Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло шена тӀедиллинарг дерриге а дӀадийцира Мусас Исраилан халкъе.

[2] Исраилхойн тайпанийн куьйгалхошка Мусас элира: «Везачу Эло вайна хӀара тӀедуьллу:

[3] Нагахь цхьаммо Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь, цо шен дош дохо ца деза. Ша дийр ду аьлла, тӀе мел лаьцнарг кхочушдан деза цо.

[4] Нагахь шен ден цӀахь Ӏаш йолчу йоӀстага Везачу Элана нигат дахь, я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь,

[5] ткъа цу йоӀан дена, цо дина нигат я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан цо дехкар дӀахезча, дуьхьало а ца еш иза ӀадӀийча, йоӀа мел дина нигат а, цо, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина хӀума а кхочушдан деза.

[6] Ткъа нагахь цу йоӀан дена, и хӀума дӀа а хезна, цо дуьхьало яхь, цо мел дина нигат а, я цу йоӀа, шен сих дуй а бууш, кхочушдан ша дихкина мел долу хӀума а кхочушдан дезаш дац. Везачу Эло цунна гечдийр ду, цу йоӀан дас цунна дуьхьало йина дела.

[7] Нагахь и йоӀ маре яханехь, ша дина нигат я, шен сих дуй а бууш, дукха сихъелла ша делла дош шена тӀехь доллушехь,

[8] ткъа цуьнан майрачо, шена и дӀахезча, цхьа а тайпа дуьхьало ца яхь, цу йоӀа дина нигаташ а, я, шен сих дуй а бууш, цо ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушъян езаш ю.

[9] Ткъа нагахь маре яханчу цу йоӀан майрачо, шена дӀахезча, дуьхьало яхь, йоӀана тӀехь долу нигат а, дукха сихъелла шен сих цо делла дош а майрачо дохор ду, Везачу Эло цу йоӀана геч а дийр ду.

[10] Йисина я дӀакъаьстина Ӏаш йолчу зудчо дина нигат – шен сих цо ша йихкина муьлхха а чӀагӀо – кхочушъян езаш ю.

[11] Нагахь зудчо шен майрачун цӀентӀехь нигат динехь я, шен сих дуй а бууш, цхьа хӀума дан ша дехкахь,

[12] ткъа майрачунна иза дӀахезча, цо, вист а ца хуьлуш, дуьхьало а ца еш, иза дитинехь, цу зудчо дина нигаташ а, цо, шен сих дуй а бууш, ша йоьхкуш йина чӀагӀонаш а кхочушхир ю.

[13] Амма нагахь санна зудчун майрачо шена и дӀахезча, уьш дохадахь, зудчун багах мел даьлла нигат а, цо шена доьхкуш йина чӀагӀо а кхочушъян езаш яц. Цуьнан майрачо и хӀума дохийна дела, Везачу Эло цу зудчунна гечдийр ду.

[14] Цу зудчо дина муьлхха нигат а, дуй а бууш, цхьа хӀума ца дан цо йина муьлхха чӀагӀо а тӀеэца а, тӀе ца эца а бакъо ю цуьнан майрачун.

[15] Ткъа нагахь майрачо хенан йохаллехь, дуьхьало а ца еш иза дитинехь, цо шен зудчо мел дина нигат а, цо шена доьхкуш мел йина чӀагӀонаш а тӀечӀагӀйо, шена дӀахезча, цунах лаьцна хӀумма а ца олуш, ша иза Ӏадйитина дела.

[16] Ткъа нагахь шена и дӀахезча, тӀаьхьо, цхьа хан яьлча, стага и чӀагӀонаш йохаяхь, цо ша жоьпе озор ву».

[17] Иштта ду майрачунна а, зудчунна а юкъахь йолчу а, дена а, ден цӀахь Ӏаш йолчу цуьнан йоӀана а юкъахь йолчу а юкъаметтигех лаьцна Везачу Эло Мусагахула тӀедехкина долу парзаш.

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters