[1] ЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Якхаман паччахьаллин хьалхарчу шарахь Везачу Элера хаам кхечира.
[2] Цо элира: «Везачу Элан цӀийнан керта дӀа а хӀоттий, Цуьнан цӀенна уллохь Далла Ӏибадат дан баьхкина болчу а, ЯхӀуд-махкарчу болчу а массо а нахе вистхила.
[3] Шайга бохучуьнга ла а доьгӀна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тӀера дӀаберза мегара уьш. ТӀаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара.
[4] Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогӀа деза!
[5] Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугӀура. ХӀинца церан дешнашка аша ладогӀа деза!
[6] Шу иштта ца лелахь, тӀаккха Аса хӀокху Сан дезачу цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду. ТӀаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хӀокху гӀалин цӀе яккхарца неӀалташ бохур ду“».
[7] Динан дай а, пайхамарш а, массо а халкъ а ладугӀуш дара Ярми-ЯхӀус хӀара дешнаш Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀакхайкхочу хенахь.
[8] Ярми-ЯхӀус Везачу Эло шега дӀаала аьлларг дерриге а халкъе дӀаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза!
[9] ХӀунда бо ахьа Везачу Элан цӀарах хаамаш, хӀокху Везачу Элан цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду, хӀара Ярушалайм-гӀала йохийна а, яссийна а дӀахӀоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀахӀоьттира, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал а даьлла.
[10] Иза шайна дӀахезча, яхӀудхойн тхьамданаш, паччахьан цӀа чуьра ара а бевлла, Везачу Элан цӀа долчу баьхкира. Везачу Элан цӀийнан керта тӀе вогӀучохь лаьтташ долчу Керлачу кевнна уллора шайн меттигаш дӀалецира цара.
[11] ТӀаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХӀокху стагана вен кхел ян догӀуш ду, хӀунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гӀалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!»
[12] Массо а тхьамданашка а, дерриг а халкъе а Ярми-ЯхӀус элира: «Везачу Эло ваийтина со хӀокху цӀийнах а, хӀокху гӀаланах а лаьцна шуна мел хезна хаамаш бан.
[13] Нисде шайн некъаш а, шайн гӀуллакхаш а, ткъа шайн Везачу Дала бохучуьнга ладогӀа. ТӀаккха Цо, дохко а ваьлла, Ша аьлла болу бохам шуна бийр бацара.
[14] Ткъа со шун карахь ву. Шайна дика а, нийса а хеташ дерг де суна.
[15] Амма аша со вехь, шу цхьана хӀуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цӀий шайх а, хӀокху гӀаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хӀунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дӀахазийта».
[16] ТӀаккха тхьамданаша а, дерриг халкъо а элира динан дайшка а, пайхамаршка а: «ХӀара стаг вен кхел ян вогӀуш вац, хӀунда аьлча цо вайн Везачу Делан цӀарах къамел дина тхоьца».
[17] Масех къано, хьала а гӀаьттина, вистхилира дерриге а халкъан гуламе:
[18] «Муршатахо волу Мика-ЯхӀу пайхамар хилла яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхӀудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю’.
[19] ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀус а, ЯхӀудан халкъо а вийрий Мика-ЯхӀу? Хьузакх-ЯхӀу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“».
[20] (ХӀокху гӀалина а, махкана а дуьхьал Везачу Элан цӀарах, Ярми-ЯхӀус ма-аллара, Делера болу хаамаш беш кхин цхьа стаг вара. Иза Кхиръят-ЯӀариман вахархо волу ШамӀа-ЯхӀун кӀант УръяхӀу вара.
[21] ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тӀеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дӀахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хӀума шена хиъча, УръяхӀу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дӀавахара.
[22] Амма ЯхӀу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина,
[23] цигара УръяхӀу схьавалавайтира. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.)
[24] Амма Шапанин кӀант Ахьикхам Ярми-ЯхӀуна тӀехӀоьттира, цундела иза халкъан кара дӀа ца велира, цаьрга ца вейтархьама.