[1] Ун кхеттачул тӀаьхьа Мусага а, динан ден АхӀаронан кӀант волчу ЭлиӀазаре а Везачу Эло элира:
[2] «Дерриг а Исраилан халкъан, иза дагар а деш, хьесап де, церан доьзалшка хьаьжжина. Исраилхойн эскарехь гӀуллакх дан мегаш волчу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хӀора боьршачу стеган цӀе дӀаязъе».
[3] Шаьш Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххерчу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а халкъе элира:
[4] «Везачу Эло Мусана тӀедиллина ма-хиллара, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу хӀора боьрша стаг дӀаязве». Мисар-махкара арабевлла исраилхой хӀорш бара:
[5] Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тӀаьхье иштта яра: Хьанахах бевллера хьанахахой, Палух – палухахой,
[6] Хьацраних – хьацранихой, Кармах – кармахой.
[7] Иштта дара Раабанан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхо эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг вара (43730).
[8] Палун кӀант вара Элиаб.
[9] Элиабан кхо кӀант вара: Намуал, Датан, Абирам. Халкъо схьахаьржина болу уьш, Мусана а, АхӀаронна а дуьхьал а бевлла, Кхорахьна тӀаьхьахӀиттинчарна юкъабогӀура, цара Везачу Элана дуьхьало ечу хенахь.
[10] Цу хенахь, латта декъа а делла, уьш а, Кхорахь а лаьтто дӀакхаьллира. Цаьрца цхьаьна Кхорахьна тӀаьхьахӀоьттина халкъ а делира, и ши бӀе шовзткъе итт стаг цӀеро вагийча. Исраилан халкъана дӀахьедаран билгало хилира царах.
[11] Ткъа Кхорахьан тӀаьхье дийна йисира.
[12] ШимӀин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Намуалах бевллера намуалхой, Яминах – яминхой, Якинах – якинхой.
[13] Зерахьах бевллера зерахьахой, Шаулах – шаулхой.
[14] Иштта дара ШимӀин гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе ши эзар ши бӀе стаг вара (22200).
[15] Гадин тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Цепонах бевллера цепонхой, Хьагих бевллера хьагихой, Шуних – шунихой,
[16] Озних – ознихой, Ӏерах – Ӏерихой,
[17] Ародих – ародихой, Ариэлих – ариэлахой.
[18] Иштта дара Гадин гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (40500).
[19] Ӏаьр а, Онан а ЯхӀудан кӀентех шиъ вара. Ткъа уьш КанаӀан-махкахь дӀакхелхинера.
[20] ЯхӀудан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Шейлин тӀаьхьенах бевллера шейлахой, Парасах – парасхой, Зерахьах – зерахьахой.
[21] Парасан тӀаьхье иштта яра: Хьацраних бевллера хьацранихой, Хьамалах – хьамалхой.
[22] Иштта дара ЯхӀудан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе ялхитта эзар пхи бӀе стаг хилира (76500).
[23] Иссарханан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: ТовлаӀах бевллера товлаӀхой, Пувех – пувахой,
[24] Яшабах – яшабхой, Шимронах – шимронхой.
[25] Иштта дара Иссарханан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъе виъ эзар кхо бӀе стаг хилира (64300).
[26] Забулан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Серадах бевллера серадхой, Элонах – элонхой, Яхьлаалах – яхьлаалхой.
[27] Иштта дара Забулан гаранаш. Уьш, багарбича, кхузткъа эзар пхи бӀе стаг хилира (60500).
[28] Юсупан тӀаьхьенан гаранаш цуьнан ши кӀант волчу Маннашехула а, Эпраймехула а дара.
[29] Маннашан тӀаьхье иштта яра: Макирах бевллера макирхой. Макиран кӀант хилла ГалӀад. ГалӀадах бевллера галӀадхой.
[30] ГалӀадан тӀаьхье иштта хилла: ЙиӀазарх бевллера йиӀазархой, ткъа Хьелакхах – хьелакхахой,
[31] Асриалах – асриалхой, Шехемах – шехемхой,
[32] ШамидаӀах – шамидаӀхой, Хьепарах – хьепархой.
[33] Хьепаран кӀант волчу Цалпихьадан кӀентий бацара, йоӀарий бен. Цалпихьадан йоӀарийн цӀераш хӀорш яра: Махьила, НуӀат, Хьугила, Малка, Тирца.
[34] Иштта дара Маннашан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе шийтта эзар ворхӀ бӀе стаг вара (52700).
[35] Эпрайман тӀаьхье шен гаранашца иштта яра: Шутлахьих бевллера шутлахьихой, Бахрих – бахрихой, Тахьанах – тахьанхой.
[36] Шутлахьин тӀаьхье иштта яра: Ӏаьранах бевллера Ӏаьранхой.
[37] Иштта дара Эпрайман гаранаш. Уьш, багарбича, ткъе шийтта эзар пхи бӀе стаг вара (32500). Иза яра Юсупан ерриге а тӀаьхье цуьнан гаранашца.
[38] Бен-Яманан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: БулаӀах бевллера булаӀхой. Ашбелих – ашбелихой, Ахьирамах – ахьирамхой,
[39] Шапу-Памах бевллера шапумхой, Хьупамах – хьупамхой.
[40] БулаӀан кӀентий бара: Арди, НаӀаман. Ардих бевллера ардихой, НаӀаманах – наӀаманхой.
[41] Иштта дара Бен-Яманан тӀаьхье шен гаранашца. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар ялх бӀе стаг вара (45600).
[42] Данан тӀаьхьенан гара иштта дара: Шухьамах бевллера шухьамхой. Иза дара Данан гара.
[43] Шухьаман тӀаьхьенах берш багарбича, уьш берриш кхузткъе виъ эзар виъ бӀе стаг вара (64400).
[44] Ашаран тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Иманих бевллера иманихой, Ишвих – ишвихой, БериӀах – бериӀхой.
[45] БериӀан тӀаьхьенах бевлларш хӀорш бара: Хьебарх бевллера хьебархой, Малкиалх – малкиалхой.
[46] Ашаран йоӀан цӀе яра Серахь.
[47] Иштта дара Ашаран гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе кхойтта эзар виъ бӀе стаг вара (53400).
[48] Напталан тӀаьхьенан гаранаш иштта дара: Яхьциалах бевллера яхьциалхой, Гуних – гунихой,
[49] Йицарх – йицархой, Шиламах – шиламхой.
[50] Иштта дара Напталан гаранаш. Уьш, багарбича, шовзткъе пхи эзар виъ бӀе стаг вара (45400).
[51] Багарбинчарна юкъабаханчу исраилхойн терахь дара ялх бӀе цхьа эзар ворхӀ бӀе ткъе итт стаг (601730).
[52] Везачу Эло Мусага элира:
[53] «ТӀаьхьенна гуттаренна а делла латта дӀасадекъа деза, оцу гаранашна лаьттан дакъош кхачийтархьама, церан терахье хьаьжжина.
[54] Гара доккха делахь, цунна лаьттан доккхах долу дакъа а кхачийта, ткъа жима гара делахь, дакъа а жимах дерг кхачийта. Царна хӀоранна а кхочун долу лаьттан дакъа дагардинчу халкъе хьаьжжина хилийта.
[55] Кхаж а тосуш, латта дӀасадекъа. ХӀора гаранна, шен тайпанан ден цӀаре хьаьжжина, махкахь долу лаьттан дакъа кхочур ду.
[56] Доккхачу а, жимачу а тайпанашна юкъахь лаьттан дакъош кхаж тасарца дӀасадоькъур ду».
[57] Левихойн тӀаьхьенах багарбинарш шен гаранашца иштта бара: ГӀиршанах бевллера гӀиршанхой, КхахӀатах – кхахӀатхой, Мерарих – мерарихой.
[58] Левин гаранаш иштта дара: Ливанин гара, Хьевронан гара, Махьлин гара, Мушхьин гара, Кхорахьан гара. КхахӀатан хилира кӀант Ӏамрам.
[59] Ӏамраман зудчун цӀе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Ӏамраман а, Йохабадатан а ши кӀант вара: АхӀарон а, Муса а. Иштта цхьа йоӀ а яра церан, цу шина кӀентан йиша йолу Марем.
[60] АхӀаронан кӀентий хӀорш бара: Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.
[61] Ткъа Надаб а, АбихӀу а велира, хӀунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цӀергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагӀа.
[62] Дерриге а цхьа бутт цул лакхара а хан йолу халкъ дагардича, царна юкъахь боьршачу нахах ткъе кхоъ эзар стаг хилира. Левихой дерриге а Исраилан халкъаца цхьаьна багар ца бинера, хӀунда аьлча исраилхошна юкъахь царна лаьттан дакъа ца кхаьчнера.
[63] Оццул дара Мусас а, динан дас ЭлиӀазара а дагардина долу Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гӀалина юххехь долчу Йордан-хин йистехь хилла долу Исраилан халкъ.
[64] Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхӀарона а дагардинчарах цхьа а адам хӀинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара.
[65] Везачу Эло хӀетахьлерчу исраилхошка аьллера, уьш яьссачу арахь берриге а хӀаллакьхир бу. Царах цхьа а дийна ца виснера, Епунин кӀант Килаб а, Нунин кӀант ЮшаӀ а воцург.