаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь. Сийлахь а хилла дӀахӀуттур ю церан паччахьалла!

[8] Дала Мисар-махкара арадаьккхина и халкъ. БугӀанан маӀашкахь болу ницкъ бу цуьнгахь. Шена дуьхьалдевлла халкъаш цоьсту цо, мостагӀчун даьӀахкаш а оту цо, шен пхерчий а кхуьссу цунна тӀе.

[9] Дижина Ӏуьллучу лоьмах тера ду и халкъ. Хьан доккхур дара иза меттах? Хьо декъалвийриг декъала ву, ткъа хьуна неӀалт кхайкхош волчунна неӀалт кхайкхор ду!»

[10] ТӀаккха Балакх чӀогӀа дарвелира БалиӀамна. Шен куьйгаш вовшах а тухуш, цо БалиӀаме элира: «Аса сайн мостагӀашна неӀалт хьажо схьавалийнера хьо, ткъа ахьа хӀинца кхозлагӀа а уьш декъалбеш бу.

[11] Хьайн цӀа дӀагӀо! Со, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀаташ дала воллура, амма Везачу Эло ваьккхи хьо цу совгӀатех».

[12] БалиӀама Балакхе элира: «Аса ца аьллера ткъа ахьа суна тӀебахкийтинчу геланчашка:

[13] Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дӀаэр дац аса!»

[14] «ХӀинца со сайн халкъана тӀе юхавоьрзу, амма хьуна дӀахаийта лаьа суна. Аса дуьйцур ду хьоьга Исраилан халкъо хьох а, хьан халкъах а ден долчух лаьцна».

[15] БалиӀама хӀара дешнаш дӀаэлира: «БеӀаран кӀанта БалиӀама бина Делера хаам а, Сирла бӀаьргаш болуш волчун хаам а бу хӀара.

[16] Делан дешнаш хезаш волчун хаам бу хӀара, Веза Воккха Дела шена вевзаш волчу. Нуьцкъалчу Дала сайна хьалха хӀоттийна сурт, лаьтта а воьжна, дӀабиллинчу бӀаьргашца го суна.

[17] Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.

[18] Цо Эдом-мохк а дӀалоцур бу, шен мостагӀа долу СеӀиран халкъ а дӀалоцур ду. Ткъа Исраилан халкъан ницкъ совбер бу.

[19] Якъубан тӀаьхьенах схьавер ву цхьа урхалхо, ткъа гӀалара шаьш кӀелхьарбевлларш хӀаллакбийр бу цо».

[20] Цу хенахь БалиӀамна Ӏамалекхахой гира. Цо иштта дешнаш элира: «Массо а къаьмнашна юкъахь Ӏамалекхахойн къам хьалхарниг ду, амма эххар а иза дакъазадер ду!»

[21] Цул тӀаьхьа кхенахой гира БалиӀамна, цо иштта дешнаш элира: «Шу Ӏаш долу меттиг онда дӀахӀоттийна. Шун бен тархан лакхенгахь бина бу.

[22] Делахь а шу, кхенахой, дӀадохур ду, Ашура шу йийсаре дуьгучу дийнахь!»

[23] Цул тӀаьхьа БалиӀама иштта дешнаш элира: «ЭхӀ, Дала и дерриге а дича, мила вахалур ву те?

[24] Хитам-гӀайре йолчуьра хӀордкеманаш догӀур ду. Цара толам боккхур бу Ашуран а, Ӏебаран а халкъашна тӀехь, амма уьш шаьш а хӀаллакьхир бу!»

[25] БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен цӀа дӀавахара, ткъа Балакх, шен новкъа а ваьлла, дӀавахара.

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters