Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:12

[1] Адамийн карзахдийларш дӀасевцча, Ӏийсан мурдаш схьа а кхайкхина, цаьрга дог иракарахӀоттош къамел а дина, церан Ӏодика а йина, Македоне дӀавахара ПахӀал.

[2] Ша воьдучу новкъахь нахана тӀекхаьч-кхаьчначохь Ӏийсах тешачийн дог ойуш дерг дуьйцура цо. Юха иза грекийн махка веара.

[3] Цигахь цо кхо бутт баьккхира. Сири-махка иза дӀаваха кечвеллачу хенахь жуьгташа къайлаха барт бира цунна дуьхьал. Цо сацам бира, Македонехула Сири-махка юхаваха.

[4] Цуьнца бара накъостий: Берия-гӀалара Пирран кӀант Сопатар а, Тассалник-гӀалара Арестах а, Секант а, Дерби-гӀалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихӀак а, ТрахӀим а.

[5] Уьш, хьалххе дӀа а бахана, Троя-гӀалахь тхоьга хьоьжуш Ӏаш бара.

[6] Пилап-гӀалара хӀордкеманца дӀадахара тхо, совсазчу баьпкан деза денош дӀадевлча. Пхи де даьлча, Троя-гӀалахь царах дӀа а кхетта, цигахь кӀира даьккхира оха.

[7] КӀийрандийнахь тхо бепиг дохо цхьаьна гулделча, ПахӀала къамел дира тхоьца. ШолгӀачу дийнахь дӀаваха ойла йолуш волу иза буьйса юккъе яххалц Ӏийра хьехамаш беш.

[8] Лакха тӀехь, тхо гулделлачу цӀа чохь, дуккха а къуьданаш яра.

[9] ПахӀала шен хьехам бечу хенахь корехь хиъна Ӏачу Овтах цӀе йолчу жимачу стагана наб озийра. Эххар а наб кхетта волу иза кхозлагӀчу гӀат тӀера корехула чувуьйжира. Меттахъхьавича, иза велла карийра.

[10] Чувоьссинчу ПахӀала, тӀе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», – аьлла.

[11] Хьалаваьлла, царна бепиг а декъна, хӀума йиира цо. Сахиллалц цаьрца къамел деш а Ӏийна, дӀавахара иза.

[12] Денвелла волу жима стаг цӀа вигира. Массарна а цунах боккха синтем белира.

[13] Тхо хӀордкеманца Асс-гӀала дахара, цигара ПахӀал схьаэцархьама. ГӀаш цига ваха ойла йолчу цо, и гӀуллакх иштта кхочушде аьлла, тӀедиллинера тхуна.

[14] Асс-гӀалахь тхаьш вовшахкхетча, иза тхешан кеманна тӀе хьала а ваьккхина, Митилена-гӀала дӀадахара тхо.

[15] ШолгӀачу дийнахь цигара дӀа а дахана, Хиос-гӀайренна гена доццуш севцира тхо. КхоалгӀачу дийнахь, хил дехьа а девлла, Самос-гӀайрен юххехь севцира, ткъа кхин цхьа де даьлча, Милет-гӀала кхечира.

[16] Ша сиха хиларна, Асиа-махкахь кхин хан а ца йойуш, Эпас-гӀалина чу а ца воьрзуш, тӀехвала сацам хилира ПахӀалан. Цунна лаьара, аьтто балахь, жуьгтийн ШавуӀот цӀе йолу ялта чудерзоран деза де тӀекхачале Ярушалайме кхача.

[17] Милет-гӀалара Эпас-гӀала нах бахийтира ПахӀала цигарчу Ӏийсах тешачийн тобанан тхьамданашка кхайкха.

[18] Уьш схьакхаьчча, цо элира цаьрга: «Асиа-махка схьавеъначу дийнахь дуьйна со шайца муха Ӏийна хаьа шуна.

[19] Даггара Везачу Элана гӀуллакх дина ас, Цунна муьтӀахь а волуш, жуьгташа къайлаха барт бар бахьана долуш, баланаш а ловш, сингаттам тӀебеача, бӀаьрхиш а Ӏенош.

[20] Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цӀенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас.

[21] Жуьгташка а, грекашка а цхьабосса дийцина ас, лелийначунна дохко а довлий, Далла тӀедерза бохуш. Вайн Везачу Элах Ӏийсах тешаре а кхайкхина ас цаьрга.

[22] Ткъа хӀинца Делан Синан лаамца Ярушалайме воьду со. Цигахь сайга хӀун догӀу а ца хаьа суна.

[23] Цхьа хӀума хаьа суна, хӀора гӀалахь а Делан Сино олу соьга сан халонаш а, набахти а лан дезарх лаьцна.

[24] Амма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Ӏийсагара схьаэцна гӀуллакх – нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дӀакхачор – кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана.

[25] Кхин а хаьа суна, шух цхьанна а – со шен цӀа чохь а хилла, Делан олалла кхайкхош со кхин гур вац.

[26] Цундела ас тахана дӀахоуьйту шуьга, со жоьпехь хир вац, шух цхьаъ кӀелхьара ца валахь,

[27] хӀунда аьлча, шеко а йоцуш, хӀумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна.

[28] Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе.

[29] Суна хаьа, со шуна юкъара дӀавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац.

[30] Шуна юкъахь а хир бу бакъдерг харцахьадаьккхина нах, Ӏийсан мурдаш шайна тӀаьхьа хӀитторхьама.

[31] Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хӀоранга а бӀаьрхица дӀахьедина хилар дагахь латтаде.

[32] ХӀинца ас шу дӀало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Ӏалашдийр ду, хӀунда аьлча цо шу чӀагӀдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега.

[33] Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна.

[34] Шуна шайна а хаьа, сан а, соьца болчеран а хьашташ кхочушдинарш хӀара куьйгаш дуйла.

[35] Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гӀийлачарна гӀо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Ӏийсан дешнаш: „ХӀума дӀадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“».

[36] Иза а аьлла, горахӀоьттина, массаьрца а доӀа дира цо.

[37] Массо а воьлхура, иза мара а вуьхкуш, цунна барташ а дохуш.

[38] Уьш сингаттаме бара, къаьсттина цо аьллачу дешнийн бахьаненна: «Со кхин гур вац шуна». Цул тӀаьхьа цара иза хӀордкеманна тӀе дӀакхетийра.

Ӏийсан векалийн гӀуллакхаш — Chapters