[1] ПахӀал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Ӏаш Ӏийсан мурд вара, Тимапи цӀе а йолуш. Цуьнан нана Ӏийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара.
[2] Листарехь а, Иконехь а динан вежарша хаза дош олура Тимапих лаьцна.
[3] Гена новкъа волуш, иза шеца вига а лиъна, ПахӀала Тимапи сунт вира. Цу меттехь Ӏаш болчу жуьгтийн дуьхьа дира цо иза, хӀунда аьлча царна хаьара Тимапин да грек вуйла.
[4] ГӀалара гӀала а воьдуш, ПахӀала а, Тимапис а Ярушалаймехь векалша а, тхьамданаша а кхечу къаьмнийн нахана хьарам дина тӀедиллинарг дӀахоуьйтура.
[5] Цу гӀуллакхо Ӏийсах тешачийн тобанаш иракарахӀиттайора, церан тешар чӀагӀдора, денна а и тобанаш стамлора, Ӏийсах тешнарш алсамбовлуш.
[6] Делан Сино бакъо ца елира ПахӀалгӀарна Асиа-махкахь хьеха, цундела церан некъ Пхьарга-махкахула а, Галата-махкахула а бара.
[7] Миси-мехкан дозанна тӀекхаьчча, церан лаам хилира Битхьуни-махка баха, амма Ӏийсан Сино ца магийра царна иза.
[8] ТӀаккха уьш, Миси-махкахула чекх а бевлла, Троя-гӀала баьхкира.
[9] Буьйсанна, сурт а хӀоьттина, Македонера цхьа стаг гира ПахӀална. Цу стага дийхира: «Македоне схьа а волий, тхуна гӀо дехьа», – аьлла.
[10] И сурт хӀоьттинчул тӀаьхьа тхан сацам хилира, Дала тхоьга кхойкху, царна хаза кхаъ бовзийта аьлла. Тхо цу сохьта Македоне даха новкъа девлира.
[11] Троя-гӀалара тхо нийсса Самотраке дӀакхечира, ткъа цигара шолгӀачу дийнахь грекийн Неаполе дахара.
[12] Неаполера дӀа тхан некъ римхой Ӏаш болчу Македон-мехкан коьртачу гӀала Пилапе бара. Цу гӀалахь оха масех де даьккхира.
[13] Шоьтан дийнахь, гӀалин кевнах ара а девлла, хи тӀе даьхкира тхо. Тхуна моьттура цигахь Делах тешаш берш доӀане гулло дукха хьолахь. Охьахевшина, цигахь гулбеллачу зударшца къамеле девлира тхо.
[14] Царна юкъахь Тхьайтир-гӀалара еана, Лидия цӀе йолуш цхьа зуда яра. Иза цӀен деза кӀадеш духкуш яра. Лидия Дела лоруш яра. ПахӀале ладоьгӀучу хенахь Везачу Эло дог схьадиллира цуьнан, ПахӀала дуьйцучух тешийтархьама.
[15] Цо а, цуьнан цӀерачара а шаьш хих чекхбахийтира. Лидияс тхоьга чукхайкхира: «Со Элах тешаш шаьш лоруш елахь, сан хӀусаме а дуьйлий, хьошалгӀахь Ӏе», – аьлла. Тхо и йолчу дахара.
[16] Цкъа доӀа дечу метте тхо дӀадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоӀ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хӀусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш.
[17] ПахӀална а, тхуна а тӀаьхьа а йогӀуш, мохь беттара цу йоӀа: «ХӀара нах Веза Воккхачу Делан ялхой бу! КӀелхьарваларе боьду некъ кхайкхош бу хӀорш!» – бохуш.
[18] Цо хӀора дийнахь беттара и мохь. Эххар а, собар кхача а дина, ПахӀала, юха а вирзина, элира жине: «Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан олаллин цӀарах ас омра до хьоьга: арадала цунна чуьра!» Цу сохьта жин йоӀанна чуьра араделира.
[19] ХӀусамдай кхийтира йоӀа шайна бахьаш болчу пайданах шаьш довларх. Цара ПахӀал а, Сали а, схьа а лаьцна, гӀалин хьаькамашна тӀе майдане дӀатакхийра.
