[1] ХӀара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тӀехь лаьтташ йолчу Ӏанатот-гӀаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀентех волчу а Ярми-ЯхӀун ду.
[2] Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира, яхӀудхойн паччахь Аминан кӀант Юши-ЯхӀу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волу кхойтталгӀа шо.
[3] Везачу Элан дош Ярми-ЯхӀуга иштта кхочура яхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхӀун кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла дечу цхьайтталгӀачу шеран пхоьалгӀачу батта тӀекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дӀадигира.
[4] Соьга, Ярми-ЯхӀуга, Везачу Элан дош кхечира:
[5] «Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дӀакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дӀахӀоттийра».
[6] ТӀаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хӀинца а дукха жима ма ву».
[7] Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дӀа мел хьажийначу метте гӀур ву хьо. Аса хьайна тӀедиллинарг дӀа а эр ду ахьа.
[8] Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кӀелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло.
[9] Шен куьг дӀа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХӀинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас.
[10] Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дӀахӀоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цӀарах вистхила. Ахьа дӀахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хӀаллакдина а, дӀадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахӀиттийна а, юхадоьгӀна а хир ду аьлла».
[11] ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?» Аса жоп делира: «Суна бӀаьлланган га го».
[12] Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бӀаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта».
[13] Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхӀу, хӀун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агӀор таьӀна болу».
[14] Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тӀехъоьхур бу.
[15] Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гӀанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахӀиттор ду. ГӀалин пенашна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашна а тӀелетар ду уьш.
[16] Айса дӀахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тӀехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Ӏибадат дора цара.
[17] Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хьала а гӀаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дӀадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама.
[18] Аса хьо хӀинца чӀагӀйина гӀала санна, аьчка бӀогӀам санна, йоьза пен санна, хӀокху лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. ЯхӀудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву.
[19] Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кӀелхьар а воккхур ву».