Skip to content
Opens in a new window

[1] «ВорхӀалгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь, аша беза гулам дӀахӀоттабе. Цу дийнахь вукху деношкахь санна болу болх ма бе. Локхучу маӀийн деза де хир ду шуна.

[2] Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагӀа иштта даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а. Массо а и дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[3] Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама,

[4] ткъа ворхӀ Ӏахарх хӀоранца дан деза бархӀ кад дама.

[5] Къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза, шайна тӀера къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдайтархьама.

[6] Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, хӀора баттахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен сагӀанел а, хӀора дийнахь дохучу дийнаташ дагоран сагӀанел а, цуьнца цхьаьна дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел а сов доккхуш ду хӀара сагӀа. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хуьлу».

[7] «Оцу ворхӀалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Массо а хӀуманна тӀера марха а кхобуш, цхьа а тайпа болх ма бе цу дийнахь.

[8] Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йогӀу дийнаташ дагоран сагӀа даккха: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ боьрша Ӏахар а бай. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[9] Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: хӀора старгӀица ткъе биъ кад дама, коьмаца ялхитта кад дама,

[10] Иштта оцу хӀора ворхӀ Ӏахарца дан деза бархӀ кад дама.

[11] Къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдечу хенахь шаьш дохучу къинан сагӀанел а, хӀора дийнахь аша дохучу дийнаташ дагоран а, цаьрца дохучу кӀен а, чагӀаран а сагӀанел сов цхьа бож къинах долу сагӀа санна яккха еза аша».

[12] «ВорхӀалгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь аша беза гулам дӀахӀоттабе. Кхечу деношкахь санна болу болх а ца беш, Везачу Элана лерина долу и дезде ворхӀ дийнахь дазде аша.

[13] Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: кхойтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта боьрша Ӏахар а. И дийнаташ шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[14] Цаьрца цхьаьна кӀен сагӀина лерина хӀора дийнатца зайтдаьттанах эдина долу тоьлла кӀен дама а кечде: кхойтта старгӀанах хӀоранца ткъе биъ кад дама, шина коьмах хӀоранца ялхитта кад дама,

[15] бейтта Ӏахарх хӀоранца бархӀ кад дама.

[16] Къинан сагӀина лерина яло еза цхьа бож. Уьш хир ду аша хӀора дийнахь дохучу дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьхна дохуш долу сагӀанаш.

[17] ШолгӀачу дийнахь яло еза шийтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[18] СтаргӀанашца а, койшца а, Ӏахаршца а цхьаьна, церан терахье хьаьжжина, кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха, шайна тӀедиллина ма-хиллара.

[19] Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

[20] КхозлагӀчу дийнахь яло еза цхьайтта старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[21] Цаьрца цхьаьна дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина долу хӀума, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара.

[22] Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

[23] ДоьалгӀачу дийнахь яло еза итт старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш шайна тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[24] Цаьрца а дан деза кӀен сагӀина а, чагӀаран сагӀина а лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, хила деза иза.

[25] Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

[26] ПхоьалгӀачу дийнахь яло еза исс старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[27] Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина дан деза иза.

[28] Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

[29] ЙолхалгӀачу дийнахь яло еза бархӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[30] Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Иза хила деза, Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина.

[31] Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

[32] ВорхӀалгӀачу дийнахь яло еза ворхӀ старгӀа а, ши ка а, шо кхаьчна болу бейтта Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[33] Цаьрца а дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина хила деза иза.

[34] Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

[35] БархӀалгӀачу дийнахь беза гулам дӀахӀоттабе. Вукху деношкахь санна болу болх ма бе цу дийнахь.

[36] Шех хаза хьожа йогӀу Везачу Элана тамехь хуьлу дийнаташ дагоран иштта сагӀа даккха цӀера тӀехь: цхьа старгӀа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхӀ Ӏахар а. Уьш тӀехь сакхт доцуш хила деза.

[37] Цаьрца дан деза кӀен а, чагӀаран а сагӀанашна лерина дахьаш дерг. Везачу Эло тӀедиллина ма-хиллара, сагӀина лерина ялийначу старгӀанийн а, койн а, Ӏахарийн а терахье хьаьжжина, дан деза иза.

[38] Ткъа хӀора дийнахь шаьш дохучу дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а сагӀанел совдаьккхина, къинан сагӀина лерина цхьа бож яло еза аша.

[39] Иштта, шайн динан дезачу деношкахь цу тайпана дийнаташ дагоран а, кӀен а, чагӀаран а, бертан а сагӀанаш даха. Шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама я шайн деган лаамца дохучу сагӀанел совдахий даха и сагӀанаш».

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters