[1] Веза Эла, аса гӀуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Ӏесачеран аьтто хӀунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хӀунда хуьлу?
[2] Ахь доьгӀна долчу диттех тера бу уьш. Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло. Хьо массо а хенахь церан багахь ву, амма церан дегнаш Хьуна гена ду.
[3] Ткъа со Хьуна вевзаш ву. Хьуна со гуш ву, Веза Эла, сан дог Хьайца муха ду а хаьа Хьуна. Дайа дезаш долу уьстагӀий санна, дӀакхехьа уьш! Байаран де тӀекхаччалц дӀакъастабехьа уьш!
[4] Мел ханна хир ду хӀара латта дакъийна, мел ханна хир ю хӀора кха тӀехь буц якъаелла? Цигахь Ӏаш болчеран Ӏесалла бахьана долуш, олхазарш а, акхарой а хӀаллакьхуьлуш ю. Цу тӀе а наха боху: «Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю».
[5] Везачу Эло элира: «Ярми-ЯхӀу, гӀаш болчаьрца хьодуш а хьо кӀадвелла хилча, говрахь болчаьрца муха къовсалур ву хьо? Шерачу аренгахь а хьо тасалуш хилча, Йордан-хин йистерачу боьлакашкахь хӀун дийр ду ахьа?
[6] Ур-атталла хьан гергарчара, – хьан ден цӀийнах болчара, – ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла. Цара хьуна дуьхьал мохь бетта. Ма теша царах, уьш хьайга эсала бистхилахь а».
[7] «Аса Со чохь Ӏаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дӀатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагӀийн кара дӀаделла.
[8] Сан долахь долу къам Суна дуьхьалдаьлла. Хьуьнхахь долчу лоьмо санна, цо Суна дуьхьал гӀигӀ до. Цундела Суна иза ца деза.
[9] Сан къам акхачу олхазарх тарделла, гонах ломъаьрзунаша дӀасаийзош долчу. ДӀа а гӀой, аренан акхарой схьагулъе! Схьаялае уьш, иза дӀакхаллархьама.
[10] Дуккха а болчу Ӏуйша Сан кемсийн беш хӀаллакйина, Сан долахь дерг когашца хьийшина. Сан хьоме латта цара яьсса аре йина дӀахӀоттийна.
[11] И латта цара доха ма дина, хӀинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац.
[12] Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагӀий схьабаьхкина, хӀуманаш хӀаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дӀакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Ӏаш вац.
[13] Наха кӀа дӀадийна, амма лаьтта тӀера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттабо, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана хилар бахьана долуш».
[14] Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чӀогӀа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тӀелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхӀудан тӀаьхье схьайоккхур ю.
[15] Амма уьш орамашца дӀабаьхначул тӀаьхьа, Аса царах кхин а къинхетам бийр бу. ХӀора къам Аса шен-шен махка а, лаьтта а тӀе схьадалор ду.
[16] Сан къоман некъаш цара баккъалла а Ӏамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дӀаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаӀалах дуй баа Ӏаморе терра), тӀаккха церан, Сан къомана юкъахь а Ӏаш, аьтто хир бу.
[17] Амма оцу къаьмнаша Аса бохучуьнга ла ца догӀахь, уьш, шайн орамашца дӀа а баьхна, хӀаллакбийр бу Аса», – боху Везачу Эло.