[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «Исраилан халкъе дӀа а алий, церан тайпанашка хьаьжжина, шийтта Ӏаса схьаэца, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса. Церан хӀораннан цӀе шен Ӏасанна тӀе дӀаязъе.
[3] АхӀаронан цӀе Левин тайпанан Ӏасан тӀе дӀаязъе. ХӀора тайпанан куьйгалхочо шайн тайпанах цхьацца Ӏаса схьаян еза.
[4] И Ӏасанаш гуламан четар чуьра тоьшаллин тӀорказна хьалха охьаяхка, Со шуна юкъахь хуьлучу метте.
[5] Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Ӏасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш».
[6] Мусас Исраилан халкъе дӀахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Ӏаса схьаеара, хӀора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Ӏаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхӀаронан Ӏаса а яра.
[7] Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Ӏасанаш.
[8] ШолгӀачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхӀаронан Ӏасано, заза а даьккхина, чӀенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тӀе зезагаш а даьлла, миндал олу, бӀаран тайпа болу, стом беллера цо.
[9] Ерриге а Ӏасанаш, Везачу Элана хьалха йолчу меттера ара а яьхна, Исраилан халкъе дӀагайтира Мусас. Массо а адам оцу Ӏасанашка хьаьжира, ткъа хӀора куьйгалхочо шен Ӏаса дӀаийцира.
[10] Везачу Эло Мусага элира: «АхӀаронан Ӏаса, чу а хьой, юха а тоьшаллин тӀорказна хьалха охьайилла. Иза хамталлаш еш болчарна билгалонна хир ю, церан Суна резацахилар сацорхьама а, уьш ца балийтархьама а».
[11] Везачу Эло шена тӀедиллина ма-хиллара, Мусас иза кхочушдира.
[12] Исраилан халкъо Мусага элира: «Тхуна хаьа, тхаьш лийр дуйла! Тхо хӀаллакьхилла! Тхуна хаьа, тхо хӀаллакдийр дуйла!
[13] Везачу Элан четарна тӀе мел ваханарг леш ву! Тхо дерриш а дала дезар ду те?»