[1] Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бӀаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хӀаллакбинчарна.
[2] Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг сан долахь хилла елара. Сайн къам дуьтур дара аса, сайн халкъ долчуьра со дӀагӀур вара, уьш массо а тешаме боцу дела – ямартчу нехан тоба ю уьш!
[3] «Церан мотт, Ӏад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хӀуманна тӀаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», – боху Везачу Эло.
[4] «Ларлуш хила шайн доттагӀех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хӀунда аьлча хӀора гергарчо Ӏехаво, ткъа хӀора доттагӀчо эладита даржадо.
[5] ХӀораммо а шен доттагӀа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тӀетабина. Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало. ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо. Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка», – боху Везачу Эло.
[7] Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦӀарца санна цӀандийр ду Ас Сайн халкъ, Ӏазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хӀун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна?
[8] Церан меттанаш Ӏожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Ӏехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо.
[9] Аса таӀзар дийр дац те царна и хӀума бахьана долуш? – боху Везачу Эло. – Сан даго бекхам бийр бац те цунах терра долчу къомана?»
[10] Лаьмнашна ас белхар хӀоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хӀоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Ӏоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дӀадахара, бежанаш цигара дӀадахара.
[11] «Аса тӀулгийн оьла йина дӀахӀоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангӀалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац».
[12] Вуй те дуьнен чохь цу хӀуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хӀуманах кхето йиш йолу? ХӀунда хӀаллакдина хӀара латта, цхьа а шена тӀехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хӀунда яссийна хӀара аре?
[13] Везачу Эло иштта жоп делира цу хаттарна: «Иза иштта хилира, хӀунда аьлча Аса шена дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀера Сан халкъ дӀадирзира – Сан озе а цара ла ца дугӀура, Аса тӀедиллинчуьнца а уьш ца лелара.
[14] Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара».
[15] Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дӀаьвше хи а малор ду.
[16] Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Ӏойтур бу. Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц».
[17] Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ЛадогӀа, тийжаран зударий схьакхайкха, царах уггар говзанаш схьакхайкха, уьш кхуза схьабахкийтархьама».
[18] Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тӀаьхьа тийжар хӀоттадайта, вайн бӀаьргийн негӀарийн чоьш тӀера бӀаьрхиш охьаэхийта, юьхь тӀера хин тачанаш охьаэхийта».
[19] Цийонна тӀехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хӀаллакьхилла, вай баккъалла а юьхьӀаьржачу хӀиттина. Вайн мохк бита безаш ду вай, вайн цӀенош дохийна дӀадаьхна».
[20] ЛадогӀа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хӀара дешнаш шуна дӀахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Ӏамаде. ХӀара тезетан тийжам вовшашна Ӏамабе:
[21] „Ӏожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гӀепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хӀаллакбан гӀерташ ю“».
[22] Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дӀасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Ӏохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тӀехьа Ӏохкуш долу хьаькхна кӀа санна, Ӏохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“».
[23] Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза.
[24] Амма дозалла дан лууш волчо Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла. Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла. И хӀуманаш ду Суна чӀогӀа тамехь дерш», – боху Везачу Эло.
[25] «Варелаш, хан тӀейогӀур ю, – боху Везачу Эло, – шайн догӀмашкахь бен сунт ца биначарна Ас таӀзар ден йолу.
[26] Мисар-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Ӏаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болчу нахана тӀехь Аса таӀзар дийр ду, хӀунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тӀаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю».