[1] Ярушалаймера Ярми-ЯхӀу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дӀабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а.
[2] И кехат дахьийтира паччахь волу Яхун-ЯхӀу, цуьнан нана а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а паччахьан кертара ялхой а, тхьамданаш а, иштта дечиган а, аьчка пхьераш а Ярушалаймера дӀабигинчул тӀаьхьа.
[3] Ярми-ЯхӀус и кехат дӀаделира Шапанин кӀанте ЭлиӀасига а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀанте Гамар-ЯхӀуга а. ЯхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус уьш Бавел-махкахь волчу Набухди-Нецар-паччахьна тӀе дӀабахийтинера. Цу кехатан чулацам хӀара бара:
[4] «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу массо а йийсархошка иштта боху:
[5] „Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа.
[6] Зударий а балабе, шайна кӀентий а, зудабераш а кхиаде. Шайн кӀенташна зударий а балабе, зудабераш маре а дахийта, церан дуккха а кӀентий а, зудабераш а хилийта, шаьш кӀезиг ца хилийта а, шайн тӀаьхье дебийта а.
[7] Аса шаьш дӀадахийтина йолчу гӀалин машар а, беркат а совдаккха гӀерта, и гӀала Везачу Эле йоьхуш доӀанаш а де, хӀунда аьлча цу гӀалахь беркат хилча, шуна а беркат хир ду“.
[8] Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гӀенаш гушболчеран гӀенех а ма теша.
[9] Цара Сан цӀарах харцкхайкхамаш бо. Уьш Ас баийтина бац“, – боху Везачу Эло.
[10] Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тӀаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хӀокху метте схьа а дерзош.
[11] ХӀунда аьлча шуна лерина йолу Сан ойланаш Суна бен ца хаьа, – боху Везачу Эло. – И Сан ойланаш шуна аьттонна ю, шуна вонна яц, сатийсамах дуьзна долу хиндерг шуна дӀадала лерина ю уьш.
[12] Шу Соьга кхойкхуш, доӀанаш деш, Со волчу догӀучу хенахь, Аса шуьга ладугӀур ду.
[13] Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь,
[14] Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дӀалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дӀадигначу метте юхадалор ду Аса шу“.
[15] Аша ала мегар ду: „Везачу Эло Бавелехь а ма белла тхуна пайхамарш“.
[16] Амма Везачу Эло Даудан гӀанта тӀехь Ӏаш волчу паччахьах лаьцна а, иштта кху гӀалахь дехаш долчу йийсаре дигаза дисинчу хьан къомахойх лаьцна а иштта боху.
[17] Царах лаьцна массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса кестта оцу адамашна тӀе тӀом а, мацалла а, Ӏожаллин ун а хьажор ду, Аса уьш яа мегаш ца хиллал телхина йолу вон инжираш санна бина дӀахӀиттор бу.
[18] Со царна туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца тӀаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дӀа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу.
[19] Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгӀна дела, – боху Везачу Эло. – Цара ла ца дугӀура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дӀадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугӀура“, – боху Везачу Эло.
[20] Ткъа аша, массо а Аса Ярушалаймера Бавеле дӀабахийтинчу йийсархоша, Везачу Эло бохучуьнга ладогӀа.
[21] Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Сан цӀарах шуна харцхаамаш бечу Къули-ЯхӀун кӀантах Ахьабах а, МаӀсей-ЯхӀун кӀантах ЦӀадукъ-ЯхӀух а лаьцна иштта боху: „Уьш Аса Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран кара дӀалур бу, ткъа цо уьш шун бӀаьргашна хьалха хӀаллакбийр бу.
[22] Бавелехь йийсарехь болчу массо а яхӀудхоша, царах масал а далош, шаьш неӀалт кхайкхочу хенахь иштта бохур ду: ‘Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цӀергахь вагийна волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуний, Ахьабний диннарг дойла шуна Везачу Эло’.
[23] Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гӀуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цӀарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хӀума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, – боху Везачу Эло».
[24] Нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуга дӀаала:
[25] «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаӀсей-ЯхӀун кӀанте Цапни-ЯхӀуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тӀехь яздина дара:
[26] ‘Хьо Везачу Эло ЯхӀу-ЯдаӀана метта динан да вина дӀахӀоттийра, хьоьга Везачу Элан цӀийнан керта тӀехь куьйгалла дайта а, иштта хӀора, ша пайхамар ву бохуш, хьераваьлча санна лелаш верг набахти чу воллийта а. И санна волчу стагана, буржал а тоьхна, коча гӀомат йолла еза.
[27] Ахьа тӀех хӀунда ца диттира Ӏанатотхо волчу Ярми-ЯхӀуна, шайна юкъахь, иза пайхамар ву бохуш, лелаш хилча?
[28] Цо тхо долчу Бавеле а хӀара хаам баийтина: ‹Шун йийсарехь хилар деха хир ду. Шайна цӀенош а дай, цу чохь Ӏе, бошмаш дӀа а йогӀа, цу тӀера стоьмаш а баа›’“».
[29] Динан да волчу Цапни-ЯхӀус и кехат Ярми-ЯхӀу-пайхамарна дӀадешча,
[30] Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира:
[31] «Ярми-ЯхӀу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хӀара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀух лаьцна: ‘ШамӀа-ЯхӀус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’.
[32] И хӀума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамӀа-ЯхӀуна а, цуьнан тӀаьхьенна а таӀзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тӀаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, – боху Везачу Эло, – хӀунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“».