Skip to content
Opens in a new window

[1] «Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьӀахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьӀахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю.

[2] Оцу нехан даьӀахкаш дӀасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кӀелахь. Стигалара и хӀуманаш хӀокху нахана езара, царна хӀокху наха гӀуллакх а дора, уьш царна тӀаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Ӏибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьӀахкаш, уьш цхьаммо а дӀа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Ӏуьллуш долу кхо санна, цигахь Ӏохкур ю.

[3] Аса уьш мичча а дӀалаьхкинчу меттигашкахь оцу вочу халкъах массо а дийна дисначарна дахарал Ӏожалла дика хетар ю», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

[4] «Ярми-ЯхӀу, халкъе Везачу Эло боху алий дӀаала: „Стаг охьакхетча, иза юха хьала ца гӀотту те? Стаг харцновкъа ваьллехь, иза юха ца воьрзу те?

[5] ТӀаккха хӀара халкъ Сох хӀунда дӀадирзина? Ярушалайм Суна массо а хенахь тешнабехк хӀунда хуьлу? Ӏехорна тӀаьхьабовлу уьш, ткъа Со волчу юхадерзарх къаьхка.

[6] Аса леррина ладоьгӀна цаьрга, амма бакъдерг ца дуьйцу цара. Царах цхьа а шаьш лелийначунна дохко а ца ваьлла, цхьаммо а ца боху: ‘ХӀун дина Аса?’ Уьш тӀамана юккъехула лаллаелла йоьдучу говрах тера бу.

[7] Олхазаршна а хаьа шаьш схьадахка деза хан а, шаьш дӀадаха деза зама а: аистна а, къоркхокханна а, чӀегӀардигна а, гӀаргӀулина а. Амма хьуна, Сан халкъ, ца хаьа Аса хьайна тӀедиллинарг.

[8] Аша боху: ‘Тхан товрат-хьехамаш а бу, тхоьгахь хьекъал а ду’. Амма иза иштта дац, хӀунда аьлча шун Ӏеламчу наха товрат-хьехам талхабора.

[9] Шун хьекъалчаш юьхьӀаьржачу а хӀуьттур бу, уьш карзахбаьхна а, гуро лаьцча санна а хир бу. Везачу Элан дешнаш цара юхатеттина хилча, мичара хир ду цаьргахь хьекъал?

[10] Цундела Аса церан зударий кхечарна дӀалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дӀа. КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла.

[11] Сан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь.

[12] Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», – боху Везачу Эло.

[13] «Аса массо а хӀума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тӀехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тӀехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тӀера гӀаш а маргӀалдулур ду. Аса царна мел делла долу хӀума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло.

[14] «Вай кхузахь хӀунда Ӏа? ХьалагӀовтта, чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Ӏожаллин кхел хадийна вайна. Цо дӀаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш.

[15] Вай долчу машар кхочуш бу бохуш, сатийсинера вай, амма диканиг ца кхечи вайга. Вай долчохь дарбанан хан хиларе сатийсинера вай, амма цуьнан метта къемат кхечи вайга.

[16] Дан-гӀала йолчуьра мостагӀийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогӀуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гӀала а, цунна чохь вехаш мел верг а хӀаллаквархьама».

[17] «Аса шуна тӀе лаьхьанаш санна болу мостагӀий хоьцур бу. Уьш дӀасацо йиш йоцучу дӀаьвшечу лаьхьанех тера бу, ткъа цара шуна це тухур ю», – боху Везачу Эло.

[18] Маца хир бу те сан дагна хьаам? Ма гӀайгӀане ду-кх сан дог!

[19] ЛадогӀахь гӀо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХӀунда вахийтина те цара Со оьгӀаза, шайн хӀумма а йоцу харцделанаш а, цӀуш а бахьана долуш?»

[20] Наха боху: «Ялта а чуэцна, аьхке а чекхъяьлла, амма вай кӀелхьар ца даьхна».

[21] Холчохь ду сан халкъ, цундела хала ду суна а. ЧӀогӀа гӀайгӀане ву со, сан даг чу кхерам боьссина.

[22] ГалӀадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хӀунда ца тоделла те цаьрга?

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters