Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «Исраилхошна тӀедилла чкъураца дӀа ца йоьрзу цамгар ерш а, дегӀах тӀуналла схьаяьлларш а, веллачух хьакхабаларна Далла гергахь бехбелларш а берриге а шайна юкъара дӀалахкар.

[3] Иштта цӀена боцурш – божарий я зударий уьш белахь а – меттаматтана юьстах арабаха, Со шуна юкъахь Ӏаш волу шайн меттамотт цаьрга бех ца байтархьама».

[4] Исраилан халкъо иштта дан а дира. Цу тайпана долу адамаш шайн меттаматтана юьстах арадехира исраилхоша, Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара.

[5] Везачу Эло Мусага элира:

[6] «Иштта дӀаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу

[7] Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богӀуш болу берриге а мах дӀабала а беза, цул сов пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш.

[8] Нагахь санна шена мах бала беза стаг веллехь, ткъа цуьнан цхьа а юххера гергара стаг а вацахь, и мах Везачу Элан долахь хуьлу. Иза динан дега дӀакховдо беза. Цул сов, зулам даьллачу стеган къинош дӀадаха лерина болу ка а бала беза цо.

[9] Нагахь исраилхойх цхьаммо Далла дӀакъастийначух хӀума яхьахь, и сагӀа схьаоьцуш волчу динан ден бакъо ю иза шена йита. Иза цунна йогӀуш ю.

[10] Иштта, Далла дӀакъастийнарг динан дена йогӀу. Цхьаммо совгӀатна хӀума яхьахь, иза а динан дена догӀу“».

[11] Везачу Эло Мусага элира:

[12] «Исраилхошка, дӀахьедар а деш, иштта дӀаала: „Нагахь зуда, майрачунна ямартло а йина,

[13] иза шен майрачух лачкъа а дина, кхечу стагаца лелаш хилар цхьаммо гучудаккхахь (нахаца лелаш йоллучохь иза схьа ца лецира, хӀунда аьлча оцунна теш ца хилла),

[14] цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло, цу зудчо ямартло ярна. Иштта, иза цхьана а стагаца ца леллехь а, цуьнан майра эмгараллин сино карзахваккха тарло.

[15] Цу стага, шен зуда динан дена тӀе а ялийна, цунна тӀера бархӀ кад мекхан дама дан деза. Амма оцу демах я зайтдаьтта, я хаза хьожа йогӀу хӀума тоха ца еза. ХӀунда аьлча иза стага шен эмгараллина тӀера Везачу Элана лерина дахьаш долу кӀен сагӀа ду. Иза зулам дагалоцуш дахьаш долу сагӀа ду.

[16] Ткъа динан дас и зуда, схьа а ялийна, Везачу Элана хьалха дӀахӀотто еза.

[17] ТӀаккха оцу динан дас деза хи, схьа а эцна, кхийра кхаби чу дотта деза. Цул тӀаьхьа, Делан четар чуьра цӀенкъара латта а даьккхина, иза цу кхаби чу таса деза.

[18] И хӀума динчул тӀаьхьа, динан дас и зуда Везачу Элана хьалха дӀахӀоттор ю. ТӀаккха цу зудчун месаш дӀа а хецна, дагалацаран сагӀа – эмгараллина тӀера деана кӀен сагӀа – зудчун кара дӀалур ду динан дас. Ткъа динан ден карахь хир ду неӀалт тӀедоуьйту къаьхьа хи.

[19] ТӀаккха динан дас, цу зудчуьнга харцдерг дийца мегар дац аьлла, чӀагӀо а йойтуш, эр ду: ‘Нагахь ахьа хьо марехь йолчу хенахь, кхечу стагаца а лелла, хьайн майрачунна ямартло ца йинехь, хӀокху неӀалт тӀедоуьйтучу хино хьуна цхьа а тайпана зе дийр дац.

[20] Амма хьайн майрачунна ямарта а хилла, хьайн майра иза воццушехь, кхечу стагаца хьо леллехь, –

[21] оцу меттехь динан дас оцу зудчуьнга неӀалт кхайкхоран чӀагӀо йойтур ю, – Везачу Эло хьан халкъе хьуна неӀалт кхайкхадойтуьйла. Цо хьан гӀогӀаш а толхуьйтийла, хьан кийра а боьстуьйтийла.

[22] НеӀалт тӀедоуьйту хӀара хи хьан дегӀа чу долийла, хьан кийра а боьстуьйтуш, хьан гӀогӀаш а толхуьйтуш’. ТӀаккха цу зудчо: ‘Амин, иза иштта хуьлийла’, – ала деза.

[23] НеӀалт хьажош долу и дешнаш динан дас кехат тӀе дӀаяздан деза, оцу хина тӀера дешнаш, кехат даша а дина, къаьхьачу хи чохь диса деза.

[24] И хи цу зудчуьнга дӀамалийта деза. НеӀалт тӀедоуьйтучу цу къаьхьачу хино, цуьнан кийра а дахана, цуьнга Ӏазап хьегийта тарло.

[25] Динан дас, эмгаралла хилар бахьанехь деана кӀен сагӀа зудчун карара схьа а эцна, Везачу Элана лерина хьала а айина, сагӀа доккхучу кхерчана тӀехьур ду.

[26] Динан дас, сагӀина деанчу кӀен цхьа кана, дагалацаран сагӀа санна, схьа а эцна, кхерчана тӀе а диллина, дагор ду. Цул тӀаьхьа и хи зудчуьнга дӀамолуьйтур ду цо.

[27] Нагахь зуда, ша бех а еш, шен майрачунна ямарта хиллехь, и хи мелча, неӀалт тӀедоуьйтучу цу хино, чу а дахана, цуьнга доккха Ӏазап хьоьгуьйтур ду. Цуьнан кийра а бестар бу, цуьнан гӀогӀаш а телхар ду. Цуьнан халкъ, цунна неӀалт а кхайкхош, цунах дӀадоьрзур ду.

[28] Нагахь и зуда шен майрачунна хьалхахь бехке ца хиллехь, динан дас иза бехке йоцийла а хоуьйтур ду, цуьнан бераш а хир ду.

[29] Иштта ю эмгаралла юкъаяьлча хила еза бакъо, нагахь зудчо, шен майрачунна ямартло а йина, къа латадахь,

[30] я нагахь майрачун шен зудчух тешам байнехь, цо ямартло йина аьлла. Динан дас, и зуда Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоттийна, оцу бакъоно ма-бохху, дерриге а кхочушдан деза.

[31] Майра цхьана а тайпана бехке хир вац, ткъа зуда, цо къа латийнехь, жоьпе озор ю“».

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters