Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «Хьайна дато ши турба е, халкъ гуламе кхайкха а, меттамотт хуьйцуш нахе хаийта а.

[3] И ши турба лекхча, Делан четарна чуволучохь гуллур ду дерриг а халкъ.

[4] Цхьа турба лекхча, исраилхойн хӀора эзар стагана тӀе хӀиттийна тхьамданаш бен гуллур бац хьуна гонах.

[5] Орца доккхуш турба лекхча, малхбалехьа меттамотт хӀоттийна исраилхой гӀовтта беза.

[6] ШолгӀа а, орца доккхуш турба лекхча, къилбехьа дӀанисбелларш гӀовтта беза. Уьш новкъа бовлуш а, орца доккхуш турба лакха еза.

[7] Халкъ гуламе кхойкхуш а турба лакха, амма орца доккхуш санна а ца локхуш.

[8] И турбанаш лакха дезарш динан дай болу АхӀаронан кӀентий бу. И гӀуллакх царна а, церан тӀаьхьенашна а гуттаренна а тӀедиллина хир ду.

[9] Шайн махкана тӀелеттачу мостагӀчунна дуьхьал тӀамца шу доьлхучу хенахь, орца доккхуш, турба лакха. ТӀаккха шайн Везачу Далла дагадогӀур ду шу, Цо шу мостагӀех кӀелхьардохур ду.

[10] Бутт а цӀинбелла, я кхин долу деза денош тӀе а хӀиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву».

[11] Исраилхой Мисар-махкара Дала арабаьхначу шолгӀачу шеран, шолгӀачу беттан ткъолгӀачу дийнахь тоьшаллин четарна тӀера марха хьалаайаелира.

[12] Синай цӀе йолчу яьссачу арара дӀабахара исраилхой. ДӀайоьдуш йолу марха Паран олучу яьссачу арахь сецира.

[13] Мусагахула Везачу Эло тӀедиллинчу омрица дуьххьара новкъа бовла кечбелира исраилхой.

[14] Хьалха ЯхӀудан тӀаьхьенах болчу наха айира байракх, тӀеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тӀехь куьйгалла деш Ӏамминадабан кӀант Нахьшон вара.

[15] Иссарханан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш ЦуӀаран кӀант Натунаил вара.

[16] Забулан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш Хьелонан кӀант Элиаб вара.

[17] Делан четар, вовшах а даьккхина, дӀадахьа кечдира. Гуттар а шаьш ма-даххьара, ГӀиршанан а, Мерарин а тӀаьхьенех болчу наха дӀадаьхьира иза.

[18] Раабанан тӀаьхьенах болчу наха а, шаьш цу меттигера арадовлуш, шайн байракх айира. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Шидауран кӀант Элицур.

[19] ШимӀин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Цура-Шидин кӀант Шелумиал.

[20] Гадин тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ДаӀуалан кӀант Элъясайп.

[21] Царал тӀаьхьа КхахӀатан тӀаьхьенах болу нах дӀабахара. Делан четарна кӀел хӀоттош долу дерриг а деза хӀума дара цара шайца дӀахьош. Уьш керла меттамотт болчу дӀакхачале, четар цигахь дӀахӀоттийнера.

[22] Эпрайман тӀаьхьено а шайн байракх хьалаайира, шаьш тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца арадовлуш. ӀамихӀудан кӀант Эли-ШамаӀ вара церан куьйгаллехь.

[23] Маннашан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш вара Падацуран кӀант Гамлиал.

[24] Царал тӀаьхьа богӀучу Бен-Яманан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара ГидӀонин кӀант Авдани.

[25] Байракх а айина, уггаре а тӀаьхьа арабевлларш Данан тӀаьхьенах болу нах бара. Царна тӀехь куьйгалла деш вара Ӏами-Шидин кӀант АхьиӀазар.

[26] Ашаран тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏухранан кӀант ПагӀиал.

[27] Напталан тӀаьхьенах болчу нахана тӀехь куьйгалла деш вара Ӏайнанан кӀант АхьираӀ.

[28] Иштта дӀахӀоьттинчу кепаца дӀабоьлхура исраилхой тӀеман хьесапехь йолчу тобанашца.

[29] Шен стунден маданхочун РаӀалан кӀанте Хьабабе Мусас элира: «Везачу Эло тхайна лур бу аьллачу махка доьлхуш ду тхо. Схьавола тхоьца, оха хьуна дика болх бийр бу, хӀунда аьлча Везачу Эло Исраилан халкъана дуккха а диканиг дийр ду аьлла».

[30] Амма Хьабаба элира: «Со ца вогӀу шуьца, сайн махка, сайн лаьтта тӀе дӀагӀур ву со».

[31] ТӀаккха Мусас дехар дира: «Тхо дӀа ма тасахьа, хьуна дика евза хӀара яьсса аре, тхуна некъ гойтуш, хьо хьалхаваьлча, дика хир дара.

[32] Хьо тхоьца вагӀахь, Везачу Эло тхайна дина дика хьуна а кхочуьйтур дара оха».

[33] Везачу Элан лома уллора кхаа дийнахь новкъа дӀабахара исраилхой. Везачу Элаца барт баран тӀорказ, хьалха а даьккхина, дӀахьош дара оцу кхаа дийнахь, шайна совца меттиг билгалъяккхархьама.

[34] Дийнахь уьш дӀабоьлхуш, Везачу Элан марха лаьтташ яра царна тӀехула.

[35] Шаьш тӀорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГӀаттахьа, Веза Эла! ХӀаллакьхуьлда Хьан мостагӀий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»

[36] Ткъа шаьш садаӀа севцча, деза тӀорказ цара дӀахӀоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла, эзарнаш исраилхошна тӀе!»

Исраилан халкъ яьссачу арахь лелар — Chapters