[20] Римхойн кхелахошна тӀе уьш схьа а балийна, элира цара: «ХӀара нах жуьгтий бу. ХӀорш бахьана долуш вайн гӀалахь синтеме дац.
[21] Кхара дуьйцуш долу гӀиллакхаш вайна, римхошна, я тӀеэца а, я лело а товш дац».
[22] Гулбелларш, бехкаш дохучарна тӀе а тайна, ПахӀална а, Салина а дуьхьалбевлира. Кхелахоша, тӀера хӀуманаш дӀа а яхий, кхарна гӀожмаш етта элира.
[23] ЧӀогӀа етта а йиттина, набахти чу кхиссира векалш, гӀаролан хьаькаме леррина хӀорш ларбе а аьлла.
[24] И омра хезча, гӀаролан хьаькамо уьш чуьрчу цӀа чу боьхкира, дечиган буржалш а тоьхна.
[25] Буьйса юккъе яханчу хенахь ПахӀал а, Сали а доӀанаш деш а, Далла лерина назманаш олуш а вара, ткъа кхин болу тутмакхаш цаьрга ладугӀуш бара.
[26] ЦӀеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чӀогӀа мохк бегийра. Массо а неӀ дӀаеллаелира, массо а тутмакхийн гӀоьмаш охьаийгира.
[27] Самаваьллачу гӀаролан хьаькамна массо а неӀ йиллина гира. Тур а даьккхина, ша-шена тоьхна, вала гӀерташ вара иза. Цунна моьттура чубоьхкинарш бевдда.
[28] Амма ПахӀал кхиира мохь тоха: «Ма велахь хьо хӀаллак! Тхо дерриш а кхузахь ду!» – аьлла.
[29] «Серло я!» – аьлла, омра а дина, набахти чу хьаьдира хьаькам. Вега а веш, ПахӀална а, Салина а хьалха горавуьйжира иза.
[30] И шиъ ара а ваьккхина, цо хаьттира: «Хьомсара элий, ас хӀун дан деза? Муха кӀелхьарвала веза со?» – аьлла.
[31] «Везачу Элах Ӏийсах теша хьо, – аьлла, жоп делира цара, – тӀаккха хьо а, хьан цӀеранаш а кӀелхьарбевр бу».
[32] ТӀаккха цара Везачу Элах долу дош хьийхира цунна а, массо а цӀерачарна а.
[33] Буьйсанна, оцу хан яьллачу хенахь, набахтин хьаькамо церан чевнаш йилира. Цо а, цуьнан цӀерачара а цу сохьта шаьш хих чекхбахийтира.
[34] Юха уьш шен цӀа а бигна, царна шун хӀоттийра цо. Набахтин хьаькам шен цӀерачаьрца хазахеташ вара, хӀунда аьлча иза Делах тешнера.
[35] Де тӀекхаьчча, кхелахоша эпсарш бахийтира набахте, омра а дина: «И нах дӀахеца», – аьлла.
[36] Набахтин хьаькамо элира ПахӀале: «Кхелахоша хьо а, Сали а дӀахеца аьлла! Шуьшиъ маьрша дӀаваха йиш йолуш ву!»
[37] Амма ПахӀала элира: «Цхьа а кхел а ца еш, етта а йиттина, набахти чу кхиссира цара тхо, Риман бахархой доллушехь. Ткъа хӀинца тхо къайлаха дӀахеца гӀерта уьш? ХӀан-хӀа, шаьш, схьа а баьхкина, тхо арахеца деза цара».
[38] Эпсарша дӀаэлира и дерриге а кхелахошка. ПахӀал а, Сали а римхо ву аьлла хезча, уьш кхерабелира.
[39] Схьа а баьхкина, хӀара шиъ къинтӀера а ваьккхина, набахтера араваьккхира цара, гӀалара дӀагӀахьара аьлла, дехар а дина.
[40] Набахтера араваьлча, ПахӀал а, Сали а Лидиян цӀа чу вахара. Цигахь динан вежаршца вовшах а кхетта, уьш иракарахӀиттийра цара. Цул тӀаьхьа хӀорш кхин дӀа а бахара.