Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀара дош Везачу Элера Ярми-ЯхӀуга йокъа бахьана долуш кхечира:

[2] «ЯхӀуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гӀаланаш маргӀалъюлу. Церан нах, тийжаш, Ӏохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш.

[3] Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гӀунаш тӀе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, цара шайн кортош къайладоху.

[4] ДогӀа ца дарна, латта лилхина. латталелорхой дог доьхна лаьтта, цара кортош тӀе хӀума туьллу.

[5] Ур-атталла арахь болчу сено а, ша йина йолу кӀорни юьту, цунна яла буц йоцу дела.

[6] Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ, чангӀалкхаша санна, шайн мерех хӀаваъ чууьйзуш. Церан бӀаьргаш кхоьлина бу, яа буц цахилар бахьана долуш».

[7] Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а, ва Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа гӀо дехьа тхуна. Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла. Хьуна дуьхьал къинош летийна оха.

[8] Хьо Исраилан халкъан сатийсам хилла лаьтта, Хьо бохамах тхо кӀелхьардохург ву. Ткъа хӀунда ву Хьо тхуна хийра стаг санна, буьйса яккха бен чуван воцу некъахо санна?

[9] ХӀунда ву Хьо цецваьлла волу стаг санна? Хьо цхьа а кӀелхьарваккха ницкъ боцучу тӀемалочух тера ву. Амма Хьо, Веза Эла, тхуна юкъахь ву, Хьан цӀе тхуна тӀехь лаьтташ ю. Ма дитахьа тхо Хьайгара гӀо доцуш!

[10] ХӀара боху Везачу Эло оцу халкъах лаьцна: «Цу нахана дукхадеза Сох къехкар, шайн когаш ца сацало цаьрга. Цундела Аса уьш тӀе ца оьцу. Цара летийна къинош Суна дагахь лаьттар ду. Цара летийначу зуламашна Аса царна таӀзар дийр ду».

[11] Везачу Эло элира соьга: «Оцу халкъан диканна доӀанаш ма де.

[12] Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугӀур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кӀен сагӀанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тӀеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца хӀаллакбийр бу Аса уьш».

[13] ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан халкъе пайхамарша олуш ду, Ахьа цаьрга иштта аьлла бохуш: „Нахана мостагӀийн тарраш гур дац, цара мацалла хьоьгур яц. Аса машар латтор бу хӀокху лаьтта тӀехь“».

[14] ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цӀарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хӀумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Ӏехорна а тӀехь лаьтташ бу.

[15] Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цӀарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хӀокху лаьтта тӀе, герз карахь а долуш, мостагӀий богӀур бац, иштта кхузахь мацалла а хӀуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу.

[16] Церан кхайкхамашка ладоьгӀнарш Ярушалайман урамашкахь дӀасакхиссина хир бу, туьро а, мацалло а хӀаллак а бина. Уьш дӀабохка стаг а хир вац: я церан зударий а, я кӀентий а, я зудабераш а. Цара лелийначу вонна догӀу таӀзар Аса дийр ду царна.

[17] ХӀара Сан дош цаьрга дӀакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бӀаьргаш хих бузийла, хӀунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоӀстаг йолчунна боккха бохам баьлла.

[18] Аренга Со араваьлча, туьро хӀаллакбинарш го Суна, гӀала Со чувеача, мацалло кӀелбитинарш а го. Пайхамарш а, динан дай а бу лаьттахула кхетам дӀабаьлла лелаш“».

[19] Веза Эла, кхоччуш дӀатеттина те Ахьа ЯхӀудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чӀогӀа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хӀума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тӀекхочу.

[20] Веза Эла, оха мукӀарло до тхаьш лелийначу Ӏесачу гӀуллакхашна а, тхайн дайша летийначу къиношна а. Хьуна дуьхьал оха къа латийна.

[21] Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа, ма таттахьа тхо дӀа, Хьайн сийлаллин Ӏарш сийсаз ма яккхахьа. Тхоьца Ахьа бина болу барт дагахь латта а бехьа, боха а ма бехьа.

[22] Къаьмнийн цӀуйн догӀа даийта ницкъ ма ца кхочу. Ткъа стигалийн бац ницкъ Хьоьгара а доцуш догӀа даийта. И деш верг Хьо ма ву, тхан Веза Дела! Хьоьца ю тхан массо а дегайовхо, хӀунда аьлча Ахьа деш ду и дерриг а.

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters