Skip to content
Opens in a new window

[1] КанаӀан-махкахь къилбехь вехаш волчу канаӀанхойн паччахьна Ӏародна хиира, Атарайме богӀучу новкъахула исраилхой схьабогӀуш буйла. Цаьрца тӀаме а ваьлла, масех исраилхо йийсаре вигира цо.

[2] ТӀаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чӀагӀо йира: «Нагахь цу халкъана тӀехь толам баккха тхуна Ахь гӀо дахь, оха церан гӀаланаш йохийна охьайохкур ю», – аьлла.

[3] Исраилхойн дехар а хезна, царна гӀо дира Везачу Эло. КанаӀанхой а, церан гӀаланаш а хӀаллак а йина, цу меттигна Хьорма цӀе тиллира исраилхоша (иза «хӀаллакьяр» бохург ду).

[4] ХӀор-лома тӀера ЦӀечу хӀорда тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра.

[5] Далла а, Мусана а лен буьйлабелира уьш: «Кху яьссачу арахь далийта даьхна аша тхо Мисарара ара? Кхузахь я бепиг а, я хи а дац. Тхуна бӀаьрга бан а ца беза и декъаза кхача».

[6] Везачу Эло халкъана тӀе дӀаьвше лаьхьарчий хийцира. Цара лецна, исраилхойх дукха нах белира.

[7] Мусана тӀе а баьхкина, исраилхоша элира: «Везачу Элана а, хьуна а лен а лийна, къа латийна оха. ДоӀа дехьа Везачу Эле, Цуьнга лаьхьарчий дӀадахахьара алий». Мусас нахана тӀера доӀа дира Везачу Эле.

[8] Везачу Эло Мусага элира: «ЦӀестан лаьхьа а бай, хьокхана тӀе тоха иза. Лаьхьано це тоьхнарг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсур ву».

[9] Мусас, цӀестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тӀе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цӀестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура.

[10] Цигара дӀа а бахана, Обат олучу меттехь севцира исраилхой.

[11] Юха Обатера дӀабахана, Ӏий-Ӏабарим цӀе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш.

[12] Цу меттера а дӀа а бахана, Зерад цӀе йолчу тогӀи чохь севцира уьш.

[13] Цигара дӀабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тӀе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догӀуш дара.

[14] Цундела аьлла Везачу Элан тӀемех лаьцна долчу тептар тӀехь: «Супа цӀе йолчу арара ВахӀаб-гӀала а, Арнон-хин тогӀеш а,

[15] цу тогӀийн Ӏар-гӀалина тӀейоьлхуш йолу, Муаби-мехкан дозана уллохь йолу басенаш а».

[16] Кхузара дӀа Беар цӀе йолчу метте бахара исраилхой (иза «гӀу» бохург ду). Цу меттехь йолчу гӀунах лаьцна Везачу Эло Мусага элира: «Схьагулде халкъ, Ас хи лур ду царна».

[17] ТӀаккха исраилхоша йиш лекхира: «Хих хьалаюза, гӀу! ДӀаала цунах илли!

[18] Элаша а, халкъан тхьамданаша а шайн дарж гойтучу гӀожмашца а, Ӏасанашца а яьккхина хӀара гӀу». Яьссачу арара Матана олучу метте дӀабахара исраилхой.

[19] Матанера Нахьалиал цӀе йолчу метте бахара уьш, ткъа цигара Бамот олучу метте бахара,

[20] Бамотера Муаби-махкахь йолчу тогӀи чу баьхкира уьш. Цигахь яьссачу аренгахьа бирзина лаьтташ Пасга цӀе йолу лам бара.

[21] Эмархойн паччахьна Сихьонна тӀе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна:

[22] «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гӀур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тӀе а ца довлуш, гӀунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гӀур дацара тхо».

[23] Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дӀабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхӀац цӀе йолчу гӀали уллохь исраилхошца тӀаме велира Сихьон.

[24] Цунна тӀехь толам а баьккхина, Арнона тӀера Ябокх-хина тӀекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Ӏамминхойн дозанехь севцира, хӀунда аьлча шайн доза чӀогӀа лардора Ӏамминхоша.

[25] Эмархойн ерриге а гӀаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гӀала а, цунах йозуш йолу кегийра гӀаланаш а ехира цара схьа.

[26] Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гӀала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тӀом а бина, Арнонна тӀекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона.

[27] Цундела боху илланчаша: «Хьешбон-гӀала гӀо, то а йина, чӀагӀйойла Сихьонан гӀала!

[28] Сихьонан гӀалара Хьешбонера схьаяьлла цӀе массанхьахула а чекхъелира. Цо ягийра Муабин Ӏар-гӀала, Арнон-хина тӀехулара гунаш а дагийра.

[29] Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цӀун халкъ, хӀаллакьхили хьо! Цо шен кӀентех дӀасабевддарш хилийти, йоӀарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги.

[30] Амма оха хӀаллакбина эмархой, Хьешбона тӀера Дибонна тӀекхаччалц церан гӀаланаш йохийна, Мейдеба-гӀали уллохь йолчу Напухь олучу меттигна тӀекхаччалц бассийна церан мохк».

[31] Иштта Эмархойн махкахь баха хевшира исраилхой.

[32] Мусас масех стаг вахийтира ЯӀзир-гӀалахь долчуьнга хьажа. Юха, и гӀала а, цунна гонах йолу ярташ а схьа а яьхна, царна чуьра эмархой лаьхкира исраилхоша.

[33] Цул тӀаьхьа исраилхой Башан-махка бахара. ЭдреӀи-гӀалина уллохь, шен дерриг а эскар а далош, исраилхошна тӀамца дуьхьалвелира Башан-мехкан паччахь ӀовгӀа.

[34] Везачу Эло Мусага элира: «Ма кхера цунах, Ас иза а, цуьнан халкъ а, берриг а цуьнан мохк а хьан кара дӀалур бу. Хьешбонехь Ӏийначу эмархойн паччахьна Сихьонна диннарг де цунна».

[35] Цхьа а дийна ца вуьтуш, паччахь ӀовгӀа а, цуьнан кӀентий а, дерриг цуьнан халкъ а хӀаллак а дина, Башан-мохк схьабаьккхира исраилхоша.

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters