Skip to content
Opens in a new window

[1] ХӀара ду Везачу Эло Соьга аьлларг: «ГӀой, хьайна дуткъачу кӀадих дина доьхка эца, хьайн гӀодаюкъах дӀа а дехкий, иза хих ларде».

[2] Везачу Эло ма-аллара, доьхка а эцна, иза сайна дӀадихкира аса.

[3] ШолгӀа а Везачу Элан дош кхечира соьга:

[4] «Хьайн гӀодаюккъехь долу айхьа эцна долу доьхка схьа а эций, Эпрат-хин йисте гӀо. Цигахь тархашна юккъехь болчу кӀогана чохь къайладаккха».

[5] Аса Эпрат-хи тӀе а вахана, Везачу Эло ма-аллара, сайн доьхка къайладаьккхира.

[6] ТӀаьхьо Везачу Эло соьга элира: «Эпрат-хи тӀе а гӀой, Аса хьайга къайладаккхийтина долу доьхка схьаэца».

[7] Аса, Эпрат-хи тӀе а вахана, сайн доьхка схьа а лехна, хьалха иза къайладаьккхинчу меттигера схьадаьккхира. Амма и доьхка лелон йиш йолуш дацара – иза телхина дӀадаьллера.

[8] ТӀаккха соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:

[9] «Веза Эла волчу Аса иштта боху: Оццу тайпана Аса йохор ю ЯхӀудан куралла а, Ярушалайман йоккха куралла а.

[10] ХӀара вон халкъ Сан дешнашка ладогӀарх дӀакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тӀаьхьахӀутту, царна Ӏамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хӀокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хӀуманна пайденна боцуш бина дӀахӀиттор бу.

[11] Адаман гӀодаюккъехь доьхка чӀогӀа дӀадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхӀудан а ерриге а тӀаьхье Сайна чӀогӀа улло ялийнера, – боху Везачу Эло, – царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дӀахӀиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира».

[12] «Ярми-ЯхӀу, халкъе дӀаала: „Исраилан Везачу Дала боху: ‘ХӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила еза’. Ткъа цара хьоьга эр ду: ‘Тхуна ца хаьа те хӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила езийла?’“

[13] ТӀаккха ахьа цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса ваххал чагӀарца вузор ву хӀора кху лаьтта тӀехь вехаш волу стаг – Даудан тӀаьхьенах болу паччахьаш а, динан дай а, пайхамарш а, иштта Ярушалаймехь вехаш мел волу стаг а.

[14] Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кӀентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хӀаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“».

[15] Ла а догӀий, тергам бе! Кура ма хила, хӀунда аьлча вистхуьлуш верг Веза Эла ву.

[16] Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тӀебаийтале, маьркӀажехь долчу гунаш тӀехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Ӏаьржа бода бийр бу.

[17] Нагахь аша Везачу Эле ла ца догӀахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бӀаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дӀадигна хиларна.

[18] Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гӀанташна тӀера охьабисса, хӀунда аьлча церан кортошна тӀера сийлаллин таьжнаш охьаэгна.

[19] НегӀаб олучу яьссачу арара йолу гӀаланаш дӀакъевлина ю, уьш схьаелла стаг а вац. ЯхӀудан дерриг а къам йийсаре дӀадуьгуш ду».

[20] Хьажал Ярушалайм, хьайн бӀаьргаш дӀахьажабай: къилбаседехьара хьан мостагӀий тӀебогӀуш бу! Ӏалашдан хьоьга дӀаделла адамийн жа мичахь ду? Ахьа дозалла деш долу уьстагӀий мичахь ду?

[21] ХӀун эр ду ахьа, ахьа айхьа Ӏамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тӀехь хьаькамалла дан дӀахӀиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна?

[22] Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХӀунда беана суна тӀе хӀара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттӀа ю, когаш берзина а бу.

[23] Хийцалур дуй хушахочуьнга шен чкъор, я цӀоькъе дӀадахалур дуй шена тӀера томмагӀаш? Иштта вонаш дан Ӏемина долчу шуьга далур дуй дика хӀума?

[24] Везачу Эло боху: «Аса дӀасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дӀасаяржош йолу кегаш санна.

[25] Иштта кхаж баьлла хьан, Аса хьуна билгалбаьккхина кхоллам бу иза, – боху Везачу Эло, – Со виц а вина, харцделанех хьо тешна Ӏаш хиларна.

[26] Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тӀе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дӀагайта.

[27] Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тӀехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цӀушна Ӏамалъяр. Ма бала богӀур бу хьуна тӀе, Ярушалайм. Ма кестта цӀанъелла дӀахӀуттур яц хьо».

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters