Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:12

[1] Уьш, Ампиполехула а, Аполлонехула а чекх а бевлла, Тассалник-гӀала баьхкира. Цигахь жуьгтийн гуламан цӀа дара.

[2] Ша гуттар а ма-ваххара, кхаа шоьтан дийнахь цу чу а воьдуш, Делан Йозанаш тӀера масалш а далош, нахаца къамел дора ПахӀала.

[3] Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахӀала.

[4] Царах цхьаберш, Ӏийсах а тешна, ПахӀалах а, Салих а дӀакхийтира. Далла Ӏамал еш болу дуккха а Грекийн-махкара нах а, лоруш болу зударий а бара царна юкъахь.

[5] Амма тӀаьхьа ца хӀиттина, Ӏийсах а ца тешна, хьагӀ лаьцна болу жуьгтий, гӀалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гӀала марсаяха хӀиттира. Ясонан цӀийна улло а баьхкина, ПахӀал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хӀитто гӀертара уьш.

[6] ПахӀалгӀар ца карийча, цара Ясон а, кхин а цхьаболу динан вежарий гӀалин хьаькамашна тӀе дӀатакхийра, маьхьарий а хьоькхуш: «Кху дуьненан а синтем байина хӀара нах хӀинца кхуза а кхечи,

[7] Ясона хӀорш тӀе а ийци! Берриш хӀорш паччахьо тӀедиллинчунна дуьхьал бовлуш бу, кхара кхин паччахь ву боху, иза Ӏийса ву а боху».

[8] Цу хаамо адам а, гӀалара Ӏедал а карзах даьккхинера.

[9] Ясонера а, вукху динан вежаршкара а закъалт а даьккхина, уьш дӀахийцира цара.

[10] Динан вежарша ПахӀал а, Сали а цу сохьта буьйсанна Берия олучу гӀала дӀавахийтира. Цига дӀа а кхаьчна, уьш жуьгтийн гуламан цӀийне бахара.

[11] Кхузарчу нехан дегнаш Тассалникерачарел алссам делладелла дара цо дуьйцург тӀеэца. Цара боккхачу лаамца тӀеийцира дош. Делан Йозанаш а Ӏамадора цара, денна а ПахӀала дуьйцург бакъ дуй хаархьама.

[12] Ӏийсах тийшира дуккха а жуьгтий а, грекийн хьалдолу зударий а, тоъал божарий а.

[13] Тассалник-гӀалахь болчу жуьгташна Берия-гӀалахь ПахӀала Делан дош хьехний хиъча, уьш цига баьхкира, адам карзах а доккхуш.

[14] ТӀаккха динан вежарша ПахӀал сихонца хӀордан йисте дӀавахийтира, ткъа Сали а, Тимапи а цигахь сецира.

[15] ПахӀал новкъа воккхучара иза Атина-гӀала дӀавигира. Цуьнгара Салига а, Тимапига а дахьа кост а эцна, сиха цхьаьнакхетархьама новкъабевлира уьш.

[16] Сали а, Тимапи а схьаваре хьоьжуш, Атинехь холчохь вара ПахӀал, хӀунда аьлча гӀала юьззина цӀуш бара цунна гуш.

[17] Жуьгтийн гуламан цӀа чохь жуьгташца а, Далла Ӏибадат дечу грекашца а, тӀаккха хӀора дийнахь базаран майданахь цигахь хуьлучу нахаца а къамел дора цо.

[18] Эпикураш а, стоикаш а аьлла, шайх цӀе йоккхучу цхьаболчу Ӏилманчаша къуьйсура цуьнца. Царах цхьаболчара бохура: «ХӀара хабарча хӀун ала гӀерташ ву?», вукхара бохура: «Иза, схьагарехь, хийра деланаш буьйцуш верг ву». Цара иштта алар бахьана дара ПахӀала Ӏийсах а, веллачуьра денваларх а лаьцна дийцар.

[19] Цара иза, схьа а лаьцна, лаккхарчу кхеташоне валийра: «Ахь хьоьхуш долу керла хӀума тхан хаа таро йолуш дуй?» – аьлла.

[20] «ХӀунда аьлча цхьа тамашийна хӀума ду тхуна хезнарг, цундела иза хӀун ду хаа лаьара тхуна?»

[21] (Атина-гӀалин бахархойн а, цаьрца Ӏаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чӀогӀа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугӀуш я керланиг дуьйцуш.)

[22] Кхеташонна юккъе а хӀоьттина, ПахӀала элира: «Атинахой, суна го шу къаьсттина суьпа нах дуй,

[23] хӀунда аьлча шун гӀалахула езачу меттигашкахула чекхволуш, суна карийра шена тӀехь сагӀа доккху тӀулг. Цу тӀехь яздина дара: „Вевзаш воцучу Далла“. Цундела шайна мила ву а ца хууш, аша Ӏибадат деш волу Дела ву ас шуна вуьйцург.

[24] Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цӀенош чохь Ӏаш вац.

[25] Адамийн куьйгаша Далла гӀуллакх деш делахь а, Цунна хӀума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеӀар а, кхин дерриге а.

[26] Цхьана адамах Цо кхоьллира массо а адамийн халкъаш, уьш массо а Лаьтта тӀехь Ӏайтархьама, хьалххе царна цхьа билггала заманаш а, Ӏан меттиг а къастийна,

[27] цаьрга Дела лахийтархьама: цара Иза лаха а тарло, царна Иза каро а тарло (бакъдерг аьлча, Иза вайна хӀоранна а генахь-м вац).

[28] ХӀунда аьлча „Иза бахьана долуш вай дехаш а, меттахдовлуш а, Ӏаш а ду“. Шун цхьаболчу байташ язъярхоша аьлла: „Тхо Цуьнан бераш ду“.

[29] Иштта, Делан бераш долчу вайна мотта ца оьшу Дела адаман хьекъалца а, говзаллица а кхоьллинчу тӀулгах, я деших, я детих тера ву.

[30] ХӀума ца девзаш яьккхинчу ханна Дала бехке ца до шу, амма хӀинца массо а адамашка, массанхьа а, лелийначунна дохко а довлий, Шена тӀедерза аьлла, омра до Цо.

[31] ХӀунда аьлча Цо билгалдаьккхинчу дийнахь Ша къастийначу Стагехула дерриг а дуьненна нийсонца кхел йийр ю, массарна а тоьшаллина Иза веллачуьра ден а вина».

[32] Велларг денварх лаьцна хезча, цхьаберш ца бешаш бела хӀиттира, ткъа вукхара бохура: «Цунах лаьцна тӀаккхахула ладогӀа луур ду тхуна».

[33] ПахӀал царна юкъара дӀавахара.

[34] Цхьаберш, цунна тӀаьхьа а хӀиттина, Ӏийсах тийшира. Царна юкъахь бара лаккхарчу кхеташонан декъахо волу Дайнас а, Дамират цӀе йолу зуда а, кхиберш а.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters