[1] Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам хӀара бу:
[2] «Аса бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀий, уьш ЯхӀудан халкъе а, Ярушалаймехь бехаш болчаьрга а дӀаала.
[3] Цаьрга дӀаала: „Иштта боху Исраилан Везачу Дала: хӀокху бертан тӀедожоршка ла ца доьгӀначу хӀора стагана неӀалт хир ду.
[4] Оцу бертан тӀедожорш Аса шун дайшна тӀедехкина, Аса уьш эчиг лалош йолу пеш санна хиллачу Мисар-махкара арабохучу хенахь. Аса цаьрга аьллера: ‘Соьга ла а догӀий, Аса шуьца бинчу бертан тӀедожорш кхочуш а де, Аса шуна тӀедехкинчуьнга хьаьжжина. ТӀаккха шу Сан къам хир ду, Со шун Дела а хир ву.
[5] ТӀаккха хьалха шун дайшна Айса йина йолу чӀагӀо кхочушйийр яра Аса – Аса шуьрех а, мазах а дуьзна долу токхе латта лур дара царна’. Ткъа оцу лаьтта тӀехь шу хӀинца дехаш ду“». Ткъа аса жоп делира: «Амин, Веза Эла!»
[6] Везачу Эло соьга элира: «Дерриг а хӀара Сан дешнаш ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а дӀакхайкхаде: „Аса шуьца бинчу бертан тӀедожоршка ла а догӀа, уьш кхочуш а де.
[7] Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хӀара де тӀекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дӀахьедар дора: ‘ЛадогӀа Соьга’, – бохуш.
[8] Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Со тергал а ца вора. Мелхо а, шайн вочу дегнийн аьрхалле хьаьжжина лелара уьш. Аса царна тӀедиллина и барт кхочушбе аьлла, амма цара иза кхочуш ца дина. Цундела Аса массо а хӀокху бертан таӀзарш царна тӀехьажийра“».
[9] Везачу Эло соьга элира: «Суна хууш ду ЯхӀуд-махкара халкъ а, Ярушалайман бахархой а вовшашца къайлаха барт беш хиларх лаьцна.
[10] Айса аьллачуьнга ладогӀарх дӀакъихкинчу шайн дайша летийначу къиношка юхабирзира уьш. Кхечу деланашна тӀаьхьа а хӀиттина, царна Ӏамал йора цара. Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша Аса шайн дайшца бина барт бохийра.
[11] Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кӀелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац.
[12] ТӀаккха ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а бехаш берш шаьш хаза хьожа йогӀу сегӀаз дагочу деланашка кхойкхур бу, амма бохам баьккхича, хӀокхаьрга цхьана а тайпана кӀелхьарбахалур бац уьш.
[13] Хьайн гӀаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхӀудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйина ахь“.
[14] Ярми-ЯхӀу, оцу нехан дуьхьа доӀанаш ма де, церан дуьхьа Соьга хӀумма а ма деха, хӀунда аьлча цара, шайна бохам баьлча, Соьга кхайкхахь Суна дӀахезар дац».
[15] Везачу Эло халкъе элира: «Суна дезаш долчу къомо дуккха а къинош летийна, цундела хӀун бакъо ю церан, Сан цӀенна юххехь хила? Суна сагӀина лерина долу жижиг а цара шайна дӀадоккху. Делахь а, Аса царна таӀзар дечу хенахь, даккхийден бахьана хир ма дац церан!
[16] Веза Эла волчу Аса Сан къам долчу хьох лаьцна аьллера, хьо хазачу кепара болу стоьмаш тӀехь а болуш лаьттачу сийначу зайтдиттах тера бу. Ткъа хӀинца, доккхачу дарцан гӀовгӀанца, Аса цунна цӀе латор ю, цуьнан гаьннаш цхьана а пайденна а хир дац.
[17] И дитт массо а ницкъийн Везачу Эло доьгӀна ду. Цо ма-аллара, и бохамаш хьуна тӀе кхачаран бахьана Исраилан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенаша дина долу зуламаш ду. БаӀална сагӀанаш а дохуш, цара Со оьгӀазвахийтина».
[18] Везачу Эло суна схьадиллира цхьаболчу вочу нахана дагадеънарг, суна иза хаийтархьама.
[19] Со хьалха урс хьакха буьгуш болу жима Ӏахар санна вара: суна ца хаьара цара сайна дуьхьал лелош дерг. Цара сох лаьцна бохура: «Дитт а, цо кхиийнарг а хӀаллакдан деза вай. Дийначеран лаьтта тӀера иза дӀаваккха веза вай, дуьнен чохь цуьнан цӀе кхин ца яккхийта».
[20] Массо а ницкъийн Веза Эла, Ахь нийсонца кхел йо, адамийн дегнаш а, хьекъал а зоь. Суна Ахьа царна бекхам беш ган лаьара, хӀунда аьлча сан гӀуллакх Аса Хьан кара дӀаделла.
[21] ТӀаккха Веза Эла со вен гӀерташ болчу Ӏанатот-гӀаларчу цхьаболчу божарех лаьцна вистхилира соьга. Цара соьга аьллера: «Везачу Элан цӀарах кхайкхамаш ма бе, оха вуьйр ву хьо».
[22] Цундела массо ницкъийн Везачу Эло элира: «Аса царна таӀзар дийр ду. Церан кегий нах туьро бойур бу, ткъа кӀентий а, зудабераш а мацалла лийр ду.
[23] Аса бохам бийр бу Ӏанатот-гӀаларчу оцу божаршна, царна бекхам бечу дийнахь. Царах цхьа а стаг дийна вуьсур вац».