[1] Марема а, АхӀарона а Мусана тӀехбеттамаш бора, цуьнан хушахо йолу зуда бахьана долуш, хӀунда аьлча Мусас шена хушахо йолу зуда ялийнера.
[2] Цара вовшашка элира: «Цхьана Мусагахула бен вист ца хуьлура ткъа Веза Эла? Вайгахула а вист ма хуьлура Иза». Везачу Элана иза дӀахезира.
[3] (Ткъа кху лаьттахь мел долчу адамал Мусана ша кӀезиг хетара.)
[4] Везачу Эло цӀеххьана Мусага а, АхӀароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира.
[5] Веза Эла, мархин бӀогӀамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дӀахӀоьттира. Цо АхӀароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тӀебахара.
[6] Везачу Эло элира: «ЛадогӀа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хӀуттур вара, я гӀенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца.
[7] Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тӀехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву.
[8] Аса цуьнца, юьхь-дуьхьал а волуш, ма-дарра къамел до, хӀетал-металш а ца далош. Цунна Везачу Элан васт а го. Шу муха даьхьнера Сан лай волчу Мусана тӀехтохам бан?»
[9] Веза Эла, царна чӀогӀа дар а велла, дӀавахара.
[10] Четарна тӀехула марха хьалаайаелча, Мареман дегӀ ло санна кӀайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхӀарон, юха а вирзина, Мареме дӀахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла!
[11] ТӀаккха АхӀарона Мусага элира: «Сан олахо! КъинтӀера валахьа тхуна, оха, иштта сонта хӀума а дина, къа латорна!
[12] Ма йисийтахьа иза, ахдегӀ телхина а долуш, дуьнен чу долу делла бер санна а йолуш!»
[13] Муса, дехар а деш, Везачу Эле кхайкхира: «Дела! Доьху Хьоьга, оцу цамгарх тоехьа иза!» – бохуш.
[14] Везачу Эло Мусага элира: «Нагахь санна цуьнан дас цунна юьхь-дуьхьал туй тоьхча, ворхӀ дийнахь юьхьӀаьржачу хӀоьттина Ӏан ца дезара цуьнан? ХӀинца ворхӀ денна меттаматтана арахьа яккха иза, цул тӀаьхьа иза юхаерзо мегар ду».
[15] Марема меттаматтана арахьа ворхӀ де даьккхира. Иза юхаяккхалц, халкъ новкъа ца делира