Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «ДӀаала исраилхошка: „Нагахь ахь, стагах мах а луш, Везачу Элана и стаг лерина хилийта нигат дахь,

[3] бала беза мах ткъа шарна тӀера кхузткъа шарна тӀекхаччалц волчу стагах шовзткъе итт шекхал дато ахча хир бу, Езачу Меттигехь лелаш болчу шекхалан бараме хьаьжжина.

[4] Нагахь иза зуда елахь, ахь хӀоттийна мах ткъе итт шекхал хир бу.

[5] Пхеа шарна тӀера ткъа шарна тӀекхаччалц волчу стеган мах ткъа шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.

[6] Цхьана батта тӀера пхеа шарна тӀекхаччалц волчу кӀентан мах пхи шекхал дети, йоӀан мах кхо шекхал дети хир бу.

[7] Кхузткъа а, кхин сов а шераш долчу стеган мах пхийтта шекхал, зудчун мах итт шекхал хир бу.

[8] Нагахь стаг къен а хилла, ахь хӀоттийна мах бала цуьнан таро яцахь, динан дена тӀевига иза. Нигат динчу стеган хьоле хьаьжжина, динан дас мах хадор бу цуьнан.

[9] Нагахь Везачу Элана нигат динарг Цунна сагӀа даккха могуьйту даьхни делахь, цу даьхних дерриг а Везачу Элана деанарг деза а хир ду, Цунна дӀакъастийна а хир ду.

[10] Кхечу хӀуманца иза хийца мегар дац. СагӀина деана диканиг вочух я вониг дикачух а хийца мегар дац. Нагахь цхьа дийнат кхечуьнца хийцахь, и ший а деза хир ду, Везачу Элана дӀакъастийна а хир ду.

[11] Нагахь далийна бежана Далла хьалха цӀена а доцуш, Везачу Элана сагӀина ден мегаш дацахь, даладе иза динан дена тӀе.

[12] Динан дас, бежана дика я вон ду а хьаьжна, цуьнан мах хадор бу. Цо хадийна мах бита беза.

[13] Нагахь цхьаъ иза юхаэца гӀерташ велахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетохийта цуьнга.

[14] Нагахь цхьаъ шен цӀа Везачу Элана лерина хилийта лууш велахь, динан дас, иза дика ду я ледара ду аьлла, мах хадо беза. Динан дас хадийнарг хир бу цӀийнан мах.

[15] Нагахь цу стагана шен цӀа юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха цӀа цуьнан хир ду.

[16] Нагахь цхьаммо шен лаьттан цхьа дакъа Везачу Элана лерина хилийтахь, дӀаден тарлучу ялте хьаьжжина хила беза цу декъан мах: шена тӀехь пхи гали мукх дӀабен тарлучу лаьттан мах шовзткъе итт шекхал дети хир бу.

[17] МеттахӀотторан шарахь цхьаммо шен латта Везачу Элана лерина хилийтахь, цуьнан мах ахь хӀоттийнарг хир бу.

[18] Нагахь меттахӀотторан шо чекхдаьлча, шен латта цхьаммо Везачу Элана лерина хилийтахь, тӀедогӀучу меттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш дагар а дина, церан бараме хьаьжжина, лахара мах хӀотто беза динан дас.

[19] Ша дӀаделла кха стагана юхаэца лаахь, хӀоттийначу механа тӀе пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза цо, тӀаккха латта цунна дуьсур ду.

[20] Нагахь цо дӀа а ца эцна, кхечу стага и кха эцахь, иза юхаэца йиш хир яц.

[21] МеттахӀотторан шарахь и кха дӀахецча, иза Далла дӀакъастийна хир ду. И кха гуттаренна а Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам хир бу. Динан дайн дола дер ду иза.

[22] Цхьаммо ша эцна латта Везачу Элана лерина дӀаделлехь, ткъа иза цуьнан доьзалан латтанийн дакъа дацахь,

[23] динан дас, МеттахӀотторан шарна тӀекхаччалц долу шераш а дагардина, цу лаьттан мах хадо беза. Оццу дийнахь лаьттан мах дӀабала безаш бу цу стага – и ахча Везачу Элана дӀакъастийна хир ду.

[24] МеттахӀотторан шарахь хьалха хиллачу хӀусамден – латта доьхкинчу стеган – дола юхадоьрзу и латта.

[25] Езачу Меттигехь лелаш долчу шекхале хьаьжжина берриг а мехаш хила беза. Цхьана шекхал чохь ткъа гер хила еза.

[26] Дийнатех схьадаьлла дуьххьарлера даьхни цхьаммо а Везачу Элана лерина дало мегар дац, хӀунда аьлча уьш Цуьнан ду, дуьххьарлера долу дела. Сту белахь а, уьстагӀ белахь а, бож елахь а – Везачу Элан ду иза.

[27] Даьхни хьарам делахь, ахь хӀоттийначу мехаца юхаэца тарло иза, механ пхоьалгӀа дакъа тӀе а тухуш. Нагахь юха ца эцахь, ахь хӀоттийначу мехах дӀадохка мегар ду иза.

[28] Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дӀа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дӀакъастийна дац.

[29] Везачу Элана дӀа ца боьрзу бахам санна мел хилийтина адамаш а юхаэца мегар дац – уьш дайа дезаш ду.

[30] Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тӀехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац.

[31] УьтталгӀа дакъа юхаэца лууш волчо цуьнан механ пхоьалгӀа дакъа тӀетоха деза.

[32] Доккхачу а, кегийчу а даьхних дерриге а уьтталгӀа дакъа Везачу Элан долахь ду. Ӏуьнан коьжалгана кӀел лелачу даьхних хӀора уьтталгӀаниг Везачу Элана дӀакъастийна хила деза.

[33] Вон я дика ду хьоьжуш, къесто мегар дац луш дерг, хийца а мегар дац иза. Нагахь цхьаммо иза хийцахь, хуьйцуш долу ший а дийнат Везачу Элана дӀакъастийна хир ду, тӀаккха иза юхаэца йиш яц“».

[34] ХӀорш ду Везачу Эло Синай-лам тӀехь Мусагахула исраилхошна тӀедехкина весеташ.

Далла Ӏамалъяр — Chapters