[1] Берда тӀехь кӀелхьардевлча, тхуна хиира гӀайренан цӀе Мелита юйла.
[2] Цигарчу бахархоша чӀогӀа дика тӀеийцира тхо. ДогӀа а деана, шелъелча, цӀе а латийна, цунна улло дохдала тӀекхайкхира цара тхоьга.
[3] ПахӀала цхьа цӀов чӀийш гулдира. Цо уьш цӀерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира.
[4] ПахӀалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХӀорда чохь иза ца веллехь а, хӀинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза».
[5] Амма ПахӀална цхьа а тайпа лазош хӀума ца хааделира, цо лаьхьа цӀерга ластийра.
[6] Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цӀеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Ӏийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахӀална хӀумма а ца хилира. ТӀаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла.
[7] Цу меттигна гена боццуш Палаби цӀе йолуш волчу гӀайренан хьаькаман бахам бара. Тхо ша волчу а кхайкхина, кхаа дийнахь тхуна хьошалла лелош, комаьрша хӀусамда хилира иза.
[8] Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Ӏуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахӀала, доӀа а дина, цомгушниг товира, тӀе куьйгаш а дехкина.
[9] И хиллачул тӀаьхьа гӀайре тӀера бисина болу цомгуш нах а богӀура. Царна а дарба дора ПахӀала.
[10] ГӀайре тӀера бахархоша чӀогӀа ларам бира тхан. Тхо дӀадаха кечлуш, цара тхуна дерриг а оьшург деара.
[11] Цигахь кхо бутт баьккхинчул тӀаьхьа, цу гӀайре тӀехь Ӏа доккхуш хиллачу, шех Диоскураш олучу Искандар-гӀалара догӀучу хӀордкеманна тӀехь дӀадахара тхо.
[12] СуьракӀоз-гӀала а кхаьчна, цигахь кхо де даьккхира оха.
[13] Цигара дӀадахча, Риги олучу гӀала кхечира тхо. Цхьа де даьлча, къилбера мох хьаькхира. ШолгӀачу дийнахь тхо Путола-гӀала кхечира.
[14] Цигахь динан вежарий а карийна, церан дехарца кӀира даьккхира оха цаьрца. Цул тӀаьхьа тхо Рим-гӀала даьхкира.
[15] Цигара динан вежарий, тхо догӀу аьлла хезна, Аппи цӀе йолчу майданахь а, хьешан кхо цӀенош долчохь а дуьхьалбаьхкира тхуна. Уьш гича, Далла хастам а бина, дог иракарахӀоьттира ПахӀалан.
[16] Римехь ПахӀална къаьстина Ӏе бакъо елира, амма тӀемалочо ларвеш вара иза.
[17] Кхин кхо де даьлча, жуьгташна юкъара куьйгалхой гулбира цо. Уьш схьабаьхкича, ПахӀала элира цаьрга: «Вежарий! Вайн халкъана а, цуьнан гӀиллакхашна а дуьхьал ас хӀумма а ца диннашехь, Ярушалаймехь, схьа а лаьцна, римхошка дӀавелира со.
[18] Цара, барт а хаьттина, вел бахьана соьгара ца даьллий хиъча, со дӀахеца сацам бира.
[19] Жуьгтий дуьхьал бара цу сацамна, цундела Рим-мехкан паччахье кхел е аьлла, дехар дан дийзира сан. Амма ас цхьана а хӀуманна тӀехь бехке ца до сайн халкъ.
[20] Цундела лиънера суна шу ган а, шух дагавала а, хӀунда аьлча Исраилан халкъан сатийсам кхочушхиларх со тешарна тоьхна суна хӀара гӀоьмаш».
[21] Цара элира ПахӀале: «ЯхӀуд-махкара хьох лаьцна цхьа а кехат ца кхаьчна тхоьга. Цигара баьхкинчу вайн вежарех цхьаммо а хьох хаам а ца бина, я вониг а ца аьлла хьох лаьцна.
[22] Амма тхуна хьоьгара хаа лаьара хьуна хетарг, хӀунда аьлча цу динан тобанах лаьцна массанхьа а дукха къийсамаш бу бохуш, хезнера тхуна».
[23] Цара цхьа де билгалдаьккхира. Дуккха а жуьгтий баьхкира ПахӀал сецначу цӀийне. Ӏуьйранна дӀаволалой, сарралц дуьйцура цо царна Делан Олаллех лаьцна, ша Ӏийсах лаьцна аьлларг бакъ хилар тешо гӀерташ, Муса-пайхамаран хьехамаш тӀера а, пайхамарша дӀаяздинчунна тӀера а тоьшаллаш а далош.
[24] Цхьаберш тешара цо дуьйцучух, вукхарна и бакъ ца хетара.
[25] Вовшийн юкъахь барт а ца хилла, уьш дӀабаха гӀерташ болчу хенахь, ПахӀала элира хӀара тӀаьххьара дешнаш: «Бакъдерг аьлла Делан Сино ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула шун дайшка:
[26] „Цу халкъана тӀе а гӀой, ала цаьрга: Шайн лергашца ладугӀур ду аш, амма кхетар дац шу, шайн бӀаьргашца хьоьжур ду шу, амма маьӀна къастор дац аша.
[27] ХӀунда аьлча дегнаш чӀагӀделла цу адамийн, лергашца халла хеза царна, бӀаьргаш а къевлина ду церан. Цундела бӀаьргашца ца гуш, лергашца ца хезаш, дегнашца ца кхеташ бу уьш. Суна тӀебирзича, Ас дарба дийр дара царна“».
[28] «ДӀахоуьйла шуна, Дала кӀелхьардовларх болу Шен кхаъ кхечу къаьмнийн нахана хаийтина: царна хезар ду».
[30] Дийнна шина шарахь ша мах лучу цӀенош чохь Ӏийра ПахӀал. ПахӀала шена тӀебаьхкинарш берриш а тӀеоьцура.
[31] Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Ӏийсах лаьцна хьехам бора цо.