[1] Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира.
[2] ЦӀеххьана, чӀогӀа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гӀовгӀа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цӀа дуьзира.
[3] Йогучу цӀеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хӀоранна тӀехула севцира.
[4] Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похӀмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.
[5] Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чӀогӀа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара.
[6] И гӀовгӀа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хӀунда аьлча хӀоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара.
[7] Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац?
[8] Вайна хӀоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш?
[9] Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Ӏейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхӀуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а,
[10] Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гӀалин йистера адамаш а, римхой а,
[11] (жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тӀеэцнарш а), Крит-гӀайренан бахархой а, Ӏаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцуш!»
[12] Цец а буьйлуш, хиллачух ца кхеташ, вовшашка хоьттура цара: «Ванах, хӀара хӀун ду?» – бохуш.
[13] Цхьаболчара бохура, бийла а буьйлуш: «Цара алсам мерза чагӀар мелла».
[14] Кипас, вукху цхьайтта векалца дӀа а хӀоьттина, аз айдеш, элира нахе: «ЯхӀудхой а, Ярушалайман бахархой а! Пурба ло суна дерриг а шайна дийцийта. Дика соьга ладогӀалаш!
[15] ХӀара нах, шуна ма-моттара, бехна бац, хӀинца Ӏуьйранна исс сахьт бен ма ца даьлла.
[16] Ткъа Юал-пайхамаро дийцинарг ду хӀара.
[17] „ТӀаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе. ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хӀуьттуш хир бу, ткъа баккхийнаш Делера долу гӀенаш гуш хир бу.
[18] Сайн ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь, тӀаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду.
[19] Аса стигалан Ӏаьрчашкахь а, лаьтта тӀехь а тамашийна хӀуманаш гойтур ду: цӀий, цӀе, кӀуьран мархаш.
[20] Везачу Элан сийлахь де тӀекхачале малхах бода хир бу, баттах цӀий хир ду.
[21] Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг кӀелхьарвоккхур ву“.
[22] Исраилхой, ладогӀалаш соьга: Назартара Ӏийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХӀунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а кхочушйора.
[23] Ӏийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дӀавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жӀарах дӀа а тохийтина, вейтира Иза.
[24] Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Ӏожаллин багара а ваьккхина. Ӏожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо.
[25] Дауда олура Цунах лаьцна: „Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.
[26] Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а ду сатуьйсийлах дуьзна.
[27] ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.
[28] Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“.
[29] Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду.
[30] Иза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла.
[31] Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна.
[32] Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду.
[33] Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Ӏийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг.
[34] Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агӀор охьахаа,
[35] Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’, – аьлла“.
[36] Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жӀарах дӀатоьхна Ӏийса – Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна».
[37] И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хӀун дан деза оха?» – бохуш.
[38] Кипас элира цаьрга: «Шух хӀора а Далла тӀе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Ӏийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТӀаккха шуна совгӀат санна Делан Са лур ду.
[39] И совгӀат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тӀаьхьабогӀучу, Дала Шена тӀекхойкхун болчу массарна а».
[40] Кипас, цаьрга дӀа а хьедеш, дехарца бохура: «КӀелхьардовлалаш хӀокху телхинчу адамех».
[41] Цуьнан хьехам тӀеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Ӏийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира.
[42] Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугӀуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доӀанаш деш а бара.
[43] Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дора векалшкахула.
[44] Ӏийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хӀума юкъахь дара.
[45] Шайн керташ а, долахь дерг а дӀа а духкуш, шайна юкъахь дӀасадоькъура цара, хьанна хӀун оьшу хьаьжжина.
[46] ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура,
[47] Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура. Везачу Эло хӀора денна совйоккхура кӀелхьарбохучийн тоба.