[1] Везачу Элера шолгӀа а хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, иза хӀинца а гӀаролхойн кертахь набахти чохь воллучу хенахь.
[2] «Иштта боху Везачу Эло, латта кхоьллина а, цунна куц делла а, иза чӀагӀдина а Волчо, Шен цӀе Веза Эла Йолчо:
[3] „Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дӀахьулдина а хӀуманаш дӀакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу.
[4] Исраилан халкъан Везачу Дала хӀара боху Ярушалаймехь долчу цӀенойх а, иштта ЯхӀуд-махкарчу паччахьийн цӀенойх а лаьцна: гӀала схьалацархьама мостагӀаша динчу лаьттан гунех а, иштта мостагӀчун туьрах а лардеш дохадора и цӀенош.
[5] Цхьаболчара хашадхошца тӀом бийр бу, ткъа мостагӀаша гӀалин цӀенош дузур ду Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Айса мел байинчеран декъех, хӀунда аьлча бахархоша лелийна вонаш бахьана долуш Аса Сайн юьхь гӀаланах къайлаяьккхинера.
[6] Делахь а, Ас гӀалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю.
[7] Ас Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а аьтто юхаметтахӀоттор бу, ткъа Аса уьш, хьалха санна, чӀагӀдийр ду.
[8] Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цӀандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду.
[9] Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».
[10] Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду
[11] синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагӀанаш Сан деза цӀа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас хӀокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.
[12] Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хӀокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гӀаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаӀушка шайн жашка цигахь садаӀийтархьама.
[13] Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гӀаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кӀел жаш догӀур ду», – боху Везачу Эло.
[14] «ТӀекхочур ду, – боху Везачу Эло, – Ас Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а дина дика ваӀда кхочушден денош.
[15] Цу деношкахь а, цу заманахь а Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь йолу цхьа зӀийдаг кхиор ю. Цо хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.
[16] Оцу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Ӏийр бу. ГӀалин цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“».
[17] Везачу Эло иштта боху: «Даим Даудан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь.
[18] Иштта даим левихой болчу динан дайх цхьаццаммо Суна уллохь гӀуллакх дийр ду, юх-юха дийнаташ дагоран а, кӀен а, кхин тайпана а долу сагӀанаш а дохуш».
[19] Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира:
[20] «Везачу Эло иштта боху: „Дийнаца а, буьйсанца а Аса бина барт шуьга бохалур белахьара, уьш шайн хеннахь тӀе ца кхочуьйтуш,
[21] тӀаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тӀаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гӀуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш.
[22] Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, ягар ца яллал дукха тӀаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гӀуллакх деш болчу левихошна а“».
[23] Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:
[24] «Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дӀатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хӀинца иза Сан къам кхин ца хета царна.
[25] Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чӀагӀ ца динехьара,
[26] тӀаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тӀаьхье дӀатоттур яра, иштта ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тӀаьхьенашна тӀехь паччахьалла дан Даудан тӀаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахӀоттор бу, царах къинхетам а бийр бу».