[1] Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тӀе динан дай а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цӀе йолу нах а баьхкира.
[2] Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а.
[3] Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гӀароле дӀавелира, хӀунда аьлча тӀееана суьйре а яра, хан а яьллера.
[4] Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгӀна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Ӏийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира.
[5] ШолгӀачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Ӏелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира.
[6] Динан коьрта да Ӏанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь.
[7] Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цӀарах а дара аша динарг?» – бохуш.
[8] Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогӀалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а!
[9] Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь,
[10] дӀахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жӀарах дӀа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа товина волу хӀара стаг шуна хьалха лаьтташ ву!
[11] Ӏийса – Иза, „гӀишлошъечу пхьераша дӀа а кхоьссина, сонан йисте дӀахӀоьттина болу тӀулг“ бу.
[12] Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».
[13] Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХӀара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хӀорш Ӏийсаца хиллий.
[14] Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хӀума дацара кхелахойн.
[15] Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хӀиттира уьш.
[16] «ХӀун де вай оцу нахана? – бохура цара. – Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хӀума. Вайга иза дайалур дац.
[17] Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Ӏийсан цӀарах хьехам бар».
[18] Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Ӏийсан цӀе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла.
[19] Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогӀар?
[20] Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Ӏалур дац».
[21] Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дӀахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хӀун таӀзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ.
[22] ХӀунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара.
[23] Шаьш дӀахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дӀадийцира.
[24] И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доӀа дан хӀиттира: «Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина!
[25] Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца: „Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?
[26] Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“.
[27] Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян.
[28] Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тӀедиллинарг кхочушдира цара.
[29] ХӀинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо,
[30] ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Ӏийсан цӀарах дарба дан а, тамашийна хӀуманаш а, инзаре гӀуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!»
[31] Цара доӀа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тӀаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.
[32] Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара.
[33] Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Ӏийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш.
[34] Латта а, цӀенош а долчу наха, уьш дӀа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора.
[36] Масала, Кипр-гӀайре тӀера Юсуп цӀе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кӀант» бохург ду)
[37] шен латта дӀа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира.