Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло элира: «Даха а гӀой, Ярушалайман урамашкахула а, майданашкахула а лахийта нийсо кхочушъеш волу, Суна тешаме хуьлуш волу цхьа стаг. ТӀаккха Аса Ярушалаймана гечдийр дара.

[2] Шаьш дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо яхь а, цунах а ца тешаш, харцонца бист ма хуьлу уьш».

[3] Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таӀзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тӀулгал а чӀогӀа чӀагӀйина, Хьуна тӀедерза царна ма ца лаьара.

[4] Амма аса сайга элира: „Уьш къен нах хила мега, цаьргахь хьекъал дац. Цундела царна Везачу Элан некъ а, Дала тӀедиллинарг а ца девза.

[5] Со халкъан баьччанаш болчу гӀур ву. Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а, шайна Дала тӀедиллинарг а“. Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тӀера дӀадаьккхина, шайн Цуьнца йолу массо а зӀенаш а хедийна.

[6] Цундела хьуьнхара лом царна тӀе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цӀоькъаберг а церан гӀаланашна уллохь кӀелхуур ю, царах араваьлларг ватӀорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а».

[7] «Муха вала веза Со хьуна къинтӀера, ЯхӀуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дӀахерделла. Уьш цӀушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш.

[8] Уьш юстийна йолу говраш санна бу, шайн хьайна хиларца лулахочун зудчуьнга дог хоуьйтуш болу.

[9] Иштта леларна Аса таӀзар дийр дац те? – боху Везачу Эло. – И санна долчу халкъана Аса бекхам бийр бац те?

[10] Хьала а гӀовтта, цуьнан кемсийн бошмашкахула дӀа а гӀо, уьш йоха а еш. Амма кхоччуш уьш йохо ца оьшу – керла гаьннаш дӀа а даха, хӀунда аьлча уьш Везачу Элан дац.

[11] Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаш Суна кхоччуш тешаме доцуш лелара», – боху Везачу Эло.

[12] Цара Везачу Элах лаьцна харцдерг дуьйцура: «Везачу Эло тхуна хӀумма а дийр дац, тхуна цхьа а тайпана вон дерг а хир дац, тхуна мацалла а гур яц.

[13] Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гӀойла», – бохуш.

[14] Цундела массо а ницкъийн Везачу Дала боху: «Оцу наха иштта дешнаш аьлла дела, хьан багахь долчу Сан дешнех, Ярми-ЯхӀу, Аса йогуш йолу цӀе йийр ю. И нах Аса дечиг санна хуьлуьйтур бу, ткъа цӀеро уьш дӀакхоллур бу.

[15] Исраилан халкъ, – боху Везачу Эло, – Аса кхуза генарчу махкара къам далор ду, иза шуна тӀелатийта. Иза, ницкъ болуш, шира къам ду. Цуьнан мотт хьуна ца хаьа, цо бохучух хьо кхетар дац.

[16] Церан Ӏад-ботт схьадиллина долу каш санна ду, ткъа уьш шаьш чӀогӀа майра нах а бу.

[17] Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дӀабуур бу, хьан кӀентий а, зудабераш а хӀаллакдийр ду, хьан уьстагӀий а, стерчий а дӀадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дӀакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чӀагӀйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гӀаланаш хӀаллакйийр ю.

[18] Амма цу деношкахь а Аса шу массо а хӀаллакдийр дац, – боху Везачу Эло. –

[19] Нагахь санна хьайга хӀун бахьана долуш до Везачу Эло тхуна и зенаш аьлла хаттахь, цаьрга жоп ло: „Шайн махкахь, Со дӀа а теттина, кхечу деланашна аша гӀуллакх даре терра, хӀинца шайн боцучу махкахь а болуш, хийрачу нахана гӀуллакхаш дийр ду аша“».

[20] Везачу Эло элира: «ДӀакхайкхаде и хӀума Якъубан тӀаьхьене а, иштта ЯхӀудан халкъе а:

[21] „ЛадогӀа, Ӏовдал, кхетам боцу къам. Шун бӀаьргаш ду, амма шуна хӀумма а ца го, шун лергаш ду, амма шуна хӀумма а ца хеза.

[22] Сох кхоьруш хила ца деза те шу? – боху Везачу Эло. – Суна хьалха дегош хила ца деза те шу? ХӀордана гонах гӀамаран доза дӀахӀоттийнарг Со ву шуна! ХӀорд оцу дозанал тӀехбаьлла цкъа а дӀасабаржийта мегар дац. ТулгӀенаш хин йистах мел еттаяларх, церан дозанал уьш араевр яц. ТулгӀенаш мел карзахйовларх, цу хин йистал уьш арайовлалур яц“.

[23] Амма хӀара халкъ чӀогӀа аьрха халкъ ду. Уьш, дӀа а бирзина, дӀабахара.

[24] Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бӀаьста а догӀа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“.

[25] Аша лелийначу зуламаша хӀара дика хӀуманаш шуна генадаьхна, аша летийна долу къинош бахьана долуш Дала деш хилла долу диканиг шух дӀакъастийна.

[26] Сан къомана юкъахь вонаш дукха бу: уьш олхазарш лецархой санна, шайн цӀаьлгаш дӀахӀиттош бу, амма церан цӀаьлгаша лоьцуш дерш олхазарш дац, адамаш ду.

[27] Олхазарш чохь долу цӀелиг санна, церан хӀусамаш харцонех юьзна ю. И харцонаш бахьана долуш уьш лакха а бевлла, цара хьал а гулдина,

[28] церан догӀмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гӀуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо.

[29] Цу бахьанина царна таӀзар дан ца деза те Аса? – боху Везачу Эло. – Бекхам бан ца беза те Аса хӀара санна долчу халкъана?

[30] Оцу махкахь цхьа инзаре а, къемате а хӀума хилира:

[31] пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хӀума деза. Амма хӀун дийр ду те аша, чаккхе тӀекхаьчча?»

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters