Skip to content
Opens in a new window

[1] ЛадогӀа, исраилхой, Везачу Эло шайга бохуш долчуьнга.

[2] Иштта боху Везачу Эло: «Кхечу къаьмнийн некъашкахула ма лела, стигаларчу билгалонех а ма кхера, кхин къаьмнаш, уьш бахьана долуш Ӏадийна делахь а.

[3] Царна юкъахь лелаш долу динан Ӏадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху,

[4] Цунна тӀе дети а, деши а дуьллий, хьостамашца дӀатуху, охьа ца дожийта.

[5] И цӀуш кха тӀе дӀахӀиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дӀасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хӀунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац».

[6] Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цӀе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица!

[7] Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догӀуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!

[8] Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цӀушкара иза схьадаларна.

[9] Дуткъадина дети Таршашара деъна, ткъа деши Упазара деъна, цӀушна тӀедилла. И цӀуш бина бу дечиган пхьеро а, дешин пхьеран куьйгаша а. Церан духарш сийначу а, таьӀна-цӀечу а басахь ду. Уьш массо а говзачу белхалоша йина хӀуманаш ю.

[10] Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгӀазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгӀазалла къаьмнашка ла а ца ло.

[11] (Аша, наха, иштта дӀаала цаьрга: «Цу цӀуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тӀера а, стигалшна бухара а дӀаяьхна хир ю».)

[12] Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина, Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.

[13] Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш до, Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.

[14] ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.

[15] Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тӀепаза йовр ю.

[16] Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац, хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.

[17] Шайн массо а хӀума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гӀалина го бийр бу!

[18] Везачу Эло боху: «ХӀокху лаьтта тӀера лаьллина дӀа а дахийтина, Аса хӀара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц».

[19] Ярушалайм-гӀалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хӀара лазарна! И сан чов дукха хала ю. Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц, со цунах толур ю“.

[20] Сан четар хӀаллакдина, массо а цуьнан тӀергаш дӀаяьхна. Сан бахархой со йолчуьра дӀабахана, уьш кхузахь кхин бац. Четар дӀахӀоттош суна гӀо дан стаг а вац, иштта четаран шаршуш дӀатоха стаг а вац».

[21] Вайн Ӏуйшкахь кхетам кӀезиг бу – уьш Везачу Элах дага ца бовлу. Цундела царна тӀера беркат дӀадирзина, церан массо а жа дӀасадаьржина.

[22] ЛадогӀа хӀокху схьайогӀучу гӀовгӀане! Мохк бегош санна йолу гӀовгӀа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхӀудан гӀаланех яьсса аре йийр ю, царах чангӀалкхийн баннаш хир ду.

[23] Суна хаьа, Веза Эла, адаман карахь доцийла цуьнан дахар, цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар.

[24] Нисвехьа со, Веза Эла, амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа. ОьгӀаз а вахана, суна таӀзар ма дехьа, сох хӀумма а воцург ца хилийтархьама.

[25] Хьайн дералла охьаӀанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тӀе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тӀе. Цара Якъубан тӀаьхье дӀакхаьллира, цаста а цестина, и къам дӀа а кхаьллина, иза Ӏаш болу мохк бассийна цара.

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters