Skip to content
Opens in a new window

[1] ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра.

[2] ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен дас ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.

[3] Делахь а Ярушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.

[4] ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама.

[5] ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц, мостагӀаша го бина лаьттира Ярушалайм.

[6] Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, гӀалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хӀума ца диснера.

[7] МостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гӀали чуьра араделира массо а эскар. Иза Ӏариба-тогӀи йолчу дедда дӀадахара.

[8] Амма хашадхойн эскар тӀаьхьаделира ЦӀадукъ-ЯхӀуна. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш цунна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тӀемалой цунна уллора дӀасабевдира.

[9] Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гӀала. Цигахь цунна кхел йира.

[10] Бавелан паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира, иштта ЯхӀуд-махкара элий а хӀаллакбира цо Рабила-гӀалахь.

[11] Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀун ши бӀаьрг а баккхий, цунна цӀестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тӀаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дӀа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира.

[12] Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара.

[13] Цо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош а дагийра.

[14] Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра.

[15] Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира.

[16] Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.

[17] Хашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира.

[18] Цара иштта дӀаяьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, Везачу Элана гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а.

[19] Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо: бошхепаш а, богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудуттуш долу боганаш а, тесаш а, къуьданаш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а, сагӀанийн боганаш а.

[20] Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, шийтта цӀастанах бина сту а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора.

[21] ХӀора бӀогӀам берхӀитта дол лекха бара, ткъа цуьнан го буьстича, иза шийтта дол бара. И бӀогӀамаш юкъахь хара дара, ткъа церан пенаш биъ пӀелг шуьйра дара.

[22] Хьалхарчу бӀогӀамна тӀехь цӀастанах дина таж дара, пхиъ дол лекха а долуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта дина цӀестан наран стоьмаш.

[23] Массо а агӀор безткъе ялхитта наран стом бара, ткъа таж тӀехь уьш бӀе бара.

[24] Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира.

[25] ГӀалахь кхидӀа бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам а, паччахьан ворхӀ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а.

[26] Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира.

[27] Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхӀудхой шайн махках бехира, йийсаре дӀа а бигина.

[28] ХӀоккхул адам шен цӀера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхӀалгӀачу шарахь ЯхӀуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо.

[29] Набухди-Нецара Бавелехь паччахьалла дечу берхӀитталгӀачу шарахь Ярушалаймера бархӀ бӀе ткъе шийтта стаг араваьккхира.

[30] Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъе кхозлагӀчу шарахь Набузар-Адана ЯхӀуд-махкара ворхӀ бӀе шовзткъе пхиъ стаг араваьккхира. Верриг а йийсаре дӀавигнарг виъ эзар ялх бӀе стаг вара.

[31] ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе пхоьалгӀачу дийнахь.

[32] Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цунна лекха ларам бира.

[33] ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша кхин мел йоккхучу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо.

[34] ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург латтадора.

Ярми-ЯхӀу-пайхамаран тептар — Chapters