[1] «Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду».
[2] Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кӀелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара».
[3] Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дӀа а хӀоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам.
[4] Аса юха а меттахӀоттор ду хьо, йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахӀоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргӀанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду.
[5] Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу.
[6] Цхьа де догӀур ду, гӀаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дӀакхайкхор деш: „ХьалагӀовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тӀе хьаладевр ду вай“».
[7] ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Сакъералуш, Якъубан тӀаьхьенна эшарш лекха, мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна. Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе, иштта ала: „КӀелхьардаккхахьа, Веза Эла, Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“
[8] Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бӀаьрзениг а, астагӀниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.
[9] Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу, доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
[10] Халкъаш, ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, хӀордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дӀахаийталаш: «Исраилан халкъ дӀасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Ӏуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».
[11] Везачу Эло Якъубан тӀаьхье мехах паргӀатйоккхур ю, цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю.
[12] Цийон-лам тӀе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кӀа, керла чагӀар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кӀорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.
[13] «Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гӀайгӀанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
[14] Аса динан дайшна токхе кхача лур бу, Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», – боху Везачу Эло.
[15] Иштта боху Везачу Эло: «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хӀунда аьлча цуьнан бераш дӀадевлла ду».
[16] Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бӀаьрхиш а дӀадаха, ахь бинчу балхана хьуна совгӀат дийр ду, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш мостагӀийн лаьттара юхадоьрзур ду.
[17] Хьан хиндолчунна бу сатийсам, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш шайн махка юхадоьрзур ма ду.
[18] Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Ӏамийнера! ХӀинца со юхадерзадехьа, тӀаккха со Хьуна тӀе юхавоьрзур вара, хӀунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.
[19] Хьох дӀадирзинчул тӀаьхьа, со дохко а даьлла. КараӀамийначул тӀаьхьа некха тӀе куьйгаш деттара ас, хӀунда аьлча юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, со сийсаздинера, айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“.
[20] Эпрайман халкъ Сан хьоме кӀант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогӀу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло.
[21] ДӀахӀоттае хьайн некъан билгалонаш, некъ каро тӀулгаш хьайна охьадахка. Тидам бе хьо леллачу некъан, хьо дӀадуьгуш хиллачу тачанан. ЙоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, юхадерза хьайн гӀаланашка.
[22] Дукха лелар дуй хьо дӀасауьдуш, тешаме йоцу йоӀ санна долу халкъ? Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу: зудчо шен майра кӀелхьарвоккхур ву.
[23] Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахӀоттабича, ЯхӀуд-махкахь а, цуьнан гӀаланашкахь а хӀара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тӀехь Ӏаш йолу меттиг“.
[24] ЯхӀуд-махкахь кхин цхьаьна Ӏаш хир бу гӀаланийн нах а, ахархой а, жаш дажош болу жаӀуй а.
[25] ХӀора кӀадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хӀора гӀелвелларг Аса кхачанах вузор ву».
[26] Со, сама а ваьлла, гонах дӀасахьаьжира: сайн гӀан чӀогӀа тайра суна.
[27] «ТӀейогӀур ю зама, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а мехкашна тӀехь, ахархочо ялта кхиош санна, адамаш а, дийнаташ а кхуьуьйтур йолу.
[28] ДӀаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дӀадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хӀаллакдайта а, цунна тӀе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахӀиттадайта а, лаьтта тӀе дӀадогӀийта а, – боху Везачу Эло. –
[29] Цу хенахь адамаша бохур дац: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“.
[30] Амма хӀора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю.
[31] ТӀекхочуш ду денош, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан тӀаьхьенца а, ЯхӀудан тӀаьхьенца а керла барт бен долу.
[32] Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, – боху Везачу Эло. –
[33] ХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, – боху Везачу Эло. – Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.
[34] ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
[35] Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгӀенаш чӀогӀа гӀоьргӀуьйтуш, хӀорд карзахболуьйту Аса, Сан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.
[36] И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш сецнехьара, – боху Везачу Эло, – Исраилан тӀаьхье гуттаренна а Сан халкъ хуьлучуьра дӀаер яра».
[37] Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара, лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара, Аса Исраилан массо а тӀаьхье дӀатоттур яра цара мел лелийна хӀума бахьана долуш», – боху Везачу Эло.
[38] «ТӀейогӀуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахӀоттон йолу зама, – боху Везачу Эло. – Ерриг а гӀала юхаметтахӀоттор ю Хьананиалан бӀаьвнна тӀера дуьйна Сонерчу кевнна тӀекхаччалц.
[39] Дохалла дустаран тӀийраг Сонерачу кевнна тӀера ГӀарабан гуна тӀе а кхочий, ГуӀа-метте дӀайоьрзур ю.
[40] Декъий дӀадухкуш йолу а, юкъ тӀекхуссуш йолу а тогӀи, иштта малхбалехь долчу Кхидрун-хина тӀе а, къилбаседехь долчу Говрийн кевнна тӀе а кхаччалц йолу аренаш а Везачу Элан еза меттигаш хилла дӀахӀуьттур ю. Ткъа Ярушалайм-гӀала цхьана а заманахь орамашца дӀаяьккхина я йохийна кхин хир яц».