Skip to content
Opens in a new window

[1] Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхӀу-Якхаман кӀентан ЯхӀу-Яхинан метта, ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу охьахаийра.

[2] Я ЦӀадукъ-ЯхӀус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугӀура пайхамар волчу Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьллачуьнга.

[3] ЦӀадукъ-ЯхӀус Шалам-ЯхӀун кӀант ЯхӀукал а, МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а вахийтира Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дӀаала: «Тхуна тӀера доӀа дехьа вайн Везачу Деле».

[4] Ярми-ЯхӀу хӀинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара.

[5] Эццахь пирӀунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дӀалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хӀума шайна дӀахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира.

[6] ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀу-пайхамаре:

[7] «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тӀе ваийтинчу ЯхӀуд-мехкан паччахье иштта дӀаала: „Хьуна гӀоьнна арадаьлла долу пирӀунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду.

[8] Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хӀокху гӀалина дуьхьал кхин цкъа а тӀом беш дӀахӀуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цӀергахь ягор ю цара“.

[9] Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац.

[10] Аша шайна дуьхьал тӀом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хӀаллакдахь а, царах чевнаш хилла тӀемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гӀевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хӀара гӀала цӀарца ягор яра“».

[11] ПирӀунан эскар схьагӀортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дӀадаьллачул тӀаьхьа,

[12] Ярми-ЯхӀу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дӀаваха хӀоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама.

[13] Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гӀаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхӀун кӀентан Шалам-ЯхӀун кӀанта Йираъ-ЯхӀус Ярми-ЯхӀу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» – аьлла.

[14] Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Иза бакъ дац. Со хашадхошкахьа вала воллуш вац». Амма цо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Йираъ-ЯхӀус иза, дӀа а лаьцна, баьччанаш болчу дӀавигира.

[15] Ярми-ЯхӀуна оьгӀазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа чу воьллира, хӀунда аьлча цу цӀийнах цара набахти йинера.

[16] Ярми-ЯхӀу цу цӀийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо.

[17] Цул тӀаьхьа ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цӀахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхӀус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дӀалур ву», – аьлла.

[18] Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье элира: «Стенна бехке ву со хьуна а, хьан баьччанашна а, хӀокху халкъана а хьалха, аша набахти чу воллал?

[19] Мичахь бу шуьга: „Бавелан паччахь хьуна а, хӀокху махкана а тӀелетар вац“, – бохуш, хаамаш бина болу шун пайхамарш?

[20] Ткъа хӀинца ладогӀахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву».

[21] ЦӀадукъ-ЯхӀус омра дира, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чуволла, гӀалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хӀора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина Ӏаш вара.

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters