[1] Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тӀехь ас яздинера хьоьга Ӏийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна,
[2] Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц.
[3] Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тӀевеара Ӏийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Ӏийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хӀуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура.
[4] Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гӀалара дӀа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила.
[5] ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».
[6] Мурдаша, гул а белла, хаьттира Ӏийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахӀоттайо хан тӀе ца кхаьчна?» – аьлла.
[7] Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гӀуллакх дац.
[8] Амма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».
[9] Иза а аьлла, церан бӀаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Ӏийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира.
[10] Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира.
[11] «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хӀун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Ӏийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогӀур ву».
[12] Цул тӀаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тӀера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоӀучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал.
[13] ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг.
[14] Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доӀанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Ӏийсан нана Марем а, Ӏийсан вежарий а бара.
[15] Цкъа уьш гулбеллачу метте бӀе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гӀаьттина, элира:
[16] «Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Ӏийса лоцуш болчарна тӀехь куьйгалла дина волчу ЯхӀудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тӀехь.
[17] ЯхӀуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гӀуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо».
[18] Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш.
[19] Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХӀакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦӀийн латта» бохург ду.
[20] «Забур тӀехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дӀатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гӀуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла“.
[21] Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Ӏийсана уллохь а хилла,
[22] ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза».
[23] Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а.
[24] Векалша доӀа дира: «Веза Эла! Хьуна хӀораннан а дог девза, гайтахьа тхуна
[25] ша ваха веззачу метте дӀаваханчу ЯхӀудан метта, Айхьа векал а вина, гӀуллакх дан хаьржинарг».
[26] Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгӀа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дӀакхийтира.