[1] Хьалха санна оьгӀазаллех кхехкаш вара Шаул, Ӏийсан мурдаш хӀаллакьхиларе сатуьйсуш. Иза динан коьрта да волчу веара.
[2] Цо цуьнгара Дамасакх-гӀаларчу жуьгтийн гуламан цӀеношка дахьа лерина кехаташ дехира. Цу кехаташа Шаулна бакъо лора Ӏийсан некъан мурдаш, божарий а, зударий а, бехка а бихкина, Ярушалайме схьабало, нагахь уьш цунна карабахь.
[3] Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цӀеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза.
[4] Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яӀ! Соьга бала хӀунда хьоьгуьйту ахь?»
[5] «Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо.
[6] ХӀинца, хьала а гӀаттий, гӀала гӀо, цигахь эр ду хьоьга ахь хӀинца дан дезарг».
[7] Шаулна тӀаьхьа богӀу нах Ӏадийна лаьттара, аз а хезаш, амма цхьа а ган а ца гуш.
[8] Шаул лаьттара хьалагӀаьттира, амма цо бӀаьргаш схьабиллича, цунна хӀумма а ца гора. Наха, куьг а лаьцна, валийра иза Дамасакхе.
[9] Кхаа дийнахь а, буса а бӀаьрса дайна Ӏийра иза. Цо яа а ца йоура, мала а ца молура.
[10] Дамасакхехь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Хьанас цӀе а йолуш. Цунна сурт хӀоьттинчу хенахь, Везачу Эло цуьнга элира: «Ва Хьанас!» ТӀаккха хӀокхо жоп делира: «Эла, со кхузахь ву!» – аьлла.
[11] Эло цуьнга элира: «„Нийсаниг“ олучу урамехь долчу ЯхӀудан цӀа чу а гӀой, Тарс-гӀалара Шаул цӀе йолу стаг хатта. Хьажалахь, иза хӀинца доӀанаш деш ву.
[12] Цунна сурт хӀоьттина, Хьанас цӀе йолчу стага, ван а веана, шен бӀаьргаш тӀе куьйгаш дохкуш, шен бӀаьрса схьадаийта».
[13] Хьанаса элира: «Веза Эла, суна дукха нахера хезна оцу стагах а, цо Хьан безачу нахана Ярушалаймехь динчу вонах а лаьцна.
[14] Иза динан коьртачу дегара кехат а дахьаш веана, Хьоьга мел кхойкхург чуволла бакъо луш долу».
[15] Везачу Эло элира Хьанасе: «ДӀавало! И стаг Ас хаьржина гӀирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цӀе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а.
[16] Ас гойтур ду цунна, Сан цӀе бахьана долуш шен мел баланаш лан деза».
[17] Хьанас, дӀа а вахана, шега аьлла цӀа схьа а карийна, цу чу вахара. Цо, Шаулан бӀаьргаш тӀе куьйгаш а дехкина, элира: «Ваша Шаул, хьо кхуза вогӀуш, хьуна новкъахь гучуваьллачу Везачу Эло Ӏийсас ваийтина со, хьуна юха а са гайтархьама а, хьо Делан Синах вуьзна хилийтархьама а».
[18] Цу сохьта, пардо дӀадаьлча санна, бӀаьрса серладаьлла, са гира Шаулна. ХьалагӀаьттинчул тӀаьхьа цхьаммо хих чекхваьккхира иза.
[19] ХӀума йиинчул тӀаьхьа гӀора деара цуьнга. Мурдашца масех де даьккхира Дамасакхехь Шаула.
[20] Шаул жуьгтийн гуламан цӀеношкахь хьехам бан волавелира, Ӏийса Делан КӀант ву бохуш.
[21] Цуьнга ладоьгӀначара, цец а буьйлуш, хоьттура: «Иза вацара Ярушалаймехь Ӏийсага кхойкхуш берш хӀаллакбан гӀерташ? Кхуза а уьш, схьа а лоьцуш, динан коьртачу дайшна тӀебига веана вац иза?»
[22] Шаул нахана хьехам барехь тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш вара. Дамасакхехь болчу жуьгташка цунна дуьхьало ца ялора, цо Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла тешийча.
[23] Дикка хан яьлча, жуьгташа барт бира Шаул вен.
[24] Шаулна хиира цара дагалаьцнарг. Жуьгташа дийнахь а, буса а гӀалин кевнаш лардора иза верхьама.
[25] Амма цуьнан мурдаша буьйсанна гӀалин гонахарчу пена тӀехула тускар чохь чувоссийра иза.
[26] Ярушалайме а веана, Ӏийсан мурдех дӀакхета хьаьжира Шаул, амма уьш, кхоьруш, ца тешара хӀара а Цуьнан мурд хиларх.
[27] ТӀаккха Бар-Нааба векалшна тӀевалийра иза. Цо дийцира царна, Шаулна новкъахь Веза Эла гар а, Везачу Эло кхуьнца къамел дар а, Шаула Ӏийсан олаллин цӀарах майрра Дамасакхехь хьехам бар а.
[28] Цаьрца мелла а хан яьккхира Шаула. Иза паргӀат лелара Ярушалаймехь, Ӏийсан цӀарах майрра хьехам а беш.
[29] Цо кест-кеста къуьйсура грекийн мотт буьйцучу жуьгташца. Эххар а хӀара вен барт хилира церан.
[30] Иза хиъча, динан вежарша Шаул Кхесрин-гӀала дӀавигира, ткъа цигара Тарс-гӀала дӀакхетийра.
[31] ЯхӀуд-махкахь а, Галилайхь а, Шамран-махкахь а Ӏийсах тешачийн тобанашна маьрша хан еара. Везачу Элан сийлаллех а кхоьруш, Делан Синан гӀоьнца чӀагӀ а луш, алсамбовлуш бара Ӏийсах тешаш берш.
[32] Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо.
[33] БархӀ шарахь меттахь Ӏиллина волу Енай цӀе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь.
[34] Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас тово хьо. Хьала а гӀаттий, хьайн мотт дӀабаккха». Енай цу сохьта хьалагӀаьттира.
[35] Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тӀебирзира.
[36] Ӏийсах тешаш а йолуш, Яппи-гӀалахь Ӏаш Тавита цӀе йолуш цхьа зуда яра. (Грекийн маттахь цуьнан цӀе Дорка яра, иза «лу» бохург ду.) Тавита гуттар а диканиг деш а, мискачарна сагӀа луш а стаг яра.
[37] Цу хенахь, цомгуш а хилла, елира иза. Цуьнан дакъа, лийча а дина, лакхарчу цӀа чохь охьадиллира.
[38] Лодди-юрт Яппи-гӀалина уллохь хиларна, Кипа Лодди-юртахь ву аьлла шайна хезча, и волчу ши стаг вахийтира мурдаша, цуьнга сихонца схьавола аьлла.
[39] Кипа цу нахаца схьавеара. Уьш схьакхаьчча, иза лакхарчу цӀа чу вигира. Кипина гонах бисина Ӏаш болу зударий гулбелира. Белха а боьлхуш, Доркас шайца йолчу хенахь цо тегна йолу кучамаш а, кхин йолу хӀуманаш а гойтура цара.
[40] Массо а чуьра ара а ваьккхина, гора а хӀоьттина, доӀа дира Кипас. Юха, еллачуьнгахьа дӀа а вирзина, элира цо: «Тавита, хьалагӀатта!» Зуда, бӀаьргаш схьабиллича, Кипа а гина, кӀегархиира.
[41] Кипас, куьг а лаьцна, гӀо дира цунна когаш тӀе ирахӀотта. Юха Ӏийсах тешарш а, бисина Ӏаш болу зударий а схьа а кхайкхина, царна денъелла Тавита дӀагайтира цо.
[42] Цу хӀуманах лаьцна ерриг а Яппи-гӀалахь хиира, тӀаккха дуккха а адамаш Везачу Элах тийшира.
[43] Кипас кхин а гӀеххьа хан яьккхира Яппи-гӀалахь. Иза цӀокаршна дабагӀа дечу ШамӀин цӀа чохь Ӏаш вара.