[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «Исраилан халкъе, дӀахьедар а деш, дӀаала: „Аса шуна лун долчу а, шаьш цигахь Ӏийр долчу а лаьтта тӀе шу дахача,
[3] аша цӀера тӀехь доху дийнаташ дагоран я бертан сагӀанаш даха тарло. Аша Везачу Элана сту я ка барца сагӀа даккха тарло, шаьш йина чӀагӀо кхочушхилийтархьама а, я шайн деган лаам кхочушбархьама а, я шайн деза денош даздархьама а. Иза мухха делахь а, даьккхинчу сагӀин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
[4] Амма ша сагӀина лерина хӀума яхьачу хенахь, стага Везачу Элана лерина кӀен сагӀа а дан деза: хӀинан доьалгӀа дакъа зайтдаьттанах эдина долу бархӀ кад тоьлла кӀен дама.
[5] Дийнаташ дагоран я бертан сагӀа доккхучу хенахь хӀора Ӏахарца цхьаьна хӀинан бараман доьалгӀа дакъа чагӀар кечде, чагӀаран сагӀина лерина.
[6] Ткъа шаьш сагӀина лерина ка балочу хенахь, кӀен сагӀина ялхитта кад кӀен дама а, цунах эдай, хӀинан кхоалгӀа дакъа долу зайтдаьтта а да,
[7] иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа долу чагӀаран сагӀа а да. Оцу сагӀанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
[8] Нагахь дийнаташ дагоран сагӀина я бертан сагӀина, я Везачу Элана хьалха йинчу чӀагӀонан сагӀина лерина къона старгӀа ялош елахь,
[9] оцу старгӀица цхьаьна кӀен сагӀа а дан деза: ткъе биъ кад кӀен дама а, цунах эдина хӀинан шолгӀа дакъа зайтдаьтта а.
[10] Иштта хӀинан ахдакъа чагӀар а дан деза чагӀаран сагӀина. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
[11] Иза делаш хӀоразза а шаьш Везачу Элана лерина сагӀина сту а, ка а, Ӏахар я буьхьиг ялочу хенахь.
[12] Иштта сагӀанаш тӀетоха деза аша хӀора дийнатна, церан терахье хьаьжжина.
[13] Иштта гӀуллакх дан деза Исраилан халкъах волчу хӀораммо а, ша, Везачу Элана там а беш, цӀера тӀехь доккху сагӀа доккхучу хенахь.
[14] Нагахь шуна юкъахь вехаш тӀевеана цхьаъ велахь, – кӀезиг ханна я ехачу ханна иза делахь, – ткъа Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа йохуьйту цӀера тӀехь даьккхина сагӀа даккха цунна лаахь, цо а дан деза аша дийрриг.
[15] Халкъан доллу парзаш ду шуна а, шуна тӀевеана Ӏаш волчунна а цхьатерра тӀедехкина. Шуна а, шун мел йолчу тӀаьхьенна а тӀедиллина ду уьш гуттаренна а. Везачу Элана гергахь шу а, шуна тӀебаьхкинарш а – цхьаъ ду.
[16] Цхьатерра товрат-хьехамаш а, тӀедехкинарш а хир ду шуна а, шуна юкъахь вехаш волчу тӀевеанчунна а тӀедехкина“».
[17] Везачу Эло Мусага элира:
[18] «Исраилан халкъе иштта дӀаала: „Аса шаьш дӀадуьгучу махка шу чудевлча,
[19] цу лаьтто луш долу сурсаташ шаьш дуучу хенахь, цунах цхьа дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало.
[20] Хьалхарчу бедах шаьш бепиг доттучу хенахь, цхьа бепиг Везачу Элана лерина сагӀина ло. Иза хьаьттара даьккхина совгӀат хир ду Везачу Элана.
[21] Иза гуттара а дан дезаш долу хӀума ду, цу бедах дакъа Везачу Элана лерина сагӀина дӀало аша а, шун тӀаьхьенаша а.
