Skip to content
Opens in a new window

[1] Юши-ЯхӀун кӀант волчу а, яхӀудхойн паччахь волчу а ЯхӀу-Якхама олалла дечу доьалгӀачу шарахь Ярми-ЯхӀу-пайхамаро олу дешнаш Нери-ЯхӀун кӀант Барух тептар тӀехь дӀаяздеш вара. Оцу хенахь Ярми-ЯхӀу Барухе вистхилира:

[2] «ХӀара боху хьоьга, Барух, Исраилан халкъан Везачу Дала:

[3] „Ахь боху: ‘Маржа-яӀ! Везачу Эло сан деган лазамна тӀе гӀайгӀа тоьхна. Аса дечу узарша гӀелвина со, ткъа суна синтем бац’.

[4] Иштта дӀаала цуьнга, Ярми-ЯхӀу: ‘Везачу Эло боху: ‹Айса мел хӀоттийнарг а Ас дохор ду, Айса дӀа мел йоьгӀнарг а орамашца схьайоккхур ю. Иза Ас дерриг а махка тӀехь дийр ду.

[5] Барух, Аса хьайна даккхий гӀуллакхаш дар лууш вуй хьо? Ма лаа иза, хӀунда аьлча Ас массо а адамашна боккха бохам бийр бу, – боху Везачу Эло. – Амма хьо мичча вахча а, хьан дахар Аса хьуна, хӀонс санна, лур ду›’“».

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters