Skip to content
Opens in a new window

[1] ПирӀун Ӏази-гӀалина тӀелатале хьалха Ярми-ЯхӀу-пайхамаре Везачу Элера пӀелаштамхойх лаьцна болу хӀара хаам кхаьчна.

[2] Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тӀехйолу Ӏовраш хир ю. Уьш тӀеевр ю пӀелаштамхойн махкана а, цу тӀехь мел долчу хӀуманна а тӀе, гӀаланашна а, царна чохь Ӏаш долчу адамашна а тӀе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Ӏаш берш боьлхур бу.

[3] Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гӀудалкхаша еш йолу гӀовгӀа а хезар ю. Цу гӀовгӀана юкъахь дай шайн берашка дӀахьажа а, царна гӀо дан а кхуьур бац, хӀунда аьлча гӀора дӀадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду.

[4] Берриг а пӀелаштамхой хӀаллакбен де тӀекхаьчна, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а дисина долу гӀо дӀахеда хан тӀекхаьчна. Везачу Эло хӀаллакбийр бу пӀелаштамхой, КаптӀар-гӀайренах схьаваьлла мел виснарг.

[5] Шайн сингаттам а гойтуш, Ӏази-гӀаларчу наха шайн кортош дӀадошур ду, Ашкхилун-гӀалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПӀелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догӀмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама?

[6] „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таӀзар деш? – боху аша. – Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“.

[7] Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гӀалина а, хӀордан йистана а, тӀелата омра дина Везачу Эло».

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters