[1] Коьртачу кхеташонехь болчу нахе а хьаьжна, ПахӀала элира: «Сан вежарий! Таханлерчу дийне кхаччалц Далла хьалха цӀеначу дагца ваьхна ву со».
[2] Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахӀалан бета тӀе хӀума тоха аьлла.
[3] ПахӀала элира цуьнга: «Дала таӀзар дийр ду хьуна, шалхонча. Нийсонца кхел ян хиъна хьо воллушехь, хӀетте а харцонца суна етта боху-кх ахь».
[4] Уллохь лаьтташ болчара элира ПахӀале: «Динан коьрта да сийсазво ахьа!»
[5] ПахӀала элира: «Вежарий, суна ца хаьара иза динан коьрта да вуйла. Яздина ма ду: „Хьайн халкъана тӀехь волчу куьйгалхочунна лен ма ле“, – аьлла».
[6] Гулбеллачу нахана юкъахь цхьаберш садукъой, вуьш парушхой буйла шена хиъча, ПахӀала чӀоггӀа элира: «Вежарий! Со парушхочух схьаваьлла парушхо ву шуна! Белларш денлуш хиларх сатесна ву аьлла, валийна ву со кхуза кхел ян».
[7] Цо иза аьлча, парушхошна а, садукъошна а юкъахь къовсам а баьлла, гулам шина декъе бекъабелира.
[8] (ХӀунда аьлча садукъоша я денвалар а, я маликаш а, я жинаш а дац бохура, ткъа парушхоша и дерриг а ду бохура.)
[9] Йоккха гӀовгӀа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Ӏеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХӀун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла».
[10] Амма къовсам кхин а чӀогӀа баларна тӀеман коьртачу хьаькамо, наха ПахӀал вовшахваккхарна кхоьруш, тӀемалошка омра дира, лаха чу а диссий, царна юкъара схьа а ваккхий, иза гӀопе дӀавига аьлла.
[11] Буьйсанна ПахӀална хьалха хӀоьттинчу Везачу Эло элира: «ЧӀагӀлолахь, ПахӀал. Айхьа Ярушалаймехь Сох тоьшалла ма-дарра, Римехь а иза дан дезар ду хьан».
[12] Де тӀекхаьчча, цхьаболчу жуьгташа, барт а бина, дуй биира ПахӀал шаьш веллалц ца яа а, ца мала а.
[13] И барт беш декъехь вара шовзткъа сов стаг.
[14] Динан коьрта да а, баккхий нах а болчу а бахана, цара элира: «Оха дуй биъна ца яа а, ца мала а ПахӀал веллалц.
[15] Аша а, коьртачу кхеташоно а тӀеман коьртачу хьаькаме дехар де, ПахӀал шаьш долчу валавайта алий, цуьнан гӀуллакх кхин цкъа а дикка таллархьама. Шуна тӀекхачале, иза вен тхо кийчча ду».
[16] Цара бинчу бартах лаьцна ПахӀалан йишин кӀантана хиира. Цо, гӀопе а веана, ПахӀале дӀахаийтира и гӀуллакх.
[17] ТӀаккха ПахӀала, римхойн эскарера цхьана тӀеман хьаькаме схьа а кхайкхина, элира: «ХӀара жима стаг тӀеман коьртачу хьаькамна тӀевига, цуьнга цхьа хӀума ала деза кхуьнан», – аьлла.
[18] Цу хьаькамо, и кӀант тӀеман коьртачу хьаькамна тӀе а вигина, элира: «Тутмакха ПахӀала, соьга схьа а кхайкхина, хӀара жима стаг хьуна тӀевига элира. Кхуьнан хьоьга ала цхьа хӀума ду боху цо».
[19] ТӀеман коьртачу хьаькамо, куьг лаьцна юьстаха а ваьккхина, хаьттира кӀанте: «ХӀун дара хьан соьга ала?» – аьлла.
[20] КӀанта элира: «Жуьгташа барт бина, хьоьга ПахӀал кхана коьртачу кхеташоне валаве аьлла, дехар дан, цуьнан гӀуллакх дикка толлучуха.
[21] Цаьрга ла ма догӀалахь, хӀунда аьлча шовзткъа сов стаг ву цунна кӀело йина Ӏаш. Цара дуй биъна ца яа а, ца мала а шаьш иза веллалц. Уьш хӀинца кийчча Ӏаш бу, ахь ден долчу омре хьоьжуш».
[22] ТӀаккха тӀеман коьртачу хьаькамо жима стаг дӀавахийтира: «Айхьа соьга аьлларг цхьаьнгге а ма дийцалахь», – аьлла.
[23] Цул тӀаьхьа, шен тӀеман хьаькамех шиъ схьа а кхайкхина, цо элира: «Кхесрин-гӀала ваха ши бӀе гӀашло а, кхузткъе итт дин-бере а, ши бӀе гоьмукълелорхо а кечве, буьйсанна исс сахьт долуш уьш дӀа а хьовсабе.
[24] Иштта, варраш а кечъе, тӀе а хаавай, ПахӀал мехкан куьйгалхо Пелакъ волчу дӀавигийта».
[25] Цул сов, иштта чулацам болуш кехат а яздира цо:
[26] «Цуьнан сийлалле мехкан куьйгалхочуьнга Пелакъе маршалла доуьйту Калабди Лосас.
[27] ХӀара стаг, схьа а лаьцна, жуьгташа вуьйчуьра тӀемалошца веанчу ас кӀелхьарваьккхина ву, Риман вахархо вуй ма-хиъинехь.
[28] Кхуьнан хӀун бехк бу хаархьама, ас хӀара церан коьртачу кхеташоне валийра.
[29] Цигахь билгалделира кхуьнан бехк бу аьлла лоруш дерг церан шайн товратан хьехамашца доьзна хилар. Амма хӀара вен я дӀалаца бахьана долуш хӀума дацара.
[30] Сайна кху стагана дуьхьал барт бинийла ма-хиъинехь, ас сихонца хӀара хьо волчу дӀахьажийра, ткъа кхуьнан кхелахошка, гӀуллакх хьоьга къастадайта аьлла, омра дира».
[31] ТӀемалоша шайна деллачу омрица ПахӀал, схьа а эцна, буьйсанна Анти-Патар-гӀала дӀавигира.
[32] Ткъа шолгӀачу дийнахь, иза говрашкахь болчаьрга кхидӀа вига а аьлла, гӀопе юхабирзира уьш.
[33] Вукхара, Кхесрин-гӀала схьакхаьчча, кехат мехкан куьйгалхочуьнга дӀа а делла, ПахӀал цунна хьалха хӀоттийра.
[34] Мехкан куьйгалхочо, кехат а дешна, ПахӀале хаьттира, иза муьлхачу меттера ву аьлла. ХӀара Киликера вуйла хиъча, цо элира:
[35] «Ас хьан гӀуллакхе ладугӀур ду, хьо бехке веш берш схьакхаьчча». ТӀаккха гӀароле, иза кхел еш долчу ХӀародан цӀийнехь ларве аьлла, омра дира цо.