[1] Везачу Элера хӀара дош кхечира Ярми-ЯхӀуга яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу уьтталгӀачу шарахь. Иза иштта Набухди-Нецар Бавелан паччахь волу берхӀитталгӀа шо а дара.
[2] Цу заманахь бавелхойн паччахьан эскаро Ярушалаймана го бинера. Ярми-ЯхӀу-пайхамар яхӀудхойн паччахьан цӀахь йолчу гӀаролхойн кертахь чувоьллина вара.
[3] Иза яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус цу чу воьллина вара, хӀунда аьлча цо Ярми-ЯхӀу иштта бехкевира: «Ахь хӀунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, Набухди-Нецара иза дӀа а лоцур ю.
[4] ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дӀалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бӀаьргашца схьа а гур ву.
[5] ЦӀадукъ-ЯхӀу цо Бавеле дӀавуьгур ву. Иза цигахь Ӏийр ву, Иза цигахь Ӏийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, – иштта боху Везачу Эло. – Нагахь аша хашадхошца тӀом бахь, шу царал тоьлур дац“».
[6] Ярми-ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элера соьга хилла долу дош:
[7] „Хьан ден вешин Шалуман кӀант Хьанамиал хьо волчу вогӀуш ву хьоьга дӀаала: ‘Соьгара Ӏанатот-гӀалахь долу сан кха хьайна дӀаэца – вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“».
[8] Сан ден вешин кӀанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Ӏанатот-гӀалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дӀаэца, хӀунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дӀаэца». ТӀаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла.
[9] Аса Ӏанатот-гӀалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхӀитта шекхал дети а делира.
[10] Латта оьцуш яздечу кехатна кӀел куьг а яздина, иза мухӀарца чӀагӀ а дина, тешаш схьа а кхайкхина, терзанна тӀехь дети уьйзира.
[11] Цул тӀаьхьа аса эцаран кехат схьаийцира – шена тӀехь барт а, тӀедожорш а яздина долу мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а.
[12] Аса иза Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира, сайн ден вешин кӀантана Хьанамиалана а, цу кехат кӀел куьг яздина болчу тешашна а, гӀаролхойн кертахь охьахиъна Ӏаш мел болчу яхӀудхошна а хьалха.
[13] Царна хьалха аса Барухана тӀедиллира:
[14] «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ХӀара эцаран кехаташ – мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а – схьа а эций, кхийрачу кхаби чу дӀадилла, уьш заманан йохаллехь лардайта“.
[15] Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „ЦӀенош а, кхаш а, кемсийн бошмаш а юха а хӀокху махкахь оьцуш хир ю“».
[16] Латта оьцуш долу кехат Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀа а делла, Везачу Эле доӀа дира аса:
[17] «Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хӀума а дац.
[18] Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таӀзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу!
[19] Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гӀуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бӀаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хӀоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггӀург дӀало.
[20] Веза Эла, Ахьа инзаре гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хӀара хан тӀекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хӀума бахьана долуш массанхьа а гӀараяьлла Хьан цӀе.
[21] Тамашийна билгалонаш а, инзаре гӀуллакхаш а деш, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, доккхачу къематаца а Хьайн Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхина Ахьа.
[22] Ахьа царна хӀара латта а делла, церан дайшна лур ду аьлла Айхьа чӀагӀо йина долу. И токхе латта шуьрех а, мазах а дуьзна ду.
[23] Цара, цу лаьтта тӀе а баьхкина, иза шайн дола даьккхина. Амма Ахьа бохучуьнга цара ла ца дугӀура, Хьан товрат-хьехамца уьш ца лелара. Ахьа шайна кхочушдан тӀе мел диллинарг цара кхочуш ца дора. И хӀума бахьана долуш Ахьа царна тӀе и массо а бохамаш баийтина.
[24] Хьажахьа, мостагӀаша гӀалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а гӀалина тӀелеташ болчу хашадхойн кара дӀадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.
[25] Ткъа Ахьа, сан Хьалдолу Эла, соьга элира: „Хьайна детих кха эца, и кха оьцучу хенахь тешаш а балабе“. Иза Ахьа соьга боху, хашадхойн эскар гӀала дӀалаца кечделлачу хенахь».
[26] ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:
[27] «Ярми-ЯхӀу, Со – Веза Эла ву, массо а адамашна тӀехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хӀума дуй те?»
[28] Цундела Везачу Эло иштта боху: «Ас кестта Ярушалайм хашадхойн а, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а кара дӀалур ю, цо иза дӀа а лоцур ю.
[29] Цунна тӀелеташ болчу хашадхоша, гӀалина чу а баьхкина, гӀаланах цӀе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тӀехь БаӀална хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш дахарна а, наха Со оьгӀазвахийтина массо а цӀенош шаьш дагийна хир ду.
[30] Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гӀуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгӀазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, – боху Везачу Эло. –
[31] ХӀара гӀала йинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц кхуьнан бахархоша Со оьгӀазвоьду хӀуманаш лелийна, цундела хӀара Сайн бӀаьргашна хьалхара дӀаяккха сацам бина Аса.
[32] Ас иза дийр ду, Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша мел лелийна вонаш бахьана долуш. Цара а, церан паччахьаша а, баьччанаша а, динан дайша а, пайхамарша а, иштта ЯхӀудан халкъо а, Ярушалайман бахархоша а и массо а вон гӀуллакхаш леладора.
[33] Шайн юьхьан метта цара Суна букъ берзийна. Со уьш юх-юха а Ӏамо гӀертахь а, цара Соьга ла а ца дугӀура, шаьш Соьга нийсачу новкъа а ца буьгуьйтура.
[34] Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш.
[35] Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цара БаӀална лерина сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагӀина дӀабалархьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхӀудан халкъе къа латадайтира».
[36] «Ахьа а, хьоьца болчара а оцу гӀаланах лаьцна боху: „Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а и гӀала Бавелан паччахьан кара дӀайолуьйтур ю“. Ткъа хӀинца ладогӀа, – боху Исраилан Везачу Дала, – оцу гӀаланах лаьцна Аса бохучуьнга.
[37] Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хӀокху метте юхаберзор бу, сашортехь Ӏайтархьама.
[38] Уьш Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
[39] Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тӀаьхьенан диканна а хир ду.
[40] Аса цаьрца массо а тӀейогӀучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кӀорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дӀа ца къастийта.
[41] Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хӀокху лаьтта тӀе чӀагӀбина баха охьаховшор бу».
[42] Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас.
[43] ХӀинца оцу махках наха иштта олу: „И мохк бассабелла бу, кху тӀехь я адамаш а, я хьайбанаш а дац, хӀунда аьлча иза хашадхойн кара дӀабелла бу“. Делахь а, хинйолчу хенахь оцу махкахь кхаш кхин а оьцур ду.
[44] Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теӀадеш, мухӀарца чӀагӀдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, гунаш тӀехь а, малхбузехьа долчу акъари тӀехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло.