Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:55

[1] Цул тӀаьхьа ПахӀал Атина-гӀалара дӀа а вахана, Коринт-гӀала веара.

[2] Цигахь цунна карийра Ӏакхила цӀе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Ӏакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскӀилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хӀунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гӀалара дӀагӀо аьллера. ПахӀал Ӏакхилий, Парскилий ган веара.

[3] Уьш, ша санна, четарш деш буйла хиъча, иза цаьрца болх а беш сецира.

[4] ХӀора шоьтан дийнахь жуьгтийн гуламан цӀийнехь къамел дора цо, жуьгтий а, грекаш а Ӏийсах тешийта гӀерташ.

[5] Македонера Сали а, Тимапи а схьавеача, ПахӀала шен ерриг а хан хьехамаш беш дӀахьора. Цо тоьшалла дора жуьгташна хьалха, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.

[6] Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТӀаккха ПахӀала, шен бедарш тӀера чан дӀа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хӀуманна а бехке вац. ХӀинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».

[7] Гуламан цӀа чуьра ара а ваьлла, Дела лоруш волчу Тата-Йовсут цӀе йолу стаг волчу вахара иза. Татин цӀенош гуламан цӀенна уллохь дара.

[8] Жуьгтийн гуламан цӀийнан хьаькам волу Крисп а, берриге а цуьнан цӀеранаш а Ӏийсах тийшира. ПахӀале ладоьгӀна болу дуккха а Коринт-гӀалара бахархоша, Ӏийсах а тешна, шаьш хих чекхбахийтира.

[9] Цкъа буьйсанна ПахӀална сурт хӀоьттира. Везачу Эло элира цуьнга: «Кхера ма кхера! Нахаца къамел кхин а де, вист ца хуьлуш ма Ӏе!

[10] ХӀунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гӀалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла.

[11] Цхьана шарахь эха шарахь Ӏийра цигахь ПахӀал, нахана Делан дош хьоьхуш.

[12] Цу хенахь Ахай-мехкан куьйгалхо Гилани вара. Жуьгташа, вовшах а кхетта, ПахӀал, схьа а лаьцна, цунна тӀе кхеле валийра. Цара бохура:

[13] «ХӀокху стага нахана хьоьхуш долу Далла де боху гӀуллакх вайн Ӏедалца догӀуш дац».

[14] ПахӀал вистхилла а валале, Гиланис элира жуьгташка: «Нагахь санна цхьа зулам я вон болх хиллехь, сан бахьана хир дара шуьга, жуьгташка, ладогӀа.

[15] Амма дерриг а гӀуллакх дешнашца а, цӀерашца а, шун Ӏедалца а доьзна ду, цундела шаьш къастаде иза. Суна цу гӀуллакха тӀехь кхелахо хила ца лаьа».

[16] Цо лаьхкира уьш кхел ечуьра.

[17] ТӀаккха цара, гуламан цӀийнан хьаькам волу Состанам схьа а лаьцна, кхел ечу цӀийна хьалха цунна йиттира. Амма Гиланин цхьана а кепара бала ца хилира цу белхан.

[18] Цигахь дуккха а деношкахь Ӏийна, Сири вахара ПахӀал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскӀилат а, Ӏакхила а дара цуьнца. Кенахари цӀе йолчу меттехь шен месаш дӀалергира цо, ша Далла хьалха дина ваӀда кхочушдар билгалонна.

[19] Уьш Эпас-гӀала кхечира. ПхьаьрскӀилата а, Ӏакхила а цигахь сецира. ПахӀал ша жуьгтийн гуламан цӀийне вахара, жуьгташца къамел дархьама.

[20] Цара дийхира цуьнга, шайца кхин а Ӏе аьлла, амма иза реза ца хилира.

[21] Ткъа, дӀавоьдуш, цо элира: «Далла лаахь, со юхавогӀур ву шу долчу». Цул тӀаьхьа иза хӀордкеманца Эпас-гӀалара дӀавахара.

[22] ХӀордан йистехь йолчу Кхесрин-гӀала а веана, цигахь ца соцуш, Ярушалайме, лома, хьалавахара ПахӀал. Цигара Ӏийсах тешачийн тобане маршалла а хаьттина, Антиохе охьавахара иза.

[23] Цигахь жимма хан а яьккхина, кхидӀа а шен некъ бира цо, Галатин а, Пхьаргин а мехкашкара цхьана гӀалара вукху гӀала а воьдуш, массо а мурдаш шайн Ӏийсах тешарехь чӀагӀ а беш.

[24] Апа-Леса цӀе йолу цхьа жуьгти веара Эпас-гӀала. Иза Искандар-гӀалара схьаваьлла вара. Къамелана говза а волуш, Делан Йозанаш дика девзаш вара иза.

[25] Цунна дика хаьара Везачу Элан некъах лаьцна. Даггара а, нийса а дуьйцура цо Ӏийсах лаьцна, Яхьъяс нах хих чекхбахарх лаьцна бен шена ца хуъушехь.

[26] Цо майрра дуьйцура гуламан цӀийнехь. ПхьаьрскӀилатана а, Ӏакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цӀа дӀа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна.

[27] Ахай-махка ваха цунна лиъча, динан вежарша цунна гӀонна цигахь болчу мурдашка кехат яздира, хӀара тӀеэца аьлла. Цига ша дӀакхаьчча, цо доккха гӀо дира Делан лаамца Ӏийсах тешначарна.

[28] Цо нахана хьалха жуьгтий къарбора, Делан Йозанашна тӀе а чӀагӀдеш, Дала леррина Къобалвинарг Ӏийса ву бохуш.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters