[1] Цул тӀаьхьа Исраилан халкъо, новкъа а даьлла, Муаби-мехкан аренашка а деана, Йордан-хина малхбалехьа, Ерихон-гӀалина дуьххьал, дӀахӀоттийра шайн меттамотт.
[2] Исраилхоша эмархошна тӀехь дийриг дерриге а гинера Ципуран кӀантана Балакхана.
[3] Муабахой холчу хӀиттинера, Исраилан халкъ алссам хиларна. Уьш чӀогӀа кхерабеллера исраилхойх.
[4] Муабахоша маданхойн къаношка элира: «Стерчаша аренгара дӀайоу буц санна, вайна гонах мел долу хӀума дӀадоу оцу халкъо». Цу хенахь муабахойн паччахь вара Ципуран кӀант Балакх.
[5] Балакха БеӀаран кӀантана БалиӀамна тӀе шен геланчаш бахийтира, иза шена тӀе схьакхайкха аьлла. БалиӀам Ӏамавхойн махкахь Эпрат-хин йистерачу Патур-гӀалахь Ӏаш вара. Балакха иштта дӀаала аьллера: «Мисар-махкара арадаьллачу цхьана халкъо, ша дукха хиларна, хӀара латта дуьзна. Цо суна юххехь шен меттамотт дӀахӀоттийна.
[6] Со волчу схьа а волий, оцу халкъана неӀалт кхайкхадехьа, хӀунда аьлча иза сол ницкъ болуш ду. ТӀаккха сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо. Суна хаьа, хьо боккха ницкъ болуш вуйла. Нагахь ахь цхьаъ декъалвича, иза декъалвина хуьлу, ткъа ахьа неӀалт кхайкхийча, цунна тӀехь неӀалт лаьтта».
[7] Муабахойн а, маданхойн а къаной БалиӀамна тӀебахара, пал тасарна богӀу мах а хьош. Балакха шайга дӀаала аьлларг дӀаэлира цара БалиӀаме.
[8] БалиӀама цаьрга элира: «Шу буьйса йоккхуш диса кхузахь, ткъа аса, Везачу Эле хаттар а дина, Цо сайна делла жоп шуьга дӀадуьйцур ду». Иштта, муабахойн баьччанаш цуьнца бисира.
[9] Дала БалиӀаме хаьттира: «Хьо волчу баьхкинарш хӀун нах бу?» – аьлла.
[10] БалиӀама Деле жоп делира: «Муабахойн паччахь волчу Ципуран кӀанта Балакха хаттар деш бахкийтина уьш суна тӀе. Цара боху:
[11] „Мисар-махкара деана цхьа халкъ ду, ша алссам хиларна, дерриг а латта дуьзна цо. Ахьа, схьа а веана, цу халкъана неӀалт кхайкхадахьара, сан таро хила тарлора, цунна тӀехь толам а баьккхина, кху махкара иза дӀаэккхо“».
[12] Дала БалиӀаме элира: «Хьо цаьрца ма гӀолахь, цу халкъана неӀалт а ма кхайкхаделахь, хӀунда аьлча и халкъ декъалдина ду».
[13] Ӏуьйранна, хьала а гӀаьттина, Балакхан баьччанашка БалиӀама элира: «Шу шайн махка юхадерза, Везачу Эло ца могуьйту суна шуьца дӀаван».
[14] Муабахойн баьччанаша, Балакхана тӀе юха а баьхкина, цуьнга элира: «БалиӀам реза ца хилира тхоьца схьаван».
[15] ТӀаккха ша дуьххьара бахийтинчарал сов а болуш, царал а цӀеяхана болу кхин баьччанаш бахийтира Балакха.
[16] Цара, БалиӀам волчу а баьхкина, цуьнга элира: «Ципуран кӀанта Балакха хьоьга иштта ала боху: „Сох ца къаьхкаш, схьаволахьа со волчу.
[17] Аса, хьоьга болчу ларамна, хьуна совгӀат дийр дара, ахьа сайга аьлларг хӀуъа а кхочушдийр дара. Схьа а волий, цу халкъана неӀалт кхайкхадехьа“».
[18] БалиӀама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цӀа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тӀера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хӀума дан йиш яц сан.
[19] Шайна лаахь, аша а кхузахь буьйса яккха, шайл хьалха баьхкинчара санна, ткъа аса ладугӀур ду Везачу Эло сайга кхин хӀун олу».
[20] Цу буьйсанна Дала, БалиӀамна дуьхьал а веана, цуьнга элира: «И нах хьо дӀакхойкхуш баьхкина хиларна, цаьрца дӀаваха кечло, амма Аса хьайга де бохург бен ахьа ма делахь».
[21] Ӏуьйранна БалиӀам, хьала а гӀаьттина, шен виркхела а йоьжна, оцу муабахойн баьччанашца ваха новкъа велира.
[22] БалиӀам, шен ши ялхо шеца а волуш, шен виркхела тӀехь новкъа воллушехь, Дела оьгӀазвахара цунна, ткъа некъа тӀехь Везачу Элан Малик схьахӀоьттира, цунна дуьхьало ярхьама.
[23] БалиӀаман виркхелана гира, баттара тур а даьккхина, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик. Иза, некъа тӀера дӀа а яьлла, аренга дӀайирзира. Ткъа БалиӀам виркхелана етта волавелира, иза некъа тӀе яккха гӀерташ.
[24] Цхьа хан яьлча, шинна а агӀор пенаш а долуш, кемсийн шина бешана юккъехь, некъ готта болчу меттехь Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира.
[25] Виркхелана юха а гира Везачу Элан Малик. Виркхело, пенна улло а таьӀна, БалиӀаман ког Ӏаьвдира. БалиӀама виркхелана юха а йиттира.
[26] Кхин а цхьа хан яьлча, некъ готта болчу кхечу меттехь юха а Везачу Элан Малик дӀахӀоьттира. Виркхелана меттиг яцара Маликана уллохула я аьтту, я аьрру агӀор дехьаяла.
[27] Цу хенахь, Везачу Элан Малик а гина, шена тӀехиъна БалиӀам а волуш, виркхела лаьтта охьайижира. БалиӀам, дар а велла, виркхелана шен Ӏаса етта волавелира.
[28] Оцу меттехь Везачу Эло виркхела йистхилийтира. Виркхело БалиӀаме элира: «Аса хӀун дина хьуна? Кхузза хӀунда йитти ахьа суна?»
[29] БалиӀама виркхеле жоп делира: «Хьо сох кхаьрдина-кх! Нагахь санна сан карахь тур делахьара, аса хӀинццехь юьйр яра хьо!»
[30] Ткъа виркхело БалиӀаме элира: «Дуккха а хенахь дуьйна тахханалц хьо сайна тӀехь лелош йолу хьан виркхела яц ткъа со? ХӀинццалц цкъа а Ӏедал дарий ткъа сан и саннарг хьуна деш?» БалиӀама жоп делира: «Дацара», – аьлла.
[31] Юха Везачу Эло БалиӀаман бӀаьргаш дӀабиллира. Баттара даьккхина тур а долуш, некъа тӀехь лаьтташ долу Везачу Элан Малик гира БалиӀамна. Иза цунна хьалха лаьтта бертал охьавуьйжира.
[32] Везачу Элан Малико БалиӀаме хаьттира: «ХӀунда йиттира ахьа кхузза хьайн виркхелана? Хьуна дуьхьало ярхьама аравелира со, хӀунда аьлча ахьа схьалаьцна некъ дегаза бу Суна, иза бохамна тӀебоьдуш хиларна.
[33] Ткъа хьан виркхела, шена со гича, некъа тӀера дӀайолура. Иштта кхузза хилира иза. Нагахь виркхела, Сох къаьхкина, юха ца яьллехьара, Аса хьо вийна хир вара, ткъа иза дийна юьтур яра».
[34] БалиӀама Везачу Элан Малике элира: «Аса къа латийна, хӀунда аьлча суна ца хаьара, хьо некъа тӀехь лаьтташ дуйла, суна дуьхьало ярхьама. Нагахь ас дийриг хьуна гергахь нийса дацахь, со юхавоьрзур ву».
[35] ТӀаккха Везачу Эло БалиӀаме элира: «ХӀан-хӀа, хьо ваха мегар ду цу нахаца, амма варелахь, аса хьайна магийна дешнаш бен ма алалахь». ТӀаккха Балакхан геланчашца дӀавахара БалиӀам.
[36] Шена БалиӀам вогӀу аьлла хезча, Балакх цунна дуьхьал вахара. Иза вахара шен мехкан дозанна йистехь долчу Арнон-хин уллохь лаьттачу муабахойн Ӏар-гӀали чу.
[37] Шена БалиӀам гича, Балакха цуьнга элира: «Аса хьуна тӀе, хьоьга схьавола аьлла, нах ца бахкийтира? Дуьххьара хӀунда ца веара хьо со волчу? Хьоьга болчу ларамна хьуна совгӀат далалур дацара ткъа соьга?»
[38] «Со хӀинца кхузахь ву-кх, – элира БалиӀама. – Со схьа-м веана, амма тамаш бу-кх, соьга ахьа бохург далур делахь. ХӀунда аьлча сан бакъо яц сайга, Дала ала магийтинарг, бен дӀаала».
[39] Балакхца вахана, Кхиръят-Хьуцот олучу метте веара БалиӀам.
[40] Балакха сагӀина лерина масех сту а, уьстагӀ а бийра. Церан жижигах дакъа БалиӀамна а, цуьнца болчу баьччанашна а делира Балакха.
[41] ШолгӀачу дийнахь Ӏуьйранна Балакх, шеца БалиӀам а вуьгуш, Бамот-БаӀал олучу гу тӀе вахара. Цу меттера дӀахьаьжча, Исраилан халкъан цхьадолу дакъа гора царна.