Skip to content
Opens in a new window

[1] Уьш КӀамхӀамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀант Язан-ЯхӀу а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дахара.

[2] Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогӀахьа, Ярми-ЯхӀу. Дийна дисначу тхуна тӀера доӀа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхӀу, дуккха а хилла долу тхо кӀеззиг бен ца дисар.

[3] ДоӀа дехьа, хьан Везачу Деле тхо даха деза некъ а гайтахьара, оха хӀун дан деза а дийцахьара алий».

[4] ТӀаккха Ярми-ЯхӀу-пайхамаро царна жоп делира: «Аша бохуш дерг со хезаш ву, аса шун Везачу Деле доӀа а дийр ду, аша соьга ма-деххара. Везачу Элера сайна хезнарг, цхьа а хӀума къайла а ца доккхуш, шуьга дӀа а дуьйцур ду».

[5] Цара Ярми-ЯхӀуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь.

[6] И хаам дика хилахь а, вон хилахь а, оха хьо вохуьйтучу тхан Везачу Дала бохучуьнга ладугӀурш хир ду тхо. Тхан Везачу Деле тхо ладугӀуш делахь, тхуна диканиг хир ма ду».

[7] Итт де даьлча, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира.

[8] Цо Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а ша волчу дӀакхайкхира.

[9] Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «Шайн дехар дӀадала аша со тӀевахийтинчу Исраилан халкъан Везачу Дала боху:

[10] „Нагахь санна шу хӀокху лаьтта тӀехь совцахь, Аса шу юхаметта а хӀоттор ду, дохор а дац. Аса шу дӀа а дугӀур ду, орамашца схьа а дохур дац, хӀунда аьлча Со хӀинца дохковаьлла Ас шуна баьккхина бохам бахьана долуш.

[11] Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, – боху Везачу Эло, – хӀунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кӀелхьардохур а ду.

[12] Аса шух къинхетам бийр бу, Бавелан паччахь шуьца къинхетаме а хуьлуьйтуш. Цо шуна шайн махка юхадерза могуьйтур ду“.

[13] Шайн Везачу Дала бохучуьнга ла а ца дугӀуш, аша иштта ала тарло: „Тхо дуьсур дац ЯхӀуд-махкахь.

[14] Тхо Мисар-махка дӀа а гӀур ду, цигахь Ӏийр а ду, цу меттехь тхох тӀом а хьакхалур бац, тӀаме кхойкхуш долу коьман маӀан аз тхуна хезар а дац, цигахь тхуна мацалла а гур яц“.

[15] Нагахь аша иштта алахь, ЯхӀуд-махкахь дийна бисинарш, тӀаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогӀа деза. ЛадогӀа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дӀадаха а, цигахь Ӏан а баккъал сацам бинехь,

[16] шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тӀаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тӀекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду.

[17] ХӀора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кӀелхьарвер вац“.

[18] Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгӀазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тӀе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тӀе охьаӀанор ю, шу Мисар-махка дӀадахча. Наха шун цӀе яккхарца неӀалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хӀара меттиг а гур яц шуна“.

[19] Ва ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш, Везачу Эло шуьга элира: „Мисар-махка ма гӀолаш“. Цундела ас шуьга чӀогӀа дӀахьедар до,

[20] шу шайгара гӀалат далийта дохку, ткъа цу гӀалато шу Ӏожалле далор ду. Аша со шун Веза Дела волчу вахийтира, соьга иштта олуш: „Тхуна тӀера вайн Везачу Эле доьхуш доӀа дехьа. Цо мел аьлларг тхоьга дӀаалахьа, ткъа оха иза кхочушдийр ду“.

[21] Тахана аса шуьга Везачу Элера болу хаам дӀакхачийра, амма шуна ца лаьа, Цо соьгахула шайга аьлларг а деш, Цуьнга ладогӀа.

[22] ХӀинца хаа ду шуна: шаьш даха дӀадаха шуна охьаховша лууш йолчу меттехь туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакдийр ду шу».

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters