Skip to content
Opens in a new window

[1] Оццу шарахь, яхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла дечу дуьххьарчу заманахь – доьалгӀачу шеран, пхоьалгӀачу баттахь цуьнан паччахьаллехь – ГавӀонера пайхамар волу Ӏазуран кӀант Хьанан-ЯхӀу соьга вистхилира. Везачу Элан цӀийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхӀус соьга элира:

[2] «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ.

[3] Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цӀа чуьра Бавеле дӀаяьхьна йолу ерриге а хӀуманаш.

[4] ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара Бавеле дӀабигна болу массо а йийсархой а Аса хӀокху метте юхаберзор бу, – боху Везачу Эло. – Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхӀудхошна тӀедиллина долу дукъ“».

[5] ТӀаккха Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀуга вистхилира.

[6] Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цӀийнан хӀуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хӀокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цӀарах аьлла долу дешнаш!

[7] Амма ахьа ладогӀалахь аса хӀинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга.

[8] Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тӀом а, бохам а, ун а хир ду аьлла.

[9] Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тӀелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц».

[10] ТӀаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀус Ярми-ЯхӀун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра.

[11] Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхӀус хӀара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀу-пайхамар шен новкъа дӀавахара.

[12] Хьанан-ЯхӀу-пайхамаро Ярми-ЯхӀу-пайхамаран кочара дукъ дохийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:

[13] «Ваха а гӀой, Хьанан-ЯхӀуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’.

[14] Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кӀелахь хилийта. Уьш цунна гӀуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дӀаелла’“».

[15] Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхӀу-пайхамаре: «ЛадогӀал соьга, Хьанан-ЯхӀу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хӀара халкъ харцхаамах тешийтина.

[16] Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дӀавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхӀу. Хьо кху шарахь лийр ву, хӀунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“».

[17] Цу шеран ворхӀалгӀачу баттахь Хьанан-ЯхӀу-пайхамар велира.

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters