Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:57

[1] Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цӀийнан керта воьдуш.

[2] Цу хенахь «Исбаьхьа» аьлла цӀе йолчу кевнан йисте а валийна, охьахаийра вичхьана дуьйна а заьӀап волу цхьа стаг. Иза хӀора денна а, вала а вой, цигахь вуьтура, Делан цӀийнан керта богӀучу нахе цуьнга сагӀа дехийтархьама.

[3] Кевнна хьалха Кипий, Яхьъяй а гина, цаьрга сагӀа дийхира заьӀапчу стага.

[4] ХӀара шиъ леррина хьаьжира цуьнга. Юха Кипас элира: «Схьахьажал кхуза!»

[5] И стаг дӀахьаьжира цаьрга, шена цхьаъ яларе са а тесна.

[6] ТӀаккха Кипас элира: «Дети а, деши а дац соьгахь, амма сайн дерг ло ас хьуна. Дала леррина Къобалвинчу, Назартарчу Ӏийсан дуьхьа, хьала а гӀаттий, дӀаволало!»

[7] Цо, аьтту куьг схьа а лаьцна, хьалагӀаттийра и стаг. ЦӀеххьана заьӀапчу стеган когаш а, голаш а то а елла, чӀагӀъелира.

[8] Иза, хьала а гӀаьттина, дӀаволавелира. ДӀаволалуш, ирхкхиссалуш, Далла хастамаш беш, цаьрца Делан цӀийнан керта вахара иза.

[9] Дерриг а адамна гира иза, Далла хастамаш а беш, ирхкхиссалуш, схьавогӀуш.

[10] «Исбаьхьчу» кевнехь сагӀадоьхуш Ӏийна стаг а вевзина, цуьнан товалар а гина, инзарбевлла бара нах.

[11] Товелла заьӀап стаг, Кипиний, Яхьъяний тӀаьхьара а ца волуш, вогӀура. Инзардаьлла дедда догӀу дерриг а адам царна тӀаьххье Сулим-паччахьан цӀарах йолчу лекхачу бӀогӀамех йинчу гӀишлонна тӀекхечира.

[12] ТӀаьхьа богӀу нах а гина, Кипас элира: «Исраилхой, хӀокху гӀуллакхах шу цец хӀунда дуьйлу? Тхешан ницкъаца я суьпа хиларца товина-м ца моьтту шуна оха и стаг?

[13] ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а, вайн дайн а Дала сийдеш айина Шен ялхо волу Ӏийса. Амма аша Иза вейтира, Пулатана хьалха Цунах дӀа а къаьстина, цо Иза дӀахеца сацам биннашехь а.

[14] Далла тешаме Верг а, Делан лаамехь Верг а тӀе ца оьцуш, стаг вийна зуламхо кӀелхьарваккха аьлла, дийхира аша.

[15] Дахар Кхоллархо вийра аша! Амма Дала веллачуьра денвира Иза, цу хӀуманна тхо тешаш а ду.

[16] Ӏийсах тешар бахьана долуш, Цуьнан цӀаро тешарехь чӀагӀвина и шуна гуш а, вевзаш а волу стаг. Билггала, Ӏийсас кхунна деллачу тешаро товина хӀара стаг, шуна ма-гарра.

[17] Вуьшта, вежарий, суна хаьа, аша а, шун хьаькамаша а и гӀуллакх шайна ца хаарна динийла.

[18] Амма Дала иштта кхочушдира, Шен массо а пайхамарехула хаийтина долу, Ша леррина Къобалвинарг баланийн хӀордах чекхваккхар.

[19] ХӀинца, шаьш лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза, шайн къинош дӀадахийтархьама.

[20] ТӀаккха Дала шуна паргӀат зама йоуьйтур ю. ТӀаккха Цо шуна хӀоттийна волу, Ша леррина Къобалвинарг воуьйтур вара. И Къобалвинарг Ӏийса ву.

[21] Амма Дала Шен пайхамаршкахула Ша дерриг а юхаметтахӀоттор ду аьлларг тӀекхаччалц йолчу ханна Ӏийса стигалахь хир ву.

[22] Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хӀоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хӀумане ладогӀалаш.

[23] Цуьнга ла ца доьгӀнарг массо а, шен халкъах дӀа а къастийна, хӀаллаквийр ву“.

[24] Цул сов, массо а пайхамаро, Шамъал-пайхамарна тӀера дуьйна, хӀара денош догӀур ду аьлла ду.

[25] Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тӀаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахӀиме: „Хьан тӀаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“.

[26] Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тӀеваийтира Иза, зуламечу гӀуллакхех шух хӀора а дӀадерзош, къобалдархьама».

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters