Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Ярми-ЯхӀуга аьлла долу дешнаш иштта дара:

[2] «Везачу Элан цӀийнан ков долчу дӀа а хӀоттий, хӀара хаам дӀакхайкхабе: „ЛадогӀа Везачу Элера долчу дешнашка. ХӀокху кевнна чухула а бовлуш, Везачу Элана суждане оьхуш долчу ЯхӀудан халкъан массара а ладогӀа.

[3] Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гӀуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу.

[4] Ма теша шайна хезаш долчу харцкъамелех. Цхьаболчу наха боху: ‘Кхузахь ду Везачу Элан цӀа! Веза Эла Ша кхузахь волу дела, тхо кхерамехь дац!’

[5] Амма шайн дахар а, гӀуллакхаш а нисдина, вовшашца нийсо а лелош,

[6] тӀебаьхкина болчу нахана гӀело а ца еш, байшна а, бисина Ӏаш болчу зударшна а гӀело а ца еш, бехк боцучеран цӀий а ца Ӏанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тӀаьхьа а ца хӀуьттуш шу лелахь,

[7] Аса хӀокху лаьтта тӀехь даха дуьтур ду шу. ХӀара латта Аса шун дайшна дӀаделла ду, церан тӀаьхье абаденналц цу тӀехь яхийта.

[8] Амма шу ледеш долчу дешнех тешна Ӏаш ду, царах шайна пайда бер боццушехь.

[9] Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чӀагӀо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаӀална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу.

[10] Цул тӀаьхьа Сан цӀе лелош долчу цӀийнан керта тӀе а догӀий, Суна хьалха дӀахӀуьтту шу: ‘Тхо маьршадевлла’ – бохуш. Массо а и дегаза хӀуманаш лелорхьама, шаьш маьршадевлла моьтту те шуна?

[11] Сан цӀе лелош долу хӀара цӀа шуна хьалха зуламхойн бен хилла дӀахӀоьттина те? Суна-м и шадерг а гина! – боху Везачу Эло. –

[12] Дуьххьара Сан Ӏаш йолу меттиг дӀахӀоттийна йолчу Шилун-гӀала а гӀой, хьовса, Аса цу меттигна хӀун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш.

[13] И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгӀира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора.

[14] Цундела Шилун-гӀалина динарг Аса хӀинца Сан цӀе лелош долчу хӀокху цӀенна а дийр ду, шу оцу цӀийнах тешна Ӏаш доллушехь а, Аса хӀара меттиг шун дайшна дӀаеллехь а.

[15] Аса Сайна уллора юхатоттур ду шу, шун гергара йолу Эпрайман тӀаьхье юха-ма-таттара“».

[16] «Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, и къоман дуьхьа Соьга доӀанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хӀунда аьлча Суна хьан доӀа хезар дац.

[17] Хьуна гуш дац цара ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамнекъашкахь а деш дерг?

[18] Бераша дечиг лахьадо, дайша цӀе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш охьадутту, Со оьгӀазвахийтархьама.

[19] Амма цара зен дийриг Со ву те? – боху Везачу Эло. – ХӀан-хӀа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьӀаьржачу а хӀиттош».

[20] Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгӀазло а, дералла а хӀокху меттигна тӀе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тӀе, иштта дитташна а, ялтина а тӀе. Сан дералла цӀе санна йогур ю, ткъа иза дӀаяйа стаг а хир вац».

[21] Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гӀой, Суна дийнаташ дагоран сагӀа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагӀанийн кхидолчу жижигна тӀедилла. Суна цунах хӀумма а ца оьшу – аша-шаьш и дерриг а даа!

[22] Шун дай Мисар-махкара арабаьхначу дийнахь, Аса, цаьрга вист а хуьлуш, дийнаташ дагоран сагӀанех а, вукху сагӀанех а лаьцна цхьа а тайпа весет ца дира.

[23] Амма Аса цаьрга цхьа весет дира: „Соьга ладугӀуш хила, ткъа Со шун Дела хир ву, шу Сан къам хир ду. Аса шайна тӀе мел дехкинчу некъашкахула лела, шайн хьал дика хилийтархьама“, – аьлла.

[24] Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгӀира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тӀе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агӀор а ерзийна.

[25] Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура.

[26] Амма шун дайша Соьга ла а ца дугӀура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра.

[27] Ярми-ЯхӀу, ахьа и хӀума цаьрга дӀадийцахь а, цара хьоьга ладугӀур дац, хьо цаьрга кхайкхахь а, цара хьуна дуьхьал жоп лур дац.

[28] Цундела ахьа ала деза: „ХӀара къам – шен Везачу Делан озе ла ца дугӀуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу – цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“».

[29] «Боьлхуш хила, оцу къоман нах! Шайн месаш, дӀа а ларгий, дӀакхисса. Ерзинчу лакхенашкахь тийжам бе, хӀунда аьлча Везачу Эло хӀара къам дӀатеттина, Ша оьгӀазвахийтина долу къам долчуьра Иза дӀавахана.

[30] Суна вон хеташ долу хӀума дина ЯхӀудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш.

[31] Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолчу Тупатахь цара сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а дагорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.

[32] Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю, хӀунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дӀабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц.

[33] Беллачеран декъий лаьттахь Ӏохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тӀера дӀалахка цхьа а стаг а хир вац.

[34] Аса сацор ду ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хӀунда аьлча хӀара латта дассийна лаьтташ хир ду».

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters