[1] Массара а гӀовгӀанаш ехира, буьйса дӀаяллалц доьлхуш Ӏийра халкъ.
[2] Мусана а, АхӀаронна а реза бацара нах. Цара цу шинга бохура: «Мисар-махкахь я кху яьссачу арахь тхо деллехьара!
[3] Везачу Эло тӀамехь дайа далийна тхо кху махка? Тхан зударий а, бераш а мостагӀашна кхочур ду. Мисара юхадахча гӀолехь дацара вайна?»
[4] Уьш шайна юкъахь барт бан хӀиттира: «Ваьшна тӀехь хьаькам а хӀоттийна, Мисар-махка юхадоьрзур ду вай», – бохуш.
[5] Дерриг а Исраилан халкъана хьалха бертал вуьйжира Муса а, АхӀарон а.
[6] Лаьтте хьовса баханчу нахана юкъарчу Нунин кӀанта ЮшаӀа а, Епунин кӀанта Килаба а шайн бедарш этӀийра.
[7] Цара элира цигахь гулбеллачу берриге а нахе: «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта вуно чӀогӀа хаза ду.
[8] Нагахь Веза Эла вайна реза велахь, Цо и латта вайна схьалур ду. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду иза.
[9] Амма Везачу Элана дуьхьал ма довла. Цу махкахь Ӏачу халкъах а ма кхера, цунах вайна ижу хир ю. Уьш ларбан цхьа а вац, ткъа вайца Веза Эла ву. Ма кхера царах!»
[10] ТӀаккха наха маьхьарий хьаькхира: «ТӀулгаш детта царна!» – аьлла. Амма Везачу Элан олаллин нур доьссира Делан четарна тӀе берриг а исраилхошна хьалха.
[11] Везачу Эло Мусага элира: «ХӀара халкъ мел Ӏийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Ӏийр ду иза?
[12] Лен ун а кхетийтина, хӀаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цӀийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду».
[13] Амма Мусас элира Везачу Эле: «Ахьа шайна юкъара Хьайн ницкъаца хӀара халкъ арадаьккхинчу мисархошна хезар ду иза,
[14] тӀаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бӀогӀамна юккъехь, буьйсанна цӀеран бӀогӀамна юккъехь вогӀу а аьлла.
[15] Нагахь Ахь исраилхой цхьа стаг санна хӀаллакбахь, Хьан сийлаллех лаьцна хезначу халкъаша эр ду:
[16] „Везачу Эло, Ша лур бу аьллачу махка тӀе а ца дигаделла, яьссачу арахь хӀаллакдина и халкъ“, – аьлла.
[17] Ткъа хӀинца сийлахь хуьлда Хьалдолчу Элан ницкъ! Ахь ма аьлла:
[18] „Веза Эла атта оьгӀаз ца воьдуш а, боккха безам болуш а ву, нехан къиношна а, аьрхаллина а геч а до Цо. Амма Цо бехк таӀзар ца деш а ца буьту. Церан дайша далийтина вон бахьана долуш берашна – кхоалгӀачу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц – таӀзар до Везачу Эло“.
[19] Хьайн хедар боцучу безамца гечдехьа кху халкъана, Айхьа Мисарара дуьйна кхуза кхаччалц иза схьадалош геч-ма-дарра».
[20] Везачу Эло жоп делира Мусага: «Ахь дехарна гечдо Ас.
[21] Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чӀагӀо йо ас,
[22] Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгӀначу нахана,
[23] Ас церан дайшна чӀагӀо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дӀа мел тесначарна а гур дац иза.
[24] Сайна дерриге а дагца тешаме а хилла, Сайн ялхо волу Килаб вуьгур ву Ас ша хьаьжначу лаьтта тӀе, цу нехан йоцу, цӀена ойла цуьнан дагахь хиларна. Цуьнан тӀаьхьенан долахь хир ду Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш болу латта.
[25] Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а тогӀи чохь Ӏаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦӀечу хӀорда тӀе, дӀагӀо».
[26] Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
[27] «Деха Ӏийр дуй хӀара оьгӀазе халкъ Суна луьйш? Суна хезна кхеран резацахиларх лаьцна.
[28] ДӀаала цаьрга: „Дийна волчу Сайх Аса чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – аша бохуш долу Сайна хезнарг Аса кхочушдийр ду.
[29] ХӀокху яьссачу арахь оьгур ду шун догӀмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тӀехдевлларш, Суна луьйш хилларш,
[30] Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тӀе шу кхочур дац, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.
[31] Аш мостагӀашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тӀе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тӀехь уьш дехар ду.
[32] Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду.
[33] Шун кӀентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дӀадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана.
[34] Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТӀаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хӀун ду.
[35] Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХӀокху яьссачу арахь берриг а хӀаллакьхир бу уьш“».
[36] Мусас керлачу махках дерг талла бахийтиначара, юха а баьхкина, дерриг а халкъ цунна дуьхьалдаьккхинера, шайна гина мохк емалбеш, цунах вониг дуьйцуш.
[37] И хабарш дийцина нах Везачу Эло, цамгар а кхетийтина, балийтира.
[38] Керлачу махке хьажа баханчу нахах, Нунин кӀант ЮшаӀӀий, Епунин кӀант Килаббий бен, дийна ца висира.
[39] Мусас исраилхошка дийцира иза дерриг а. Халкъ чӀогӀа гӀайгӀане дахана дара.
[40] Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гӀалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чӀогӀа дохко а девлла. ХӀинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дӀагӀур ду тхо».
[41] Амма Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллиначуьнга ла хӀунда ца дугӀу аша? ХӀара аша деш дерг эрна ду.
[42] Ма гӀо цига, шаьш мостагӀашка хӀаллак ма дайта, хӀунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац.
[43] Ӏамалекхахой а, канаӀанхой а бу шуна дуьхьал лаьтташ, цара шу дойур ду, хӀунда аьлча шу Везачу Элах дӀадирзина, Иза шуьца хир вац».
[44] Амма, цуьнга ла а ца доьгӀна, лам тӀе хьалабевлира нах. Муса церан меттамотт болчохь висира, цигахь дитира Везачу Элаца барт баран тӀорказ а.
[45] Цу лаьмнашкахь Ӏаш болчу Ӏамалекхахоша а, канаӀанхоша а, цхьаьна а кхетта, исраилхой, эша а бина, Хьорма цӀе йолчу метте кхаччалц лаьхкина бигира.