[22] Ткъа нагахь, ларамаза гӀалат а далийтина, Везачу Эло Мусагахула динчу весетех цхьаъ шуна кхочушдан дицлахь, –
[23] уьш шайна деллачу дийнахь дуьйна шайн хинйолчу тӀаьхьенашна тӀекхаччалц Везачу Эло цуьнгахула деллачу муьлххачу а весетех цхьаъ – аша хӀун дан дезар ду?
[24] Ткъа нагахь халкъо ларамаза а, ца хууш а далийтинехь, дерриг а халкъо Везачу Элана там беш йолу хаза хьожа йохуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина цхьа старгӀа а, тӀедиллина ма-хиллара, цуьнца цхьаьна догӀу кӀен а, чагӀаран а сагӀанаш даха деза. Иштта къинан сагӀина лерина цхьа бож а ян еза
[25] Дерриге а Исраилан халкъана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза. ТӀаккха халкъана гечдийр ду, и гӀалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гӀалатана цо Везачу Элана лерина цӀера тӀехь сагӀа а, къинан сагӀа а даьккхина дела а.
[26] Гечдийр ду дерриге а Исраилан халкъана а, царна юкъахь Ӏаш болчу тӀебаьхкинчу нахана а, и гӀалат дерриге а халкъо ларамаза далийтина хиларна.
[27] Нагахь цхьана стага ларамаза къа латадахь, цо къинан сагӀина шо кхаьчна йолу газа ян еза.
[28] Цуьнан къинош дӀадахархьама, ларамаза къа латийначу стагана тӀера динан дас къинош дӀадахаран Ӏадат кхочушдан деза, ткъа цунна гечдийр ду.
[29] Цхьатерра болу товрат-хьехам шуна юкъахь лелар бу Исраил-халкъах схьабевлла болчу бахархошна юкъахь а, тӀебаьхкина Ӏаш болчарна а, нагахь цара, ца хууш гӀалат а бевлла, къа латадахь.
[30] Исраилхойх я тӀебаьхкина Ӏаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дӀаваккха везаш ву,
[31] хӀунда аьлча цо Везачу Элан дош а ца лерина, Цуьнан весет а дохийна. Иза билггал шен къомана юкъара дӀа а воккхур ву, иштта ша латийначу къинна жоьпе а озор ву“».
[32] Исраилхой яьссачу арахь болчу хенахь, шоьтан садоӀучу дийнахь царна юкъара цхьа стаг дечиг схьагулдеш гира.
[33] Дечиг гулдеш хилла волу и стаг карийначара Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а халкъана а тӀевалийра иза.
[34] И стаг набахти чохь сацийра, цунна хӀун дан деза билгалдаьккхина цахилар бахьана долуш.
[35] Везачу Эло Мусага элира: «И стаг вала веза. Меттамотт болчуьра арахьа а ваккхий, дерриге а халкъе цунна тӀе тӀулгаш кхиссийта».
[36] Меттамотт болчуьра ара а ваьккхина, дерриге а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхиссира, Везачу Эло Мусага ма-аллара, тӀаккха иза велира.
[37] Везачу Эло Мусага элира:
[38] «Исраилан халкъе дӀахьедар де, цара шайн тӀеюхучу хӀуманийн маьӀигашна тӀехь чечакхаш яха еза алий. Ткъа маьӀигашна тӀехь йолчу оцу чечакхашна чу сийна эханг юкъадахийта ала. Изза дан деза ерриге а тӀекхуьучу тӀаьхьенаша а.
[39] И чечакхаш шуна дӀагича, уьш хир ю, Везачу Элан дерриге а весеташ дага а даьхкина, уьш шуьга кхочушдайтархьама а, Соьгахьара шу дӀадерзош болчу шайн дегнийн а, бӀаьргийн а лаамашна тӀаьхьа шу ца хӀиттийтархьама а.
[40] Иза иштта дан деза, Сан дерриге а весеташ дага а дохкуьйтуш, шуьга уьш кхочушдайтархьама а, шу шайн Далла гергахь дӀакъастийна хилийтархьама а.
[41] Со ву шун Веза Дела, шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна волу. Со ву шун Веза Дела».