Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло боху: «ЯхӀудан халкъан къа аьчка уьрсаца дӀаяздина ду тӀулгах динчу нехан дегнашна тӀехь. Церан къа мокхазца хедийча санна ду сагӀа доккхучу кхерчийн маӀаш тӀехь.

[2] Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бӀогӀамаш а. Ма „хаза“ дӀахӀиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тӀехь а,

[3] лаьмнаш тӀехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду.

[4] Аса шу, мостагӀийн лолле дӀа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дӀадохуьйтур ду, хӀунда аьлча аша Сан оьгӀазаллин цӀе самаяьккхина. И цӀе массо а ханна йогур йолуш ю».

[5] Иштта боху Везачу Эло: «НеӀалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гӀортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дӀадаьккхина лелаш волчунна.

[6] Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Ӏийр ву иза.

[7] Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тӀетовжа меттиг – Веза Эла ерг а.

[8] И стаг, хин татол долчохь дӀадоьгӀна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тӀееача. Цуьнан гӀа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тӀе стом ца латош а ца хуьлу.

[9] Мекара ду адаман дог, чӀогӀа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа.

[10] Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггӀург дӀадалархьама».

[11] Моша кхечу олхазарша дина долчу хӀоаш тӀе тевна даккха охьахоу. Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг. Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву, шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.

[12] Далла лерина долу оха дина деза цӀа дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Ӏарш санна ду.

[13] Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Хьох дӀабевллачеран цӀераш эхарте дӀаязйина ю, хӀунда аьлча шайна цӀеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.

[14] Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.

[15] Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!»

[16] Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара, бохаман де тӀекхачаре сатесна а вацара. Хьуна иза хууш ма ду. Сан багара даьлла дош Хьуна хьалха дӀадиллина ма ду.

[17] Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тӀетовжийла ма ю.

[18] ЮьхьӀаьржачу хӀиттабехьа сан мостагӀий, ткъа со юьхькӀайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргӀат хилийтахьа. Царна тӀе бохаман де тӀедаийтахьа, уьш кхоччуш хӀаллакбехьа.

[19] Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гӀой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дӀахӀотта, яхӀудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа.

[20] Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, ЯхӀуд-махкара дерриг халкъ а, гӀалин кевнийн неӀаршкахула чу мел богӀу Ярушалайман бахархой а!

[21] Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоӀучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха.

[22] Иштта шайн хӀусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тӀе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза.

[23] Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгӀира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогӀа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна.

[24] Нагахь санна аша Аса хӀинца бохучуьнга ла ца догӀахь, – боху Везачу Эло, – хӀокху гӀалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь,

[25] тӀаккха кху гӀалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тӀаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гӀудалкхаш тӀехь а, говрашна тӀехь а богӀур бу, ЯхӀудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю.

[26] ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашкара а, Ярушалайм-гӀалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхӀуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагӀанаш, кӀен сагӀанаш, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн сагӀанаш, баркаллин сагӀанаш Делан цӀа долчу схьадахьар ду.

[27] Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догӀахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цӀе латор ю. Аса кху гӀалахь мел йолу гӀепаш ягийна дӀайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дӀаяйа йиш хир яц’“».

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters