Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цӀе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дӀа а йоьллира.

[2] Цигахь хи дацара, цундела нах, Мусана а, АхӀаронна а гонах гул а белла,

[3] Мусана резабоцуш хамталлаш ян буьйлабелира: «Везачу Элана хьалха тхо а деллехьара, белла тхайн вежарий санна!

[4] Везачу Элан халкъ кху яьссачу ара хӀунда далийна аша? Тхо а, тхан даьхни а дала деза кхузахь?

[5] ХӀунда даьхна аша тхо Мисарара ара? Кху вочу метте стенна далийна аша тхо? Кхузахь ден ялта а дац, я инжир а, кемсаш а, нараш а яц, ур-атталла мала хи а дац!»

[6] Халкъ долчуьра дӀа а вахана, Делан четарна хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а. Везачу Элан олаллин нур хӀоьттира царна хьалха.

[7] Везачу Эло Мусага элира:

[8] «Хьайн Ӏаса схьа а эций, ахьа а, АхӀарона а халкъ схьагулде. Аша нахана хьалха тӀулган тархе деха, тӀаккха цо шена чуьра хи лур ду. Иштта ахь, царна хи а даьккхина, иза нахана а, даьхнина а малор ду».

[9] Веза Эла волчуьра, тӀорказна уллора, Ӏаса схьаийцира Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара.

[10] Мусас а, АхӀарона а тархана хьалха халкъ гулдира. Мусас элира нахе: «ЛадогӀа, карзахдаьлла халкъ! ХӀокху тархах даккхий ас шуна хи?»

[11] Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Ӏаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза.

[12] Амма Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тӀе аш халкъ дуьгур дац».

[13] Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна.

[14] Кхадешера Эдоман паччахьна тӀе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш.

[15] Тхан дай Мисар-махка дӀабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой.

[16] Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХӀинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо.

[17] Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тӀехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тӀехула а девр дац, хьан гӀунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агӀор а ца таьӀаш, дӀагӀур дара тхо“».

[18] Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугӀортахь, оха тӀом бийр бу шуьца».

[19] Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гӀур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГӀаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гӀуллакх а дацара кхузахь».

[20] Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш.

[21] Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дӀабахара исраилхой.

[22] Кхадешера дӀа а бахана, ХӀор цӀе йолчу лам тӀе баьхкира уьш.

[23] ХӀор-лам болчохь, Эдоман дозанна уллохь, Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:

[24] «Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхӀарон, кхелхина, шен дайх дӀакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тӀе иза кхочур вац.

[25] Муса, хьайн ваша АхӀарон а, цуьнан кӀант ЭлиӀазар а эций, ХӀор-лам тӀе хьалавала.

[26] АхӀаронна тӀера бедарш схьа а яхий, уьш цуьнан кӀантана ЭлиӀазарна тӀеюха. Цигахь АхӀарон кхелхар ву».

[27] Везачу Эло тӀе-ма-диллара, кхочушдира Мусас. Дерриг а халкъана хьалха ХӀор-лам тӀе бевлира уьш.

[28] АхӀаронна тӀера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиӀазарна тӀеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тӀехь, АхӀарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиӀазар а лам тӀера чувоьссира.

[29] Массарна а хиира АхӀарон дӀакхелхинийла. Дерриг а Исраилан халкъо ткъе итт дийнахь белхар латтийра иза бахьана долуш.

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters