Skip to content
Opens in a new window

[1] Довда, шайн дахар кӀелхьардаккха, бен-яманхой! Довдий, дӀагӀо Ярушалайм-гӀалара! ТакхоӀ-гӀалахь коьман маӀа лакха! ЦӀарца орца даккха Байт-КӀарам-гӀалахь! Къилбаседехьара боккха бохам а, доккха хӀаллакьхилар а тӀегӀерташ ду.

[2] Дакъазайоккхур ю Аса хаза а, коча а йолу Цийонан йоӀ.

[3] Шайн жашца Ӏуй ма-бахккара, паччахьаш шайн эскаршца схьабогӀур бу Ярушалайм-гӀалина дуьхьал. Цунна гонах шайн четарш дӀахӀиттор ду цара. Шена дӀаделла дакъа хӀораммо а дассор ду.

[4] Цара эр ду: «ХьалагӀовтта, дуьхьалдовла Ярушалаймана. Делкъахенахь тӀамца цунна чугӀуртур ду вай». Амма тӀаккха эр ду: «Жолам! ХӀинца тӀаьхьа ду: суьйре тӀееана, суьйренан ӀиндагӀаш дахлуш ду.

[5] ХьалагӀовтта, буьйсанна тӀе а летта, Ярушалайман гӀепаш йохор ю вай».

[6] ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Дитташ схьа а хададай, Ярушалаймана гонах гӀалин пенна тӀеволийла кечъе. И гӀала таӀзар дан хьакъ долуш ю, иза гӀело ярх юьзна йолу дела.

[7] Хьоста чуьра арадолу хи санна, цунна чуьра арадолуш ду вон мел дерг. Цигара ницкъ бар а, къизалла а ю Суна хезаш. Цуьнан цамгар а, чевнаш а го Суна массо а хенахь.

[8] Меттайолахь, Ярушалайм, Сан дог хьайх ма даккхахьа. Хьайга бохург ахьа ца дахь, Ас хьуна букъ берзор бу, хьан латта дассор ду, цигахь цхьа а стаг ца вехачу тайпана».

[9] Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ТӀаьххьара йисина йолу кемсаш санна схьалахьор ду Исраилан халкъан дисина долу адамаш. Кемсаш схьалахьош волчо ма-дарра, хьайн куьйгашца таьллангаш дикка талла».

[10] Ас жоп делира: «Хьаьнга вистхила веза со, мила тӀетаван веза аса, сайга ладогӀийта? Наха шайн лергаш дӀакъевлина, цундела царна хӀумма а ца хеза. Везачу Элера долу дош царна сийсазалла санна хилира, царна тамехь дац иза.

[11] Амма со Везачу Элера йолчу оьгӀазлонах вуьзна ву, и оьгӀазло соьга сайна чохь ца сецало». ТӀаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгӀазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тӀе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тӀе дӀаӀанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тӀе.

[12] ТӀаккха церан цӀенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дӀалур бу. Аса Сайн куьг тӀедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таӀзар дархьама, – боху Везачу Эло. –

[13] КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла.

[14] Сан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь.

[15] Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло.

[16] Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дӀа а хӀоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тӀе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гӀур дац!»

[17] Везачу Эло элира: «Шуна тӀе гӀаролхой хӀиттийра Аса. Коьман маӀаца орца даккхаре ладогӀа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугӀур дац!“ – аьлла.

[18] Ткъа хӀинца ладогӀал, къаьмнаш. Тешаш а хилий, хьовсал Аса Сайн къомана хӀун дийр ду.

[19] ЛадогӀал, латта! Аса ЯхӀудан халкъана тӀе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хӀунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дӀа а теттира.

[20] ХӀунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагӀанаш, иштта кхидолу шун сагӀанаш а Суна тамехь дац».

[21] Цундела иштта боху Везачу Эло: «Аса яккхий халонаш хӀиттор ю ЯхӀудан халкъана тӀе. Цу халонех когаш а тийсалуш, дай а, кӀентий а охьабетталур бу, лулахой а, доттагӀий а хӀаллакьхир бу».

[22] Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам.

[23] Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богӀучу хенахь, карзахбаьллачу хӀордах тера бу. ТӀамана кийча бу уьш. Церан Ӏалашо – хьуна тӀелатар ю, Цийонан йоӀ».

[24] Ярушалайман бахархоша элира: «Царах лаьцна тхайга хаам кхаьчча, кхераделла, доьхна хьийзаш дара тхо. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара тхоьгахь.

[25] Кхаш тӀе а ма гӀо, некъа тӀе а ма довла: мостагӀчун тарраш а, боккха кхерам а бу гонах.

[26] Сан хьоме къам! ТӀеюха хьайна сингаттаман бедарш, тӀетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кӀентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦӀеххьана хӀаллакдийриг вайна тӀелетар ву».

[27] Везачу Эло соьга элира: «Сайн къомана юккъехь дӀахӀоттийнера Аса хьо, Ярми-ЯхӀу, ахь Сайн къам, дети санна, зерхьама. Аса хьо гӀап санна вира, хьоьга Сайн къоман некъаш таллийта, уьш муха бу хьажийта.

[28] Уьш аьрха нах бу, царна юкъахь мотт беттар даьржина, уьш мекха йиллича кхулуш долчу эчигах а, цӀастанах а тера бу.

[29] Левси чӀогӀа кховсуш ю, дашца цхьаьна цӀаро детих йоллу боьхалла дӀаяккхархьама. Дети лалош волчо эрна болх бина хилла, хӀунда аьлча халкъ хӀинца а вонах цӀан ца делла.

[30] Сан халкъана, юхатеттина долу дети аьлла, цӀе туьллур ю, хӀунда аьлча иза Везачу Эло юхатеттина».

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters