Skip to content
Opens in a new window

[1] Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гӀала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела. Кхиръятим, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, схьалаьцна хир ю. Цуьнан гӀап, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, йохийна хир ю.

[2] Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хӀаллакдийр ду вай и къам“, – бохуш. Хьо а, Мадмон-гӀала, дӀатийна хир ю, тур хьуна тӀаьхьадаьлла лелар ду.

[3] Хьоронайм-гӀаларчу наха маьхьарий детта: „Мел бохам бина! Мел чӀогӀа йохийна!“

[4] Муабин къам хӀаллакдина ду. Цуьнан бераш чӀогӀа доьлхуш ду.

[5] Лухьайте хьалаболучу новкъахь адамаш ца совцуш доьлхуш ду. Хьоронайм тӀера боьдучу новкъахь гӀайгӀане маьхьарий ду хезаш мостагӀаша дохор бахьана долуш.

[6] Довдалаш, кӀелхьардаккхалаш шайн дахар! Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш.

[7] Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Ӏийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гӀур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш.

[8] ХӀора гӀали чу хӀаллакдеш верг вогӀур ву, цу гӀаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц. ТогӀеш а хӀаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю. Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду.

[9] Муабин къомана тӀемаш лойша, иза, тӀема а баьлла, дӀабахийта. Цуьнан гӀаланаш яссалур ю, хӀунда аьлча цу чохь Ӏен стаг хир вац».

[10] (НеӀалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неӀалт хир ду шен туьре цӀий ца Ӏанадойтучунна а.)

[11] Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргӀат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагӀар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра.

[12] Делахь а, кестта тӀейогӀур ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса чагӀар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагӀар санна, охьаӀанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю.

[13] ТӀаккха Муабин халкъ юьхьӀаьржачу хӀуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тӀаьхье, Бетал-гӀалахь болчу цӀуйх а тешна, юьхьӀаьржачу хӀоттаре терра.

[14] Шуьга муха алалур ду: „Тхо турпалхой ду, тӀом бан ницкъболу адамаш ду тхо“?

[15] Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гӀаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кӀентий а бу хӀаллакьхуьлуш, – боху Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. –

[16] ТӀекхочуш ду Муабин къам хӀаллакьхилар, бохам цунна тӀекхача сихбелла.

[17] Тийжар хӀоттаде цу къоман дуьхьа, цунна гонах мел Ӏаш долчу къаьмнаша а, цуьнан цӀе евзаш мел долчу халкъаша а. Ала: „Маржа-яӀ! Нуьцкъала къам дӀадаьлла, цуьнан сийлалла хӀинца дайна лаьтта“.

[18] Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара, лаьттарчу чена юккъе охьаховша. Муаби-мохк хӀаллакбийриг хьуна тӀелета, ткъа Цо шун массо а гӀепаш йохор ю.

[19] ӀаруӀерахь дехаш долу адамаш, некъа йисте дӀа а хӀиттий, хьовса. ДӀауьдуш болчу божаршка а, кӀелхьарбовлуш болчу зударшка а хаттар де: „ХӀун хилла шуна?“

[20] ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Муабин къам, хӀунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дӀахаийта Муабин къам хӀаллакдина хилар.

[21] ТаӀзар дина шерачу аренашкахь йолчу гӀаланашна: Хьулон-гӀалина а, ЯхӀац-гӀалина а, МейпаӀат-гӀалина а,

[22] иштта Дибон-гӀалина, Набу-гӀалина, Байт-Диблатаймна,

[23] Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаӀунна,

[24] Кхиръют-гӀалина, Бацарна – ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гӀаланашна.

[25] Муаби-мехкан ницкъ дӀабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, – боху Везачу Эло.

[26] Вахон малар мала Муабин къомо, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Ӏетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош.

[27] Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цӀе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол?

[28] Йита гӀаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Ӏаш долу кхокхий санна хила.

[29] Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду.

[30] Суна девза цуьнан дозалла дар, – боху Везачу Эло, – ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац.

[31] Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хӀора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву.

[32] Со ЯӀзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯӀзир-гӀалина уллорачу хӀордана тӀе кхаччалц Ӏохкуш яра. Ткъа хӀинца хӀаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тӀелетира.

[33] Ирс а, синкъерам а дӀабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагӀаран Ӏовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац.

[34] Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиӀалера а адам, церан белхар ЯхӀац-гӀала кхаччалц дӀахезаш ду, иштта ЦӀоӀар-гӀала дуьйна Хьоронайм-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши а дӀахезаш ду иза. Нимраймара хи а дӀасецна.

[35] Ас сацор ду, – боху Везачу Эло, – муабахоша шайн дезачу гунаш тӀехь сагӀанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогӀу хӀума ягор а.

[36] Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хӀунда аьлча церан массо а бахам хӀаллакьхилла.

[37] ХӀораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тӀехь сингаттаман бедарш ю.

[38] Муаби-махкарчу цӀенойн хӀора тхевнна тӀехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хӀунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегӀа санна, хӀаллакбина, – боху Везачу Эло. –

[39] Ма хӀаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина».

[40] Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тӀееанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Муаби-махкана тӀехула.

[41] Цуьнан гӀаланаш а, гӀепаш а схьайохур ю, хӀора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду.

[42] Муабахой хӀаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна.

[43] Ӏадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, – боху Везачу Эло. –

[44] Ӏадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хӀунда аьлча Ас Муаби-махкана тӀе таӀзаран денош далор ду, – боху Везачу Эло. –

[45] Хьешбон-гӀалин пенийн ӀиндагӀехь бевдда боьлхурш гӀо доцуш лаьтта, хӀунда аьлча Хьешбонера цӀе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гӀалара алу марсаяьккхира. Цу цӀеро муабахойн бӀаьштигаш ягайо, оцу гӀовгӀа ечеран туьтанех цӀе летира.

[46] Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хӀаллакьхилла! Хьан кӀентий кхечу махка дӀабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дӀадигина ду.

[47] Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», – боху Везачу Эло. Муабина тӀехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters